ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу дIавигинчу гейна тIе ца битина адвокаташ, иза волу меттиг хууш бац.


Соьлжа-ГIала, полисхо. Гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, полисхо. Гайтаман сурт

Домодедово аэропортехь лаьцна, ницкъахоша Нохчийчу дIавигинчу гейна Арсамиков Идрисана тIе ца битина адвокаташ Шелковскан кIоштарчу Оьрсийчоьнан ОМВД декъан белхахоша. Иза волчу менттигах хууш хIума доцу шолгIа де а ду.

Арсамиковна гIо латточу СК SOS кризисан тобано хаамбарца, ша Iалашвечунна тIе ца витар, цунах лаьцна беш хаам боцуш полисхойн лелар талла аьлла, цуьнан адвокато тIедожийна – оцу хьокъехь аьрзнаш дина Талламан комитетан а, МВД-н а урхаллашка. Адвокато телефон йеттарх жоп ца делла прокуратурехь цхьаммо а.

Иштта тергам боцуш йитира Кавказ.Реалиин корреспонденто дIайиттина телефон а –цкъа схьаийцира телефон, юха а маса охьайиллира.

Бакъоларйархоша хьалхо элира, Шелковской ОВД вига хьесап ду иза, цигахь Арсамиковна тIехь гIело латтийна цуьнан ориентаци бахьана долуш. Цул совнах, иза лаца бух кечбеш ориентировка йелларг ву Нохчийчуьра Шелковскан кIоштара полицин декъан хьаькам Геремеев Рустам.

  • Чиллан-беттан 15-чу буса Домодедово аэропортехь лаьцна Арсамиков Идрис нохчийн полисхойн каравелира, цара стенга вуьгу а ца дуьйцуш, къайлаваьккхина иза. Шо хьалха шен ден тезета веанера Арсамиков. Цул хьалха Нохчийчохь лаьцнера иза борша стагаца уьйр хилла аьлла, шега Iазапаш хьегийтича, дIаваханера иза Нидерландашка.
  • Нохчийн ницкъахоша схьадаьхнера цуьнгара доллу кехаташ, иштта Нидерландашкахь делла документаш а. Нохчийчохь масийттазза тIехь ницкъбинера цунна. Бакъонашларйархоша билгалдоккху, Нохчийчохь вен кхерам лаьтта Арсамиковна бохуш.
  • Геремеев Рустаман ваша Руслан – нохчийн "Север" батальонан хилла командир ву, 2015-чу шарахь лехамашка велира иза, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтоьхнарг ву аьлла. Немцов Борис вийна аьлла, набахтехь даккха 20 шо хан тоьхна Дадаев Заур цуьнан куьгакIел хилла ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG