ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн йолахошна тIера Ростовера хьаькамашна тIекхаччалц: муха хийцаелла "къайлах мобилизаци"


Украина, Донецкан кIошт
Украина, Донецкан кIошт

Украине чугIоьртинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна Кремло жигара юкъаийзабо Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан Къилбера а бахархой – юьхьанца дуьйцург корматалла йолу тIеман а, могIарчу бахархойх а йолахой хиллехь, ткъа хIинца, хетарехь, дIалецначу Донбассан дозанаш тIехь нах ца тоарна, оцу тептарна тIекхетта иштта ницкъахой а, хьаькамаш а,

Кавказ.Реалиино тидам бира, муха дIаяьхьира Кавказехь "къайлах мобилизаци", эксперташна хетарехь, муьлхачу муьрехь ю иза хIинца.

Оьрсийчоьнан эскарна бIахой тIе ца тоьа?

Стигалкъекъа-бутт юккъе баьллачу хенахь Британин тIеман министралло шайн рожехь арахоьцучу хаамашкахь билгалдаьккхира Украинехь Оьрсийчоьнан герзашца болчу ницкъашлахь нах тIе цатоьаш хиларх. Масала, урхаллин информацица, Оьрсийчоьнан эскарехь ресурсашца проблемаш хиларх а, церан буьйранчаш къаьстина хиларх а тоьшалла до Мариуполь схьайоккхуш Нохчийчуьра дакъоша дакъалацаро- корматалла йолу бIахой боцурш а, цу юкъахь дакъалоцуш бу лаамхой олурш йа йолахой.

"Легалехь йоцчу набахтешка" хьийсабора нах, кхерамаш туьйсура бехкзуламан гIуллакхаш дохур ду, нагахь санна тIамтIе баха дуьхьал хилахь бохуш

Оьрсийчохь уггар а йоккхачех плацдарм хилла Нохчийчоьнах, лууш мел берш тIамтIе хьийсош, цаьрца контракташ еш, кIиранах Гуьмсерчу спецназан университетехь кечбеш– «лаамхо» хилла, Украине ваха официалехь болчу кхаа некъах цхьаъ бу иза. Стигалкъекъа-баттахь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, республикера "кхо эзар гергга" вахархо вара Украине хьажийна аьлла. Мангал-беттан юьххьехь нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада кхин терахь довзийтира – 8172. Цуьнан дешнашца, оцу терахь юкъахь бу ницкъахой а, йолахой а.

Бакъоларъярхойн хаамашца, республикан декхар дара хIора кIиранах тIамтIе 200 бIахо хьажо, делахь а, Стигалкъекъа-бутт юккъе баьллачу хенахь къаьстира, нохчийн Iедалхошна халла карош хиларх тIамтIе баха луурш, кхин дIоггара тIедахкарш а ца до кандидаташна – билгалделира, Нохчийчуьрчу йолахошлахь шога зуламаш дарна таIзар динарш а хиллийла.

Оцу хеначохь Европехь куп тоьхначу бакъоларъяран «Вайфонд» организацино дIахьедина, Нохчийчуьра иттаннашкахь бахархой шайца зIене бийларх, бертаза тIаме хьийсон кхерам лаьтта шайна бохуш. Оцу наха чIагIдарца, бац уьш ницкъаллин йа тIеман структурашкара белхахой, заьIап хиларо а кIелхьара ца боху уьш Украине хьийсочуьра", - дIахьедира бакъонашларъярхоша.

ТIаьхьо информаци гучуелира оппозицин нохчийн 1АДАТ боламера, Нохчийчохь дуккха а божарий сецорах – уьш, жигархойн хаамашца, "къайлахчу набахтешка" хьийсабора, кхерамаш туьйсура бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал дохур ду нагахь санна, тIамтIе баха дуьхьал хилахь бохуш. ЧIагIдо, Серноводскерчу Сасланбеков Шемалах а иза хьакхаделира бохуш- дийцарехь, кадыровхоша лачкъийнера иза психотропан молханаш лелийна аьлла бехкаш дехкина. Цунна ультимтум хIоттийра: йа Украине воьду, йа набахте. Сасламбековс тIом хаьржира, цигахь вийра иза, чIагIдо 1АДАТ боламо.

БIаьстенан чакхенера схьа дуьйна хаамаш кхача буьйлира Нохчийчуьрчу бIахойн могIаршкахь резадацарш хиларх. Доккхачу декъанна, украинхойн талламхойн хаамашца, Шеларчу 42-чу дивизин 70-чу полкан масех дакъа дуьхьал хиллера тIом бан, цара тIедожийнера, шаьш цIа дигар. Цул совнах, дуьйцура Украинехь шайн накъосташа кадыровхой байарх лаьцна а. Официалехь информаци тIечIагIъян аьтто бац.

Делахь а, кхелан практикехь ма-хиллара, мел лахара а Нохчийчуьра цхьа бIахо официалехь дуьхьалвелира "леррина Iалашонаш кхочушъечу меттиге" ваха – оцу тIехула Соьлжа-ГIаларчу гарнизонан кхело Мангал-беттан юьххьехь Мусаев Iелина итт дей-буьйсий хан туьйхира чохь даккха. ХIеттахь хиира нохчийн эскархочун Бугучаев Зеламханан хьокъехь дезертир аьлла бехкзуламан гIуллакх долорах. Муьлхачу декъехь иза гIуллакх деш хиллера, Украинехь тIом бан цалаарца доьзна дуй иза, кхелан карти тIехь билгалдаьккхина дац.

Даьржаш долу масал

Мангал-бутт юккъе баьлчхьана Украине йолахой хьийсочу Нохчийчоьнан зеделлачух пайдаэца буьйлира луларчу регионашкахь - хIинца Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, ГIалмакхойчохь а кхуллуш ю цIерашца роташ, меттигерчу Iедалхоша чIагIдарехь, республикерчу беккъа цхьана «лаамхойх» лаьтташ хир ю уьш.

Къилберчу тIеман гонийн штабан топографин хьукматан куьйгалхочо Павленко Сергейс бахарехь, и тIедиллар массо а регионашка дIакхачийна Оьрсийчоьнан тIеман министралло. Эксперташна хетарехь, оцу омрано тоьшалла до Оьрсийчоьнан эскарехь къоьлла хиларх – лач и бакъдо иштта, къилбан регионашкара бIахой тIемаш бечу меттиге баха дуьхьалбийларо а.

ДIалецначу дозанаш тIехь хьаькамаша план хIоттор ю уьш Оьрсийчоьнах схьатухуш

Масала, Украинехь биса дуьхьалбевлла Росгвардин 115 эскархо балха юхаэца дуьхьал хилла ГIебарта-Балкхаройчуьра гарнизонан тIеман кхел. Уьш балхара бохоран бахьана ду официалехь – "лахара оьздангалла а, доьналла а хилар" а, "тIеман декхарш кхочушдан гунахь цахилар" а.

Украине хьажочу хенахь дуьхьалбовлуш рапорташ чуделира иштта Краснодарерчу Росгвардин мел лахара а пхеа белхахочо – цхьахволчо бахарехь, бIахой реза бацара шина баттахь Украинехь хан яьккхинчу шайна деллачу ахчанна, лур ду аьллачул а дуккха а кIезиг хиллера и.

"Хьалхарчу баттахь 100 эзар [сом] деллехь а, хIинца луш дерг 50 [эзар] ду. Церан хьаькамаша кхетийра цунах, долларан мах охьабаларна ду аьлла – ахчанаш луш ду цхьана дийнахь 50 доллар а луш, амма мах дIало Оьрсийчоьнан курсаца", - кхетийра къамелдечо.

ТIаьхьо «лаамхой» дIаоьцучу военкоматашна гIодан Краснодаран мэро Алексеенко Андрейс куьйгъяздира. Росгвардин эскархошна лучул а жимма сов ахча лур ду аьлла царна, -тIамехь даьккхинчу хIора дийнах 53 доллар.

Мариуполе чувоьддучохь Оьрсийчоьнан эскархо. Мангал-беттан 12-гIа, 2022 шо
Мариуполе чувоьддучохь Оьрсийчоьнан эскархо. Мангал-беттан 12-гIа, 2022 шо

Ставропол-махкахь тIеман гIуллакх кхочушдан дуьхьалвелира мел лахара а виъ контрактхо. Зазадокху-беттан 1-чу дийнахь, аьлча а, Оьрсийчоьнан эскарш Украинана тIелетта пхоьалгIачу дийнахь, шайн лаамехь шаьш хиллачу декъера дIабаханера уьш, амма билггал долу бахьанаш дийца реза ца хилира бIахой.

Украинерчу тIамо Iаткъам бира бIаьстенан эскаре гIуллакх дан тIекхайкхарна а. Масала, лакхахь хьахийначу ГIалгIайчохь вовшахтоха везачу 200 салтин метта 60 бен ца карийра, бакъдира Мангал-беттан юьххьехь республикерчу тIеман коммисариатан белхахочо Ганижев Рамзана.

"ТIеман гIуллакх дан дукхахберш кIелхьарбийла гIерта, уьш [гIуллакхаш] оха Талламан комитете а, прокуратуре а, МВД а дIало, цаьрца кхин дIа талламан органаша белхаш бийр бу…", - кхетийра хьолах Ганижевс республикерчу телекаланан эфирехь.

Украинехь тIом бан дуьхьалбовларна шаьш балхара дIадахар къовсуш, уггар дукха искаш чуелира ГIебарта-Балкхайрочуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а эскархоша – 40 а, 140 а арз. "Важные истории" гIирсан хаамашца, дозанал арахьа эскарх пайдаэцарна 2022-ра шо доладелчхьана тIеман министралле Оьрсийчоьнан бахархоша чукхачийна кхо эзар сов латкъам, ши эзар ах эзар сов ала тарлуш арз ду контрактаца доьзна гIуллакх дарца, эзар сов вахархочо латкъамбира военкоматийн балхана, масех бIеннашкахь – контрактхошна а, ветеранашна а ахчанаш даларна.

ХIинца кхин мила хьажор ву Донбассе?

Хьалхарчу позицешкахь тIом бан нах тIе ца тоьъна ца Iаш, шаьш дIалоьцучу дозанаш тIехь ницкъахойн а, иштта хьаькамийн а къоьлла лов Оьрсийчоьно. Цуьнан тоьшалла до, Ростовн кIоштара бакъоларъяран органашкара белхахой сепаратистийн «ДНР-е» а, «ЛНР-е» а хьовсоро, Мангал-беттан юккъехь цунах лаьцна хаамбора регионерчу 161.ru ресурсо, шайн хьасташна тIетевжина. Цигахь йоккху хан къаьстина яц – цхьаберш бутт баьлча юхабогIу, вуьйш Донбассе дехьабоху, гуттаренна санна. Цига эхийтар долийра Зазадокху-баттера схьа дуьйна.

Цул хьалха Донбассе хьовсийра Волгоградан кIоштара хьаькамаш. Цунах лаьцна дIахьедира губернаторо Бочаров Андрейс. Регионера пачхьалкхан белхахойх биллгал Украине маса стаг вахийтина цо ца элира, "маьрша дахар меттахIоттор" Iалашо йолу "говзанчийн йоккха тоба" алар доцург.

Сепаратисташа а, Оьрсийчоьнан эскарша а дIалецначу Донбассан территореш тIе бахийта Ростоврчу хьаькамашна а цхьаьна агитаци ян буьйлабелира. Нагахь санна, цигахь кхалхар нислахь, шишша миллионаш соьмаш ахча дала тIелецира царна, оцу кепара омрана куьйг таIийра губернаторо Голубев Василийс. Ахча догIу иштта чевнаш йина веллачунна а - нагахь санна, лазийна шо далале иза кхалхахь.

Украинехь вехачу политолого а, социолого а Савва Михаила Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь элира, Донбассе бохуьйтучу хьаькамийн баккъал а йолу Iалашо хила тарло, дIалецна Донбассан дозанаш Оьрсийчоьнах дIатоха кечамбан информаци гулъян. И верси йийцарейира, Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочун гIовс Кириенко Сергей Стигалкъекъа а, Мангалан а беттанашкахь Украинан малхбалехь хиллачул тIаьхьа.

"Хила тарло, оккупаци йинчу территорешка хьийсочу Оьрсийчоьнан хьаькамаша информаци гулъеш хила, и дозанаш Оьрсийчоьнах дIатоха царна эщарна", - боху Саввас.

Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан хьаькамаша дIалоьцур ду коьрта даржаш, уьш кхочушдан дезачу меттигерчарна тIехь терго латто дезарна.

Шайн контроле ерзийначу Украинан дозанаш тIехь урхалла дан дуккха а эзарнашкахь пачхьалкхан белхахой оьшур бу

"Со кхетарехь, Оьрсийчоьнан бахархоша хIора боккхучу когана тIехь контроль латтор хилча, цкъачунна дуьйцуш дац дуьххьал дIа урхалла дарх, дуккха а техкникан фукцеш ю меттигерчара кхочушйийр йолуш. Амма оцу юккъехула кхетош хила деза, урахалла даран дикалла телхарг хиларх. Кхечу агIор хуьлийла а дац, хIунда аьлча, Украинехь и болх бина дукхахберш дIабахна [пачхьалкхера], хIинца ["керлачу Iедалша"] лоьхур бу церан хилла шолгIа-кхоалгIа-иттолгIа гIовсаш, уьш даржашка дIа а хIиттош", - дерзийра Саввас.

Йозуш йоцчу талламхойн Conflict Intelligence тобанан аналитико Михайлов Кирилла тидам тIебохуьйту, Донбассехь хьаькамийн болх кхерамза бу олийла цахиларна – тIемашна гена йолчу, нах бехачу меттигашкахь а цхьаьна.

"Дуккха а меттигашкахь юьсуш ю лелхаза хIоьънаш а, минаш а, иштта болуш бу партизанаш а, йа украинхойн къайлаха сервисаш. Кхеташ ду, оккупацин администрацешна белхахой оьшур бу, цхьана агIор, церан белхаш дIаболо, делахь а, дуккхаъ болу украинхойн хьаькамаш йа пачхьалкхера дIабахна, йа дуьхьал бу цаьрца юкъарлонаш лело, масала, дукха хан йоццуш лачкъийна Херсонан мэр", - боху CIT-т аналитико.

Шлосберг Лев
Шлосберг Лев

Оьорсийчоьнан политико, Псковн кIоштан депутатийн гуламан экс-депутато, «Яблоко» партин федералан политкомитетан декъашхочунна Лев Шлосбергна хетарехь, пачхьалкхан а, муниципалан а белхахой Украине хьийсоро гIелйо Оьрсийчоьнан Iедалан структураш. Говзалла йолчу хьаькамийн пачхьалкхехь къоьлла латтарца кхетадо цо иза.

"Масала, кхузахь стага 50 эзар сом алапа оьцуш хилла, цигахь масийттазза лакхара хир ду и. И бохург хIун ду, Оьрсийчохь Iаш, бехаш болчу нахе боху: хьо кхузахь къен ву, цигахь ахча доккхур ду ахь. Белхан ницкъаш Оьрсийчуьра кхечу пачхьалкхе дехьабахар ду-кх иза, ма-дарра аьлча", - дIахьедира Шлосберга.

Цуьнан дешнашца, Оьрсийчоьнан Федерацил арахьа пачхьалкхан а, муниципалан а белхахошна болх бан таро луш, массо а регионашкахь бохург санна, цхьатерра низамаш ду тIеэцна, оцу низамашкахь а, омрашкахь а церан белхан финансийн билгалонаш къастайо, иштта, кхачам боллуш ваха лучу ахчанан барам а. Оцу тайпа сацамаш тIеэцна могушаллин, дешаран, бахаман-коммуналан а, хетарехь, культурин а сферашкахь а балха хьовсор болчу говзанчашна лерина.

"Шен кадрийн, урхаллин а, говзаллин а потенциал схьа а лахьош, Украине хьийсош ю Оьрсийчоь", - кхин дIа дийцира политико.

Кремло куьйгакIел йерзийначу Украинан меттигашкахь урхалла дан, Шлосбергна хетарехь, оьшур бу дуккха а эзарнаш пачхьалкхан белхахой а, говзанчаш а, хIунда аьлча, меттигерчу бахархойх органаш кхолларх Оьрсийчоьнан Iедалан гIуллакх хир дац. Оцу юкъанна Оьрсийчоьнан регионашкахь говзанчаш тIетоьаш цахиларо церан дахаран а, урхаллин а дикалла талхор ю.

"Масала, нагахь санна, регионехь лоьрийн къоьлла 50 процентана хиллехь – хIинца хир ю 60-70%. Мухха хиллехь а, регионан гIуллакхаш кхочушдеш хьаькамаш болуш бара, - белхан меттигаш алсамъевр ю, оцу меттигашка корматалла йолу нах богIург хиларх а дегайовхо яц. Изза хьал ду хьехархошца а… Пачхьалкхера кадраш кхечу пачхьалкхе дIахьисорца Оьрсийчоьнан регионашна цхьа а плюсаш ца го суна", - дерзийра шен къамел политико.

***

Оьрсийчоьнан эскарша гIо а деш, дIахIиттийначу Херсонан кIоштан Iедалша хаамбира, регион Оьрсийчоьнах дIатухуш референдумна кечлуш ду аьлла.

"Тхо референдумна кечам беш ду, оха и дIа а хьур ю. Херсонан кIошто сацам тIеоьцур бу, Оьрсийчоьнах схьа а кхетар ю, юьззина субъект хир ю цунах", - дIахьедира ханна хIоттийначу администрацин куьйгалхочун гIовса, Оьрсийчоьнехьа волчу Стремоусов Кирилла. Шен телеграм-каналехь цо яздина, "Делан Безам а, ницкъ а бац бохучаьрга а, Европан маьтазалле а берза ца лаьа, ламастечу доьзалан мехаллашка а, вайн юкъарчу историга а юхаберза лаьа" регионан бахархошна аьлла(орфографи ша ма-ярра йитина. – Редакцин билгалдаккхар.). Кхажтасар дIадахьаран де билгал ца даьккхина цкъачунна. Оцу юкъанна Стремоусовс хаамбира, гурахь хила тарло аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG