ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РИА Новости: Туркойчохь лаьцна ялх стаг Нохчийчуьра схьаваьлла ву


Туркойн антитерроран тобан эпсар
Туркойн антитерроран тобан эпсар

Шпионаж лелийна аьлла ГIадужу беттан 9-хь Туркойчохь лецна болу кхечу пачхьалкхара нах берш а нохчий бу. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло.

"Лаьцна волу яхе а – Оьрсичуьра ву, Нохчийчохь вина а ву", - аьлла агенталле хаам бинчу хьосто.

Хьалхо шаьш шпионаш лецна хиларх хаам баржийнера Истанбулан полицин терроризмца къийсам латтон урхалло а, туркойн Къоман талламан вовшахтохаралло а.

Туркойчуьрчу нохчийн диаспоран векалша дIахьединера, царах цхьа стаг шайна вевзаш ву цхьамма тIедилларца нах байъарна декъа хиларца аьлла. Цунах лаьцна "Кавказ.Реалиига" хаам бира нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана.

Туркойн низамаш лардон органаша оцу хьокъехь официалан комментари йина яц.

Халитовс дийцира ша вуьйруг киллерна лур ду аьлла хилла 300 эзар доллар. Ша кийча ву, боху Халитовс полицица юкъаметтигаш лело а, тоьшаллаш дан а.

  • Истанбулерчу терроризмаца къийсам латточу полицин урхалло а, туркойн Къоман талламан вовшахтохаралло а дIахьедина, шаьш ялх кхечу мехкашкара стаг лаьцна, шпионаж лелош хилла аьлла, тасаеллачу шеконашца. Habertürk газето бина цунах лаьцна хаам дахначу шоьтан дийнахь. Цаьргара схьадаьккхина герз а, патармаш а, цхьахволчуьнгахь хилла Оьрсийчоьнан паспорт а.
  • ГIадужу-бутт чекхболуш нохчийн болгера Халитов Хьасана бехке вир Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ницкъаллин структурийн белхахо хиллачу Арсанукаев Ахьмадан гергарчаьрга шен доьзална чIир кхайкхор вовшахтохарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG