ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн латархочо Чимаевс динчу дIахьедарх вистхилла экс-чемпион Нурмагомедов


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

ММА-н латархочо Чимаев Хьамзата ша "ватIор" ву аларна жоп делла UFC-н экс-чемпионо Нурмагомедов Хьабиба. Абу-Дабехь вовшахкхетча, ша цуьнгара жоп доьхур дац аьлла, дIахьедина Нурмагомедовс. Москвахь хиллачу спортхочун конференцера бина и хаам "Спорт-экспресс" ресурсо.

"Ас адамашка хIумма а ца хоьтту. ХIораннан а шен-шен хьажам бу. Цхьангара жоп деха гIерташ хуьлура со тоххара..и хан тIехтилла сан хIинца. Кегийрхошка а боху ас, соьгара дийлина гIалаташ шайгара ма дилийта. Адамашкара жоьпаш доьхур дац ас. Аьтто бойла цуьнан. Абу-Дабехь летар болчу тхайн берашна сагатдийр ду оха, ткъа уьш дуккха а хир бу", - аьллачу латархочун дешнаш довзийтина ресурсо.

  • Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь нохчийн UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата дош делира, дагестанхойн чемпион Нурмагомедов Хьабиб ша "ватIор ву" аьлла. Инстаграмехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIаяьхьначу эфирна бухахь йитинера цо ишта комментарий. Стрим йоьдучу юкъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочо элира Нурмагомедовга, "Ахматан" муьлххачу а латархочуьнца иза тасалахь, ша "цо доьхху ахча лур ду" аьлла. Кадыровс "UFC-н проект" ю Нурмагомедов аьллачул тIаьхьа, шен агIор Чимаевс дIахьединера ша кийча хиларх, Нурмагомедов Хьабиб "ватIо", нагахь цунна "лаахь".
  • UFC-н массо а рейтингашкара дIаваьккхира ийначу кепехь латаран чемпион волу дагестанхо Нурмагомедов Хьабиб, цо шен спортан карьера ерзош хиларх дIахьединчул тIаьхьа. Стохка ГIадужу-баттахь Нурмагомедовс дегIан лахарчу йозаллехь кхозлагIа яьккхира чемпионан титул, эшийра америкахо Гейджи Джастин. И латар дирзича кхайкхийра цо ша профессионалан спорт юьтуш хилар. 32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. Форбсан зерашца, цуьнан бахам бу 12 миллион долларшкахь, хаааме даьккхина "Медузо" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина, "Медузан" редакци цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.).
  • UFC-н чемпионатехь рекорд хIоттийра Чимаевс – 66 денна чохь туьйлира кхузза. Карарачу шеран юьхххьехь критика йира цунна, цо Нохчийчу а вахана, Кадыровца суьрташ а дохуш, цо совгIат йина Мерседес машен схьа а оьцуш хьийзарна. Спортхочо цул тIаьхьа дIахьедира, могуш вац ша, спорт юьтуш ву, аьлла. Амма Зазадоккху-беттан юьххьехь Кадыровс, Швеце кема а хьажийна, Нохчийчу дIавигира иза, даржийра, "Ахмат" клубехь кхидIа а яхлур ю Чимаевн карьера, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG