ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн оппозиционерашна гIо латторна кхерамаш тесна Кадыровс Эрдоганна 


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Туркойчоьнан Iедалш а, президент Эрдоган Реджеп а бехкевина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "бандиташна а, боьха хIуманашна а" тховкIело яларна, хетарехь, иштта хьахийна цо оцу пачхьалкхе дIабахна нохчийн оппозиционераш. Телеграм-каналехь зорбане даьккхинчу дIахьедарехь Кадыровс билгалдоккху, "Оьрсийчохь зуламаш лелийна, ткъа хIинца интернетехь мехкан а, пачхьалкхан а урхалхой бехбен террорхой Туркойчоьно хьулбина" аьлла.

Оьрсийчоьнан регионан куьйгалхочо дуьхьал бекхам бийр бу аьлла, кхерамаш тесна, иштта Туркойчохь Ичкерин хьалхарчу президентана Дудаев ДжовхIарна хIоллам хIотторна а.

Дуьхьал ден долчух масална хьахийна Кадыровс, Курдистанан белхан парти вовшахтоьхначу, Туркойчоьно велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхайкхийначу Оджалан Iабдуллина Соьлжа-ГIалахь хIоллам хIотторах.

Туркойн Iедалхоша лелочун терго а яй, "оцу кепарчу леларна дуьхьал дипломатин барамаш а бохуш, хьалхадовла" аьлла, иштта Нохчийчоьнан урхалхолчо кхайкхамбина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралле.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо динчу дIахьедарна Туркойчоьно цкъачунна йина реакци яц.

Дахначу кIирнах туркойн Керфезехь схьабиллира Дудаевна хIоттийна хIоллам а, цуьнан цIарах йиллина парк а.

Нохчийчуьра Туркойчу дIавахначу оппозицин блогеро Халитов Хьасана дийцира де хьалха, республикехь висинчу шен деца а, вежаршца а зIене ца валало ша аьлла. Шен гергарчарна хьалхо а тIеIаткъам бина хиларна, царна саготта ву ша бохура Халитовс. Цул совнах, телефонехула динчу къамелехь Халитовн вашас дийцинера, нагахь санна, блогер "ца сацахь", шаьш дойур ду, бохуш, кхерамаш тийсинера шайна аьлла.

Истанбулан полицин терроризмца къийсам латточу урхалло а, Туркойчоьнан Халкъан талламийн хьукмато а, шаьш махка арахьара чувеъна ялх стаг лаьцна, уьш шпионаш хила тарло, хаам баржийнера ГIадужу-беттан 9-чохь. Герз а, патармаш а даьхна цаьргара, лаххара а цхьаьнгахь карийна Оьрсийчоьнан паспорт. Ткъа куьйгалла деш хилла оцу талорхойн пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, Forbes журналан оьрсийн версин коьрта редактор хилла Хлебников Пол вийна аьлла хетачу Дукузов Казбека а.

Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу хенахь республикан урхаллехь вара Дудаев ДжовхIар, Москвана дуьхьал бечу тIемашкахь дакъалоцуш вара Кадыров Рамзан.

Курдойн къоман пачхьалкх кхолла гIерта Курдистанан белхан парти. 1984-чу шарахь, цуьнан лидеро Оджалан Iабдуллас вовшахтоьхначу тобанаша тIемаш болийра, 19980чу шаре кхаччалц Оджалан ваьхначу Шеман дозана тIера Туркойчоьнна дуьхьал. 1999-чу шарахь туркойн спецназо лаьцна иза вен кхачийра, ткъа 2002-чу шарахь таIзар хийцира - велла дIаваллалц набахтехь вуьтуш. Курдистанан белхан парти террорхойн организаци лерина Туркойчохь а, Евроберто а, иштта цхьа могIа кхечу пачхьалкхаша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG