ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу даьхкинчу берашна герз Iамор, маьждиг чу ОМОН эккхар. КIиранан жамIаш


Cоьлжа-ГIала, Нохчийчоь. Гайтаман сурт
Cоьлжа-ГIала, Нохчийчоь. Гайтаман сурт

Даймахка йухадаьхкинчу нохчийн берашна герз кхийса 1амор, Кадыровн вешин к1антана орден йалар, Нохчийчохь т1ом бина волу лакхара даржера эскархо вер, маьждиг чу ОМОН эккхар – цунах, кхиндолчух дуьйцу Маршо Радион 19-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Даймахка догIучу нохчийн берашна герз Iамор

Даймахка садаIа цIабогIучу нохчийн кегийрхошна а, берашна а герз кхийса Iамош курсаш чекхйахар хьехна Джамбетов Хьусейна – Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан агIо лаьцна волу Украинин тIеман ницкъийн Интернационалан легионан хилла волу эскархо ву иза.

Цо бахарехь, и гIуллакх долон дагадеънарг ву Кадыров Рамзан. Дийцарехь, герз кхийса Iамор бу: 14 шаре кхачалц долу бераш шайн дайшца, 18 шарал сов хан йерш – да-нана уллехь доцуш. Цигахь дакъа лацар нуьцкъаха хир дац, дIахьедина Джамбетовс:

"Нохчийчу цIабаьхкина берриг кегийрхой оха полигонехь Iамор бу. Цхьамма а уьш камершна тIе дIабазбийр бац. Новкъарлонаш ца йеш, йухнехьа Европе, Туркойчу дIабаха аьтто хир бу церан. Герз кхийсаран курсийн коьрта Iалашо йу, нохчий миччахь хилахь а, оха царна сагаттадо, тхо царна гIо дан а гIерташ хилар дIахаийтар", – аьлла цо.

Кху шарахь Гуьмсарчу "спецназан университет" шех олучехь кечамаш дIабахьар хьийхира 300 имамашна а, къедашна а. Шен цIе а ца йовзуьйтуш, цхьаволчу имамо дийцира журналисташна, муфтиятан белхахоша ца олу, уьш баккъала болчу тIаме хьийсор бу, йа бац.

Кавказ.Реалиин редакцино деллачу хаттарна жоп луш, Европехь йолчу нохчийн "Цхьаалин ницкъ" цIе йолчу цхьанатохараллин куьйгалхочо Сулейманов Джамболата билгалдаьккхира, и кечамаш де бохург Украиница доьзна ца хила тарло. Цунна хетарехь, чоьхьара дуьхьалончаш чIагIлуш хилар, Путин Владимир гIорасиз вуьссуш хилар а Кадыровна гуш хиларца доьзна ду иза. Иштта билггал Кадыровн бехкаца нохчашна зен хила мега, Iедал къийсал долийначул т1аьхьа, аьлла Сулеймановс.

Джамбетов Хьусайн Соьлжа-ГIала йухавирзича машанашкахь гучуйевлира и декъехь волуш йаьхна видеош – цо дуьйцу, Кадыров Рамзанан рожана ша резахиларх. Цунна дуьхьал долийна терроризман артиклаца бехктакхаман гIуллакх ду, иза ша лехамашка велла а ву - амма цу дерригено цунна новкъарло ца йира Нохчийчу верза.

Нохчийчохь тIом бина волу эскархо вер

Нохчийчохь тIом бина хилла волу Къилбан тIеман гонан буьйранчан гIовс инарла-лейтенант Цоков Олег вийна - Украинерчу Бердянскехь 58-чу эскаран буьйралла даран меттигна тохар дича. Цунах лаьцна дийцина украинхойн а, оьрсийн а телеграм-каналаша, хаам тIечIагIбина Оьрсийчоьнан Эскаран ницкъийн 58-чу эскаран хиллачу буьйранчас.

Цоков верах лаьцна дуьххьара дIахьедира оккупацехь йолчу Мариуполан украинхойн мэро Андрющенко Петра. ТIаьхьо дийцира цунах лаьцна пачхьалкхан думан депутата, хьалхо 58-чу эскарна буьйралла деш хиллачу Гурулев Олега. Пропагандин "60 минот" цIе йолчу "Россия" каналехь гойтучу программин эфирехь дIахьедира Гурулевс, дайначу шеран гезгмашин-баттахь Цоковна хиллачу чевнех. Цо дуьйцучунна тидам бира Оьрсийн "Би-би-си" сервисо.

Цоков Олега дакъа лоцура буьззинчу барамехь Оьрсийчоь Украине чугIортарехь, иштта бехке вара иза украинхойн гIаланашна тIе тохарш дарна а, йаздо The Moscow Times зорбано. 2022 шеран гIадужу-баттахь Киево цунна дуьхьал санкцеш йехира. Нохчийчуьрчу ши тIом боцург, Цоковс Шемарчу летаршкахь а дакъа лаьцна. Шиъ Доьналлин а, цхьаъ "ТIамехь хьуьнарш гайтарна" а орденаш йелира цунна.

Мангал-беттан 12-хь Цоков верах йолу истори кхин а дIайахйелира – хIетахь хиира 58-чу эскаран буьйранчан даржера инарла-майор Попов Иван дIаваьккхина хиларх. Лакхахь хьахийна волчу депутата Гурулева оцу эскархочун озан хаам арахийцира – цигахь цо боху, куьйгаллин критика йарна ша вен гIиртинера.

Пригожин Евгенийн ЧВК "Вагнеран" гIаттам хиллачул тIаьхьа дуьххьара нахаладаьлла дов ду Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн 58-чу эскарехь хилларг. ТIамна таллам бечу америкхойн Институтан хаамашца, Попов шен даржера вохийра, Генштабан куьйгалхочуьнга Герасимов Валерийга латкъам барна – фронтехь долу эскарш вовшашца хийца деза аьлла хиллера цо. Цхьа бутт сов хан йу ВСУ-но 58-чу эскаро дIалаьцначу меттигашна тохарш деш, билгалдоккху The Insider зорбано.

ТIечIагIбина боцучу хаамашца, куьйгалле латкъамаш барца доьзна хила тарло инарла-лейтенант Цоков Олег вер а. ЦхьамогIа телеграм-каналаша дуьйцу, иза ларамза вийна хиларх, хIунда аьлча, баккъала йолу Iалашо инарла-майор Попов Иван хилла боху цара. Дийцарехь, иштта дIабоху оьрсийн эскаран буьйралло шайна реза боцурш.

ЕСПЧ: Немцов вер кхоччуш ца теллина

Адамийн бакъонехула йолчу Европерчу кхело къобалдина политик Немцов Борис верах лаьцна гIуллакх кхоччуш ца теллина аьлла чуделла арз. Арзхо цуьнан йоI Немцова Жанна йара. Сацамехь билгалдоккху, Нохчийчуьрчу лаккхарчу хьаькамаша и зулам дарехь дакъалаьцнийла талламо а, кхело а кхоччуш теллина дац а, иштта и политикан бух тIехь дина зулам хилар ца листина оьрсийн 1едало.

ЕСПЧ-н сацамехь билгалдоккху, "динчу зуламан интеллектуалан автор, аьлча а, и вен аьлла заказ йинарш, билгалбаьхча бен и гIуллакх таллар лартIехь ду ала йиш хир йац". Кхеле "ца кхаьчна ала мегар ду, бехкенаш билгалбохуш бинчу талламех долу зераш". Кхелана хетарехь, материалашкахь шортта хаамаш бара, Немцов вер политикан бух тIехь хилар талла дезар гойтуш. Иштта бохура, кхелехь кхоччуш бух ца балийра, политикан мотив ца лохуш тессина стенна дитина гIуллакх.

Масала, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, пачхьалкхан думан депутате Делимханов Адаме, цуьнан вешига Алибеке, сенатор волчу Геремеев Сулеймане хеттарш дар тIедожош Немцова Жаннас чуделла аьрзнашна къобал ца дар а билгалдоккху Европерчу кхело.

ЕСПЧ-нхь ч1аг1дарехь, тоъал материалаш гулйина, чоьхьарчу эскарийн "Север" батальонан буьйранчан гIовс волу Геремеев Руслан а, цуьнан гергарстаг Артур и зулам дарна бехке хилар талла 1едал декхаре деш. Делахь а, царна дуьхьал талламан барамаш боло цкъа бен ца хьевсира уьш, Немцов вийначул тIаьхьа бархI бутт баьлча ГеремеевгIеран хIусаман берте хIоьттича – "уьш цIахь ца карийна" аьлла дIадерзийнера цара. Оцу кепара [таллам баран кеп хIиттор] тоъал ду олийла дац, боху ЕСПЧ-но. 20 эзар евро компенсаци хьажийна кхело Немцова Жаннина.

Оппозицин политик, Оьрсийчоьнан урхаллин хилла вице-премьер Немцов Борис вийра 2015-чу шеран Чиллан-беттан 27-чу сарахь Доккха Москварецкан тIай тIехь, Кремлана уллохь. Вер вовшахтоьхнарш, иза тIедиллинарг а карийна бац хIинца а. Немцовн гергарчу наха, белхан накъосташа билгалдокху, и зулам дарна, бехкенарш къайлабахьа г1ертарна гунахь болу нах Путин Владимирна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн Рамзанан а гонера нах хила тарло.

Кадыровн гергарчун рогIера мидал

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 26 шо долчу вешин кIантана Кадыров Хьамзатна II-чу тIегIанера "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" цIе йолу мидал йелла – ишта омра арахецна Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира. Республикан куьйгалхочун хьехамча-гIоьнча а, регионан вице-премьеран а, даьхнийн а, латтийн а министран а даржашкахь а ву Кадыров Хьамзат.

Билггал стенна йелла йу цунна иза, дуьйцуш дац – кехатехь йаздинарг ду "шен балха тIехь кхиамаш бахарна а, дуккха а шерашкахь даггара къахьегарна а". Амма совгIат кхочуш болчу иттанаш наханна йаздо и дешнаш.

Стигалкъекъа-баттахь Кадыров Хьамзатна Росгвардин республикерчу урхаллин "Дакъа лацарна" олу мидал йелла. "Къоман гвардина тIедехкина декхарш кхочушдарехь билгалбевллачарна" луш йу иза. Росгвардин Нохчийчуьрчу урхаллин куьйгалхочо, инарла-майор волчу Делимханов Шарипа "дика гIоьнча санна гайтина" Кадыровс ша, элира.

Кадыров Хьамзат Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча-гIоьнча хIоьттира кху шеран охан-баттахь. Чиллан-беттан йуьххьехь Кадыров Хьамзат вице-премьеран дарже хIоттийна, ву иза Нохчийчоьнан бахамийн, латтанийн гIуллакхийн министр a. 2021-чу шеран марсхьокху-баттал хьалха иза вара Нохчийчоьнан культурин, спортан, кегийрхойн политикин министраллин куьйгалхо. 2022-чу шеран гезгмашин-беттан чакхенгахь Кадыровc вешин кIант шен секретариатан куьйгалхо санна вовзуьйтура.

Кадыров Хьамзата чекхйаьккхина ЦIоьнтарара хьафизийн доьшийла. ТIаьхьо цо дийшира Нохчийн университетерчу пачхьалкхан куьйгаллин факультетехь.

Мангал-баттахь Кадыров Хьамзата шен социал-машанашкарчу агIонашкахь дIахьедарш дира, "нохчийн ламасташ цалардечарна" кхерамаш туьйсуш. Цо билгалдаьккхира, Iедалхоша гIарола дийр ду цу тайпачу агIонийн, "низамах боьхнарш" жоьпе узур бу аьлла. Дуьйцург билггал муьлха низам ду - хууш дац. Оьрсийчоьнан низамехь цу кепарчу жоьпаллин бух банне бац.

Маьждиг чу иккхинчу ОМОН-о рузба сацор

Москвана уллорчу Котельникашкахь долчу маьждиге лелачу бусулбачу наха президенте Путин Владимире виедокхайкхам бина, ницйкъахойх ларбе шаьш аьлла. ПIераскан дийнахь хилла рузба йукъардаьккхинчу полисхошна дуьхьал шога барамаш лелабе аьлла дехна цара. Оцу маьждиге лелаш болчех дукхахберш Къилбаседа Кавказера бахархой бу.

Товбеца-беттан 7-хь пIераскан дийнахь рузба доьдучу йукъанна ОМОН-н белхахой чулилхира маьждиге: "Когара мачаш дIа ца йохуш, наха ламаз деш йолчу чоь чу лилхира уьш. Цаларар гойтуш, маьхьаршца, сийсазалле къамелашца, пхьармотт буьйцуш, ницкъбира цара. Маьждиге баьхкинарш сийсазбора – царах дукхахберш Оьрсийчоьнан бахархой бу", – чIагIдо видео тIехь цхьаволчу и хьал шена бIаьрга гиначо.

Низамехь боцу мигранташна дуьхьал йина рейд хила тарло иза, амма ницкъахоша лелийнарг исламофобих тера дара, боху маьждиган администраторо Барханов Рината.

"И рузбан ламаз доьдучу хенахь дина хиларо оьгIазе дина тхо. Тхо дуьхьал дац талламаш дайтарна, амма, доьху, тхан йукъараллин пенашкахь ма де уьш", – билгалдаьккхина Бархановс.

Цо тIетуьйхира, маьждиге баьхкинарш, доккхачу декъанна, Къилбаседа Кавказера бахархой бу, иштта Татарстанера, Башкортостанера. Кхечу пачхьалкхашкара бахархой. Иштта цо бахарехь, маьждиге лела Таджикистанера, Узбекистанера, Кыргызстанера бахархой.

Москохан кIоштарчу бусулбачу нехан урхалло дIахьедар арахийцира, ницкъахоша лелийнарг йемалдеш. Цигахь билгалдаьккхира, ОМОН-н белхахоша "оцу рейдана кIел нисбеллачу нехан бакъонаш, сий а хьешарна" тIехула аьрзнаш хьовсор ду прокуратуре.

Нохчийчохь вацош лелийнарг маьршаваккхар

Бурятерчу вахархочунна 50 шо долчу Бердников Андрейн аьтто баьлла Нохчийчохь 13 шарахь вацош лоллехь латтош хиларх маьршавала. РегIа долахь йолчу наха алапа луш ца хилла цунна, цул сов, йетташ хилла. "Альтернатива" боламерчу волонтераша гIо дина Бердноковна маьршавала а, республикера вада а.

Бурятерчу вахархочо дийцина ма-хиллара, 2000-чу шерашкахь цуьнан СССР-н паспорт лачкъийра, хIетахь дуьйна кехаташ доцуш ву иза. 2011-чу шарахь Бердников вевзачо болх хьийхира цунна Къилбаселда Кавказехь, ишта нисвелира иза нохчийн Чернокозово эвлахь. Дуьххьара болх луш волчо шарахь 90 эзар сом хьийхира цунна, амма и ахча цунна бIаьрга ца гира. Аьлларг ца дарна Бердниковна йеттара, кара схьайелла телефон схьайоккхура, цуьнан дIасалеларна тIехь тидам бора.

13 – иза уггар дукха хан йац волонтерийн практикехь, дуьйцу "Альтернатива" боламан гIуллакххочо Никитин Алексейс. Бердниковн хьал кхин а чолхе хуьлура, цуьнагахь кехаташ ца хиларна а, полисхойн базашкахула иза ца карорна а – цунах пайда оьцура регIан долахочо.

"Кхузахь чувоьллина латтор дац дуьйцург, вала меттиг цахилар ду – стеган цхьа а кехат дац, бакъонан тIегIанехь дийцича, иза "бIарлагIа" ву. И вацош лелоран бахьана хилира цунах", – дуьйцу Никитино.

ХIинца Бердников Москвахь ву, шен гергарнаш лоьху цо, иштта гIерта, архивашкахь шен бух карон, Оьрсийчоьнан вахархо ша хилар тIечIагIдайта лууш.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG