ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан Лаккхара кхел реза ца хилла Шемахь вайначу тIемалочун берашна гIо дан


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Гуьмсан гIалин кIоштан кхело меттигера вахархо 36 шо долу Мадашов Зеламха тIепаза вайна лоруш бина сацам хийцамаш боцуш битина Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело. Цуьнан хIусамнана Алиева Лариса и гIуллакх билгалдаккхийта гIерташ хьийзара, доьзал кхобург дIаваларан бух тIехь берашна пособи даккхархьама. 2015-чу шарахь дуьйна цуьнан цIийнден волу меттиг бевзаш бац, оцу хенахь цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира низамехь йоцу герзаца цхьанакхетараллехь дакъа лацарна.

Майр-зуда 2007-чу шарахь вовшахкхийтира, церан кхо бер ду 11-нна тIера 15 шаре кхачалц хенаш йолуш. 2014-чу шеран гIуран-баттахь Шема а вахана, Абу Умар аш-Шишанис (Батирашвили Тархана) куьйгалла дечу тIемалойн тобанах дIакхетта, "Салим" цIе а тиллина цунна. Иракхойн Масулан уллохь йолчу тIемалойн тобанахь автомат лелорхо хилла иза. Гуьмсан вахархочун карарчу хенахь йолу меттиг къаьстина яц.

Зуда кхеле йирзира, цуьнан тIепаза вар юридикан бух тIе даккхийта, доьзал кхобург дIаваларна берашна пособи даккхархьама. Гуьмсан кIоштан прокуратура тIетайна цуьнан тоьшаллашна.

Алиева Ларисин арз къобалдан реза ца хилла кхел, Мадашев федералан лехамашкахь хиларна, иза низам лардархойх леррина лечкъаш хила мега, аьлла.

"Делахь а, бехктакхаман гIуллакх даьккхина, аьлла бух тIехь стаг федералан лехамашка веллехь, амма гIуллакхна юкъаэцна оцу лехамашкахь бина мах хадор бацахь – цо аьтто ца ло, стаг тIепаза вайна хилар тIелаца, аьлла деллачу орзана дуьхьало йан. И хьал дуьххьарчу инстанцино тидаме эцна дацара", - яздо аппеляцин кехатехь.

  • 2019-чу шарахь Украинан Кхерамазаллин сервисо Киевна уллохь экстремистийн "Исламан пачхьалкх" тобанан цхьаволу куьйгалхо Аль Бара Шишана дIалаьцна, аьлла дIахьедира.
  • Къобалъянзачу Нохчийн республика Ичкерин кхерамазаллин сервисан экс-белхахочун Дандаев Iаьрбин аьтто ца белира, Махачкаларчу СИЗО-н ша чохь латторан камерехь еххачу хенахь кхабарна хиллачу моралан зуламах 300 эзар сом компенсаци даккха. 1999-чу шарахь Басаев Шемалан тоба Дагестанна тIелатарна а, оьрсийн эскархой байарна а валлалц чохь яккха хан туьйхира Дандаевна.
  • "Новая газетано" тIемалойн доьзалш Нохчийчохь муха беха дийцича, республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, тIемалой хилларш а, церан доьзалш а Нохчийчохь ца хьийзабо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG