Нохчийчохь "Даймохк" къоман парк кхоллархьама "Эрзи" комплексан дозанаш хийцарна республика реза яц аьлла, дIахьдеина ГIалгIайчоьнан вице-премьеро Евлоев Мохьмада. Де хьалха и дозанаш хийцар гIалгIайн Iедалхошца дийцаредина ду аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца хиллачу цхьанакхетарехь чIагIдира Оьрсийчоьнан Iаламан ресурсийн а, экологин а министро Козлов Александра.
Дуьйцу латтанаш Нохчийчоьнан доладехира 2018-чу шарахь шина махкана юкъара дозанаш хийцича, делахь а, уьш леррина ларъечу территорина юкъадогIуш хиларна, ГIалгIайчоь дуьхьал ю цуьнан майда жимъярна, билгалдаьккхина Евлоевс. Цо бахарехь, изза позици ю мехкан куьйгалхочун Калиматов Махьмуд-Iелин а, хаамбина "Интерфакс- Туризм" ресурсо.
"Фортангас" чIагIдарехь, Евлоевс бахарехь, гIалгIайн агIоно кхин кехат ду куьйгъяздинарг – къоман "Даймохк" парк кхолларан некъан карта, - амма цу тIехь билгалдаьккхина регион реза ца хилар хьоьхучу сацамна, далийна догIуш долу бахьанаш а.
Хьалхо хаамбора, Кадыров Рамзанца хиллачу цхьанакхетарехь Козлов Александра аларх: "И хаттар гуттаренна а дерзон дезаш ду... Мехкийн урхалхошца дийцарш дерза дезаш ду Товбеца-беттан I5-чу дийне кхаччалц. ГIалгIайчохь хIинцале а дахначу кIиранах и кхочушдина даьлла, шун куьйгашка хьоьжуш ду тхо. Теманаш чIогIа ира а, лазаме а ю, амма белхаш дIаболо документаш кечдина дацара".
Министро тIетуьйхира, ГIалгIайчоьнан дозанаш дIадаларх хаттар айдинера Нохчийчоьнан куьйгалло президентан Путин Владаимиран а, премьер-министран Мишустин Михаилан а цIарах кхехьийтина кехаташ бахьана долуш аьлла.
- Республикашна юкъара доза Нохчийчоьнехьа хуьйцуш хиларх къаьстира ГIалгIайчоьнан бахархошна 2018-чу шарахь, нохчийн некъан белхахоша, ницкъахой улло а хIиттийна, "Эрзи" олучу комплексехь белхаш болийча, 15 километарна ГIалгIайчу а боьлхуш. Махкахь нах протесте бевлира – эххар а митинган декъашхошна хенаш йиттира ворхI шарера исс шаре кхаччалц, ткъа ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо а, Кадыров Рамзана а оцу юкъанна куьйгаш яздира регионашна юкъара дозанаш тIечIагIдеш.
- Iедалхоша цхьаьнамаьӀнехь ду аьлла, латтанаш дIасахийцира республикаша, амма картографаша дIахьедира, ма-дарра аьлча, Нохчийчоьно долаяьккхина меттиг 25-зза сов хиларх, Нохчийчоьно схьаеллачул а.