ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь шен гергарчарна Iаткъамбар марсадаьккхина, боху блогера Халитовс


Халитов Хьасан
Халитов Хьасан

Туркойчохь эмиграцехь волчу Нохчийчоьнан Iедалшна критикаярхочо, блогера Халитов Хьасана хаам бина, республикехь бехачу шен гергарчу нахана Iедалша беш болу Iаткъам марсабаккхарх лаьцна.

Халитовс дийцарехь, кху деношкахь балхара дIаваьккхина цуьнан да. Иза хехо болх беш хилла Соьлжа-ГIалахь гIишлошъяран фирмехь. Блогаран цхьа йиша, цо ша дийцарехь, бизнесах яьккхина кадыровхоша, нуьцкъала дIачIагIийтина цуьнга шен Закан-Юртара (ТIехьа-Мартанан кIошт) ателье.

Халитов тешна ву, шен доьзална дуьхьал репрессеш еш хиларх, республикан куьйгалхочуьнан лаамца. Цунна хетарехь, цуьнан гергарчу нахах изгойш бина, церан масалца кхиболу республикера бахархой кхерорхьамма.

"Кадыровхой шайн пхьаьрсийн голанех цергаш туьйсуш бу, информацин аренехь шаьш ас эшош хиларна. Кхин аьтто бац церан суна Iаткъам бан, сан гергара них хьийзон а бен", - аьлла хета оппозицин блогерна.

Халитовс иштта дуьйцу, шен шалавина вешина вен кхерам хиларх лаьцна. "Цуьнга аьлла, иза ша шена тоьхна вала ойланаш йолуш ву аьлла. Суна хетарехь, иза вен мегаш ву, цо ша шена тIе куьгдаьхьна алла сурт а хIоттош. Цуьнан а, сан а йиша баттахь латтийна набахтехь, саццаза хьийзийна иза, ткъа цул тIаьхьа дIайигна ролик язъяйта"- боху Халитовс.

Цо дийцарехь, Нохчичоьнан куйгалле аьлла хилла цо, схьадуьйла, я шайн адамаш дахкийта ша волчу Туркойчу, ша волу меттиг а хаийтина хилла цо республикан зорбан а, информацин а министр волчу Дудаев Ахмеде, амма цхьа а ца веъна.

Де хьалха, Нохчийчоьнан куьйгалхочосКадыров Рамзана, парламентан гIантдеца цхьана шен инстаграмехь эфир д1ахьуш, кхайкхам бира Халитовга.

"ХIара сан шича ву, – элира Кадыровс, цхьа жима стаг мара а вуллуш. - ХIара сборашкара цIавеъна, цхьана-шина-кхаа дийнахь Истанбулехь, ткъа цул тIаьхьа Анталехь хила везаш ву хIара. Ахь ала, мича дIава лаьа хьуна хIара, ткъа хIара дIавогIур ву хьуна цига аьлла".

  • Туркойчохь эмиграцехь волчу Нохчийчуьрчу Iедалшна оппозицехь волчу блогере Халитов Хьасане сурт кхаьчна цуьнан доьзалца доьзна долу (цхьаболчу хаамашца йишин). Иза интернетехь даржо цалаахь республикан куьйгаллана критика яр сацаде, боху цуьнг.
  • Стохка ГIуран-беттан 24-хь Халитов Хьасана дийцира "Дождь" телеканале (Оьрсийчоьнан Iедалша "арахьара агент" лерина. Редакци реза яц оцу сацамца.) махкахь бисинчу шен вежаршца а, деца а зIене ца валало ша аьлла. Хьалхо шен нахана тIеIаткъам бина хиларна, царна ша сагатдеш хилар хаийтина Халитовс. Доккхачу декъанна, блогеран гергарчаьрга видео дIаязъяйтинера "сийсазвеш, дов деш" кхунна. Цул совнах, телефонехула динчу къамелехь Халитовн вашас дийцинераа, нагахь санна, блогер "ца сацахь", шаьш дойур ду, бохуш, кхерамаш тийсинера шайна аьлла.
  • Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада, Халитовн дIахьедарх дуьйцуш аьлла, республикан Iедалхойн "гIуллакх дац дозанал а арахьа бехачу клоунашца" аьлла.
  • Дечкен-беттан 7-хь Оьрсийчуьра а, дуьненаюкъара а юкъараллаш, шайлахь Human Rights Watch, Norwegian Helsinki Committee, Amnesty International, International Federation for Human Rights, Iазапашна дуьхьалояран Комитет, арахьарчу агентийн тептаре яьккхина "Мемориал" а, "Гражданское содействие" а йолуш, президенте Путин Владимире бевлла. Цара дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш байначу баттахь Нохчийчохь лечкъийна хиларх, тIедожийна Нохчийчуьра репрессеш хIуъа дай сацайе аьлла. Кремло тергал ца дина иза.
  • Нохчийчохь оппозиционерийн гергара нах лецарна, набахтешкахь Iазап латторна дуьхьал Дечкен-беттан 8-чохь митинг хIоттийра Францерчу Страсбургехь. Иза кечйинчу юкъараллех цхьаъ яра Европерчу нохчийн ассоциаци – исс пачхьалкхехьбеха цуьнан декъашхой.
  • Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду аьлла, цхьа нах чулилхира Лахарчу Новгородехь бехачу ЯнгулбаевгIеран хIусаме. Курхалла лелорах долчу гIуллакхца доьзна тешаш санна лебан нуьцкъаша суьдхочун болх бина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIабига бакъо луш, кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин суьдхочун статус хиларна, цунах куьйг Iотта йиш яцарна, полисхоша цхьа Мусаева дIайигира. Амма йиттинера оцу петар чохь мел хиллачунна, ЯнгулбаевгIеран доьзална а, адвокатна а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" белхахошна а.
  • Дечкен-беттан 21-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо видео дIаязйира, ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсуш. Цо дIахьедира, "оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь, йа лаьтта бухахь". Иштта цо чIагIдо, Соьлжа-ГIала ша схьакхачийначул тIаьхьа Мусаева "полицин белхахочунна тIелеттера, бIарг баккханза ваьлла иза" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG