ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь маьрша хилар дIакхайкхийна даьлла 30 шо


Нохчийн президент Дудаев ЖовхIар къамел деш ву республикан парламентана хьалха, Соьлж-ГIала, 13Лахь1991
Нохчийн президент Дудаев ЖовхIар къамел деш ву республикан парламентана хьалха, Соьлж-ГIала, 13Лахь1991

30 шо хьалха йозуш йоцу пачхьакх хилар дIакхайкхийра Нохчийн республико. Тахана иза дагалоьцуш бу нохчийн шайн маьрша пачхьалкх хила еза аьлла хета нах, коьртачу декъана махкал арахьа беха нохчий. 

Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхоран йоцца истори иштта ю. Советан пачхьалкх йоха яхнчул тIаьхьа махкахь йолаелира "суверенитетийн парад". Советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу Союзан республикаша хьовха, автономи республикаша а дIакхайкхийра шаьш йозуш йоцуш хиларан декларацеш. Царна юкъахь яра Нохч-ГIалгIан АССР олу республика а.

Нохчийн халкъан дерригкъоман конгрессан сессехь.(гайтаман сурт), 1991-гIа шо
Нохчийн халкъан дерригкъоман конгрессан сессехь.(гайтаман сурт), 1991-гIа шо

Нохчийчоьнан пачхьалкхан суверенитетан деклараци тIеийцира 1990-чу шарахь Лахьан-беттан 25-чу дийнахь. 1991-чу шарахь Мангал-беттан 8-чу а,9-чу а деношкахь Соьлжа-ГIалахь хиллачу Нохчийн халкъан дерригкъоман конгрессан сессехь дIакхайкхийра йозуш йоцу Нохчийн Республика – Нохчийчоь кхоьллар.

Оццу шарахь Гезгмашин-беттан 6-хь масийттта дийнахь Соьлж-ГIалин юккъехь, дуккха а адамаша дакъалоцуш дIайоьдуш митинг а йолуш, дIасалаьллира республикан Лаккхара кхеташо (Верховный совет республики). Iедал шен караийцира ОКЧН аларца евзаш йолчу Нохчийн халкъан дерригкъоман конгрессо.

Нохчийчоьнан президентан Дудаев ЖовхIаран инаугураци, 9Лахьан-бутт1991
Нохчийчоьнан президентан Дудаев ЖовхIаран инаугураци, 9Лахьан-бутт1991

1991-чу шарахь Лахьан-баттахь хиллачу харжамашкахь Нохчийн Республикан президентан дарже хаьржинчу Дудаев ЖовхIара Гезгмашин-беттан 6-гIа дIакхайкхийра Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хилла Де санна.

Оцу хенахь дуьйна нохчийн шайн йозуш йоцу пачхьалкх ю аьлла хетачу наха Гезгмашин-беттан 6-гIа де даздеш ду Маршонан де санна.

Хьалхара тIом хилале хьалха а, цул тIаьхьа деанчу шина шарахь а Маршонан де даздора Нохчийчоь Соьлж-ГIалахь тIеман парадааш дIаяхьарца а, адамийн самукъадаккхарца а, сагIанаш дахарца а.

2002-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскарша дIалаьцначу Нохчийн республикан администрацин куьйгалхо хIоттийна волчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен омрица билгалдаьккхира Гезгмашин- беттан 6-гIа де Республикан де санна. Цунна хетарехь, и дезаде дара, диса дезаш а дара республикаюкъара, халкъаюкъара а дезаде санна.

Амма цуьнга хьажна доцуш тахана и де Нохчийчохь дагадогIуш кIезиг нах бу аьлла хетало. Тахана иза дагалоьцуш бу коьртачу декъана нохчийн къоман шен маьрша пачхьалкх хила еза аьлла хета нах, коьртачу декъана махкал арахьа беха нохчий.

Мелхо а, рогIера дезаде тIекхочуш Нохчийчоьнан цкъа а ца хилла суверенитет, аьлла дIахьедина республикан коьртехь волчу Кадыров Рамзана. Исторех лаьцна шена хетарг довзийтина цо министрийн кабинетца тIаьххьара дIаяьхьначу шуьйрачу кхеташонехь. Нохчийн халкъан турпалхой, доккхачу декъанна шейх Мансур, Бенойн Байсангур, Таймин Биболат, Адин Сурхо гIиртина Нохчийчоь таханалерачу кепе ялон, боху Кадыровс.

"ХIара мохк вайн бу, кхин цхьаьннан а бац. Шейхан Мансуран заманера схьа дуьйна хIу ду вай къийсинарг? Дин лело а, нохчочун кодекс Iалашъян таро хилийта гIерташ къийсам латтийна вай. Вайн халкъан турпалхой схьа а эцна, цара лелийначун, цара къийсинчун а мах хадийча, кхета вай, тахана вайн йолу маршо езара царна", - аьлла республикан куьйгалхочо.

  • 1996-чу шарахь Охан-беттан 21-чу дийнахь вийра президент Дудаев ЖовхIар. Политикан дийцарш юха а теттина, тIамца Нохчийчоь шен долаерзо гIерташ яра цу деношкахь Оьрсийчоь. Нохчийчоьнан хьалхара президент Дудаев ЖовхIар Оьрсийчоьно шен мостагI лоруш велахь а, цуьнан сий до дуккха а пачхьалкхашкахь.
  • Хьалхара дагалацаман у гучуделира Эстонерчу Тартухь 1997-чу шарахь Товбеца-беттан 20-чу дийнахь, «Барклай» олучу хьешан хIусаман пена тIехь.Полтавехь Никитченко урамехь йолчу цхьана хIусаман тIехь схьадиллира Дудаевна хьажийна шолгIа у.
  • Боснехь а, Герцеговинехь а Горажде олучу гIалахь бу Дудаев ЖовхIаран цIе тиллина урамаш.Латвин коьртачу гIалахь Ригехь ю Дудаев ЖовхIаран аллей (1996).
  • Литвахь, Вилнюсехь ю Дудаевн цIарах сквер. Полшехь, Варшавехь майда ю Дудаев ЖовхIаран цIе лелош (2005). Украинехь Ивано-Франсковскехь а, Львовх а бу Дудаевн урамаш.
  • Львовхь болчу ураман нохчийн президентан цIе тиллина 1966-чу шарахь.
  • Вилнюсехь хIоттийнчу дагалецаман тIулган тIехь яздина ду хIара дешнаш: "ХIай кIант! Нагахь, тIедогIучу бIешаре а ваьлла, лекхачу Кавказе а кхаьчна, хьо гонаха дIасахьаьжча, диц ма делахь, къам а гIаттийна, лараме маршонан Iалашонаш ларъян кхузахь а арабевлла къонахий хилла хилар" аьлла.
  • Карарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгаллехь волчу Кадыров Рамзанан да, Кадыров Ахьмад, 1990-чу шерашкахь Нохчийчоьнан Республикан муфтий вара. Цул тIаьхьа федералашкахьа велира иза. 2000-чу шеран аьхка дуьйна Нохчийчоьнан администрацин куьйгаллехь вара иза. 2003-2004-чу шерашкахь Нохчийчоьнан президент лаьттира. 2004-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Соьлжа-ГIалахь йинчу кIелонехь велира.
  • Нохчийчоьнан президент лаьттинчун цIе лелош бу республикехь 300 урам Соьлжа-ГIалара коьрта майда, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" юккъера маьждиг, Росгвардин полк. Карладоккху, Чиллан-баттахь оцу Росгвардин ларми чохь дуккха а нах байъина хиларх хааме даьккхира "Новая газето".
  • Президент лаьттинчун цIе тиллира иза винчу Хоси-юьртана – Ахмат-Юрт аьлла.
  • Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу аэропортана а тиллира Кадыров Ахьмад винчу дийнахь арахецначу омраца цуьнан цIе.
  • Цул совнах, Кадыров Ахьмадан цIе лелош ю махкара футболан а, латархойн а клубаш а, иштта Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а ю. Стохка ГIуран-баттахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло кхайкхийначу санкцийн тептарехь ю уьш. Кадыровн портретех дуьзна ду Соьлжа-ГIалин урамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG