ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн юьртахь имам Шемалан цIарах маьждиг диллина. Кадыровс хьалхо критика йинера цунна


Иллюстративное фото
Иллюстративное фото

Нохчийчоьнан Шаройн кIоштан Кенхи-эвлахь ламанхойн къоман маршонан боламан хьалханчан Имам Шемалан цIарах маьждиг диллина. Юьртахойн доккха дакъа чамалинцех лаьтташ ду. 19-20 эзар стаг шайлахь волу этносан тоба ю иза, дукхачу хьолехь Дагестанан лам чохь беха уьш.

600 стагана лерина маьждиг схьадоьллуш хIоттийначу барамехь, "Грозный-Информ" хаамийн агенталло яздарехь, СКФО-н Iеламнехан Кхеташонан хьалханчас Кадыров Хож-Ахьмада дакъа лецира.

Керла маьждиг дуттуш ахча хьажийна Кадыров Ахьмадан фондо, цуьнан йиссинчу зудчо Кадырова Айманис куьйгалла деш йолчу.

"Дагестанхошна а, берриг кавказхошна а цуьнан цIарах маьждиг диллина волу имам Шемал сийлахь стаг ву. Со чIогIа воккхаве", - цитата йо агенталло меттигехь хиллачу иэдинчу латарийн спортхочо Завуров Шемалан дешнашна.

  • Кхоъ шо хьалха Кадыров Рамзана ша еллачу интервьюхь критика йира имам Шемална. "Оха сий до Шемалан иэсана динан хьалханчан санна, амма хаа лаьа, Нохчийчоь а, цуьнан къам а хIаллакдаран питана а лелош, 19 шарахь Оьрсийчоьнца тIом а бина, Дагестане юхавирзина биъ бутт баьлча Оьрсийчоьнан кара а вахана, дворянхо стенна хилла цунах? Нохчийчоьнна а, нохчашна а дуьхьала яьккхина террор яцахь, тIаккха хIун ю иза, кхетамца иза лелийна делахь а, дацахь а? Йа шалхонаш лелор 19-чу бIешарахь кхолладелла ду?", - дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
  • Оцу интервьюна жоьпаллин реакци йира социалан машанашкахь, пайдэцархоша шайн аватарашка имам Шемалан суьрташ хIиттадора. Иза дира бевзаш болчу спортхоша а, масала UFC-н толамхочо Нурмагомедов Хьабиба а, олимпикан толамхочо Садулаев Iабдулрашида а. "АллахIаца дуй буу аса, наггахь иэхь хета суна, имам Шемалах тера хиларна суо вуно гена хиларна", - яздира Нурмагомедовс.
  • Цул тIаьхьа Кадыровс имам Шемалах лаьцна шен дешнаш харц гочдеш республикехь мостагIий бу аьлла дIахьедира, иштта реза мел воцург Соьлжа-ГIала кхайкхира цо "вовшахкхета".
  • 1834-чу шарахь Дагестанан хьалханча санна шен къийсам болийна волу имам Шемал къобалвира нохчаша 1840-чу шарахь. Нохчийчоьнан а, Дагестанан а хьалханча хилча цо кхоьллира исламан теократикан пачхьалкх – имамат, иза лаьттира 1859-чу шеран аьхкене кхачалц.
  • Кадыров Ахьмад цIарах йолчу фондана дуьхьала Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло "Магнитскан глобалан актан" бух тIехь санкцеш ю яьхна. Организаци масийттаза бехкейора "шен лаамехь-нуьцкъаха" фондана сагIийна ахча кхехьийта нах декхаре барна, амма Кадыровс и бехкаш тIе ца лоцура. Зорбанан гIирсаша хаамбора, фондан ахча лелор, дайар цIена дац бохуш, Кадыров Рамзанан "альтернативе казна" ю олура иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG