Туркойчохь вехачу нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана бехке вина Нохчийчоьнна коьртехь волу Кадыров Рамзан, ницкъаллин структурийн белхахо хиллачу Арсанукаев Ахьмадан гергарчаьрга шен доьзална чIир кхайкхор вовшахтохарна.
Гезгмашин-бутт болалуш Арсанукаевн гергарчу наха дIахьедира, Халитовс, шайн стаг а, цуьнан хIусамнана а, цхьа шо долу цаьршина йоI а юьйр ю аьлла, кхерам а тесна, видео дIаязъяйтина цуьнга нохчийн ницкъаллин структурийн белхахой сийсазбеш.
"Ахь и спектакль хIоттийна, нагахь хьан наха со вехь, хьо оцунна декъа вац, оцу наха вовшашца къастийна гIуллакх ду иза ала". – боху Халитовс шен видеона тIехь.
Цо иштта дийцина, шен 80 шо кхаьчна да, дIа а вигина, хьайн кӀант тӀе ма эца бохуш, дийнахь-буса лаьцна латтийна хилар. Халитовс чIагIдо, ша волу меттиг ша къайлаяьхьна ца хилар. Кадыровга кхайкхам бина цо, шен гергарнаш Iад а битий, шеца юкъаметтиг къастае аьлла.