ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу тIамехь байъинчу маьршачу нехан гергарчарна компенсацеш ца делла


Оьрсийн эскар Нохчийчохь. 2000-гIа шо
Оьрсийн эскар Нохчийчохь. 2000-гIа шо

2000-чу шарахь федералан эскаро динчу тохаршкахь маьрша нах байъина, сина дина зен меттахIоттош компенсаци далар тIедожор листа реза ца хилла Нохчийчоьнан Лаккхара кхел. Оцу гIуллакхехула талламаш дIахьош масех шо ду.

Арз кховдийна Тарамова Хожис, Датаева Залпаа, Тарамов Iабаза, Пайзуева Зайнапа, Тарамов Iабдуллас а, Матас а. ГIуллакхан материалашца а догIуш, 2000-чу шеран Гезгамашин-баттахь федералан ницкъаша Хан-ГIалахь дIалецначу меттигашкара схьа тохарш дира Устрада-ГIалин нах бехачу кварталашна. ХIусамна тIе снаряд тохарна кхелхира ТарамовгIеран зудий-майрий, церан кхаа берана тайп-тайпана чевнаш йира. Ца хууш стаг верна аьлла бехктакхаман гIуллакх долийра тIаккха, дуьххьара бинчу талламо билгалдаьккхира, артиллерин тохарш федералан ницкъаша дина хилар. 2001-чу шеран Зазадоккху-баттахь гIуллакх сацийра зуламан бух бац аьлла.

И зулам дарна, гергара нах байъарна, чевнаш ярна а компенсациш даха гIерта ТарамовгIар а, кхинболу арзхой а. Хьалхарчу инстанцин кхел реза ца хилла латкъам тIелаца, "зен меттахIотто оьшуш йолу билгалонаш яц, аьлча а, зулам динчо низам хадийна хилар гойтуш", аьлла бахьана а хIоттийна.

"Дуьххьарчу инстанцин кхело билгалдаьккхина ма-хиллара, арзхоша тоьшаллаш ца гайтина, Устрада-ГIалахь терроран акт йинера, аьлла, тIаккха, федералан ницкъаша йинарг контртерроран операции хиллера, - аьлла сацам бина Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелан кхеташоно. – Хьалхарчу инстанцин кхелан жамIашца реза ца хила бух а ца карийна кхелан кхеташонна".

Финансийн министраллина дуьхьал синан зен хилар меттахIотто кховдийна латкъам къобалбан реза ца хилла оцу тIехь. Бина сацам низаме бирзина.

  • Мангал-бутт бовш Краснодар-мехкан кхело бакъдира кхо шо долу Загудаев Султан верна жоьпалла Оьрсийчоьнан эскаршна тIехь хилар – Серноводское эвлахь 1999-чу шарахь, Нохчийчохь шолгIа тIом болуш, тохарш дечу хенахь дийнера бер. Загудаева Натальина компенсаци хIоттийра веллачу кIантах – 20 эзар сом. Кхаа шарахь сов кхелаца къийсаеллачу зен хиллачо "цадашар а, сийсазалла а ю иза" элира. Цуьнан адвокатана, мелхо а, боккха толам хета иза.
  • Европан адамийн бакъонехула йолчу кхело Оьрсийчоь декхаре йира Нохчийчуьрчу яхархочунна Малаева Марияна 60 эзар евро ахча дала, 2009-чу шарахь лачкъийнера цуьнан кIант.
  • Европан адамийн бакъонехула йолчу кхело сацам бира "Аджигитов а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" бохучу гIуллакхехула, иза доьзна дара "Восток" батальон тIелетачу хенахь Нохчийчоьнан Бороздиновски эвлара 11 стаг тIепаза варца, нах байъарца, бахам хIаллакбарца а. 2007-чу шарахь кховдийра ЕСПЧ-га и латкъам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG