Нохчийн юристана вен кхерам лаьттта, доьзалера гIелонах йеддачу ГIалгIайчуьра йоIана гIо дарна, Францихь кхиазхой бехкебина Израилан векалтана тIелата кечлуш хилла аьлла, UFC-н латархочунна Чимаевна кхоалгIа "Мерседес" йелла Кадыровс, ткъа мехкан урхалхочун кхиазхо волчу кIантана ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а лаккхара совгIаташ делла. Цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 34-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Нохчийн юристана кхерамаш тийсар
Бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьал Командин" Къилбаседа Кавказера филиалан юристана Аламов Мохьмадна кхерамаш туьйсу 28 шо долчу Яндиева Маринина гIо дарна. Доьзалера гIелонах йада гIоьртинчу йоIа орца даьккхинера кризисан "СК SOS" тобане, ткъа цара гIо дехнера "Командера" белхан накъосте иза ГIалгIайчуьра Минеральные Воды гIала дIайига аьлла. ХIинца ЯндиевгIеран доьзало ультиматум хIоттийна: гIадужу-беттан 29-чу дийне кхачале Марина цIа йогIу, йа Мохьмад а, цуьнан гергарнаш а шаьш хIаллакбийр бу аьлла.
Яндиеван дейишас Местоева Зухрас шен вешин йоIаца телефонехула хIара къамел дира:
"Нахана бале ца йолуш, вайн доьзаона а тIаьхье ца йуьтуш дерзаде вай хIара. Тапъаьлла, маьршша хIара стаг дIавохуьйтур ву. Пхи бер ду цуьнан, да ву чIогIа цомгаш. Цициган кIорнеш санна, кегий бераш ду цуьнан. Хьо бусалба ма йу, дог ма ду хьан кийрахь".
Доьзалехь маршо къуьйлуш, ницкъ бина Яндиева Марина 2011-чу шарахь Москва деша дIайахара, диъ шо даьлча цуьнан гергарчара исламан клинике охьайиллира иза – "жинаш арадаха", цул тIаьхьа ГIалгIайчу йухайигира. 2016-чу шарахь йоI йедира, цхьана хеначохь бакъоларйархойн шелтерехь хан йаьккхира цо, амма йуха а цунна тIаьхьа а бевлла, йетта а йиттина, цIа йалийнера. Къар ца луш, йуха а йада кечйелира иза. Иштта дуьйцу Маринас шех лаьцна:
"2023-чу шеран гIадужу-беттан 20-чу дийнахь, со йолу меттиг хаа гIерташ болийначу барамашца доьзна, декхаре хилира со полицин декъе хаам бан. Аса дийцира, кхетийра полисхошна, сайна зIене йала цалаарх, сайн гергарчарна суо йолу меттиг бийца цалаарх а. Цул тIаьхьа, сайн лаамехь со цIа йан дагахь йоций хиъча, цара закъалте лаьцна стаг, манипуляцеш лелайо соьца а, со дIакхетийначу стагаца а. Суна цунах лаьцна хууш хIума а дацара, йа цунна сох лаьцна а ца хаьара цхьа а хIума".
ГIадужу-беттан 11-чохь экстремизмана дуьхьало латточу Центро Яндиевн къайлайаларца доьзна хеттарш дан тIекхайкхира Аламов Мохьмад. Кхин а кхо де даьлча, Нохчийчохь веха бакъоларйархочун ваша дIавигира Кадыров Ахьмадан цIарахчу Росгвардин полке, цигахь иза бехкевира "СК SOS" тобанца уьйраш йу аьлла, кхерамаш тийсира, "Iазапашна дуьхьал Командин" белхахо цIа веха бохуш.
"СК SOS" тобанан хаамашца, ЯндиевгIеран доьзална гIо деш бу меттигера ницкъахой. ДIахьедора, цуьнан цхьа деваша республикера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллехь болх беш ву, важа Оьрсийчоьнан тIеман министарн гIовсаца уьйраш йолуш ву бохуш. Цуьнан цIе ца йоккхура. Цул совнах, махкара могушалла Iалашйаран министран декхарш кхочушдеш йу Яндиева Маринин ненайиша Антошкиева Зарема. Шен гергарчара туьйсу кхерамаш "эхь доцу а, боьха а манипуляцеш" лелор а ду элира цо, дIахьедира шен лаамехь цIа йан дагахь йац ша аьлла..
Геремеев а, керла батальон а
Украинана дуьхьал тIом байта Оьрсийчоьнан тIеман министраллин декъехь Нохчийчохь керла батальон кхоьллина – Шейхан Мансуран цIарах. Изза цIе йолуш дакъа ду 2014-чу шарахь дуьйна Украинехьа тIемаш беш, цу йукъахь бу иштта 2000-чу шерийн йуьххьехь Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь махкара дIабахана Ичкерин маршонан агIончаш а.
Керлачу кадыровхойн батальонан командир хир ву, 2015-чу шарахь оппозицин политик Немцов Борис верна бехке хетта, лаца кхайкхийна хилла Геремеев Руслан.
Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь Геремеевс дакъалоцу йуьхьанца дуьйна – стока зазадокху-баттахь гучувелира иза Мариуполехь йаьккхинчу видео тIехь. Кхо де даьллачул тIаьхьа къаьстира, ницкъахочунна чов йарх а, иза лазартне кхачорах а. ХIетахь дуьйна Геремеевс тIамехь дакъалацарх кхин хаамаш бина бацара. Кху шеран оханан-баттахь Нохчийчоьнан Турпалхочун седа белира цунна. Соьлжа-ГIалахь совгIат дIалучу заманчохь 44 шо долу Геремеев "запасан майор" ву аьлла, вовзийтира.
Изза – Шейх Мансуран цIарах Украина Iалашйан батальон вовшахтуьйхира 2014-чу шарахь, цу йукъахь дакъалоцу дукхахберш Нохчийчоьнан суверенитетан агIончаш а, Кадыровн дуьхьалончаш а бу. Декъан командир - ЧIебирлойн Муслим ву. Стохка оханан-баттахь Кадыров Рамзана 1 миллион долларшкахь кхаъ лур бу ша элира, ЧIебирлойн Муслим а, Украинан агIор тIемаш бен нохчийн кхечу лаамхойн тобанийн а командираш болу меттиг йийцинчунна.
Шейх Мансуран цIарахчу батальонан декъашхоша масийттазза элира, Украинана дуьхьал бечу тIамехь Оьрсийчоь эшийначул тIаьхьа Кавказана "деоккупаци" йан дагахь ду шаьш аьлла.
Францихь Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а кхиазхой бехкебина тIелатар кечдарна
Израилан векалтана тIелатар кечдан Iалашо хилла аьлла, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а кхиазхой Францихь бехкебина, йаздо францхойн Le Parisien хьасто.
Хьалхо полици арз динера Францин Тур гIалара колледжан директоро. Цо хаамбинера, 15 шо долу Нохчийчуьра Малика а, цуьнан 16 шо долчу Хьалха-Мартанара доттагIчо а "дешархой а, хьехархой а хьийзийна", паркехь куьйга йина оьккхуьйтург лелош, кхерамаш туьйсу лозунгаш кхийкхош. Доккхачу декъанна царех цхьаммо колледжехь илли аьллера, "калаш хьалайаккхий", "францхой байа" бохуш, дешархошка кхайкхамаш беш, йаздо Бельгин хаамийн гIирсаша. Вукхо компьютеран ловзар кхоьллина хиллера боху, школашкахь дуккха а нах бойуш, террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан агIор тIом бан, Шема гIо бохуш, нахе кхайкхамаш беш.
Цунах лаьцна хаам кхаьчначул тIаьхьа полици йеанера кхиазхойн хIусамашка талламаш бан – цигахь царна карийнера вовшашца йозанашкахь дина къамелаш, цу тIехь дийцаредина хиллера цара Бельгера Израилан векалтана тIелатар дарх а. ТIелатар динчул тIаьхьа Къилбаседа Кавказе бовда дагахь хиллера кхиазхой – цу тIехь царна гIо дан гIаьттинера францхойн Нант гIалахь вехаш хилла ГIалгIайчуьра 16 шо долу вахархо.
Le Parisien гIирсо йаздарца, векалт ларйеш болу полисхой байа дагахь хиллера кегийрхой, цул тIаьхьа векалтан дозана тIе молханех йуьзна машен йига. Йозанехь кхиазхоша дийцаредина цигахь болх бечех тептар вовшахтоха а, лоьлхуьйтурш лаха а, хаамбина Sudinfo ресурсо.
Карарчу хенахь кхиазхой лаьцна бу, царна бехкаш дехкина. 16 шо долчу ГIалгIайчуьра вахархочун шизофрени йу аьлла – гIуллакх толлучу йукъанна кхелахойн тергонехь витина иза. Официалехь информаци цкъачунна тIечIагIйина йац.
"Палестинехьа тIом бан" вахийта ша боху Чимаевс
Нохчийчоьнан урхалхочун бераш лата Iамочу Чимаев Хьамзата толам баьккхина Абу-Дабихь дIайаьхьначу UFC -н 294-чу турнирехь Камару Iусман эшош. Ша тоьллачул тIаьхьа иза вистхилла Кадыров Рамзане, "Палестинехьа тIом бина", "бусалба вежаршна хьалхара" вала вахийта ша аьлла. Аналитикаша билгал ма даккхара, санкцийн тептаршка ваьккхинчу Кадыровс UFC-н латархойх а, кхечу спортхойх а пайдаоьцу ша шена пиар йеш. Цо гIо до цунна шен Iаткъамбар даржон а, шен "культ" чIагIйан а.
Цунах лаьцна иштта элира бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара: "Чимаевн а, и санна болчу кхечу спортхойн а коьрта Iалашо йу Кадыровн формулехь – Нохчийчуьра Iедал бехказдаккхар, и санначу чемпионаташкахула ала аьтто хилийта, Кадыров – ишта-м дика ма вай. Цу кепара Кадыровн Iамал цIанйо. И ду Чимаевс лелориг а».]
Чимаевс Iамош ду Кадыровн бераш, цуьнгара деза совгIаташ оьцура цо – масала, хIинца толам баьккхинчул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо йуха а "Мерседес" йелла латархочунна. Оцу машенан мах бу 2023-чу шарахь 16 эзар миллион сом. Чимаевна Кадыровс йеллачех хIара кхоалгIа машен йу. Машенан сурт шен инстаграмера сторизе хIоттийнера спортхочо – цигахь цо билгалйаьхна Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхаа кIентан аккаунташ: Ахьмадан Элин, Адаман а. Чимаевс баркалла аьлла царна шена динчу совгIатна, "Дела реза хуьлийла шуна" аьлла, йаздеш.
Кхузахь билгале хIун ду аьлча, Iусманца тасавала йукъавелира Чимаев, республикан маршонехьа къийсамах лаьцна, нохчийн бардан Муцураев Тимуран иллица. Оцу йукъанна Оьрсийчохь Муцураевн иллешка ладогIарна кест-кеста социалан машанашка йазбеллачарна кхелаш йо. Муцураевн 30 илли экстремистийн материалех хIоттийначу тептаре йаздина.
Кадыров Адаман орденаш
Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана, 15 шо долчу Кадыров Адамна ГIезалойчоьнан йеза орден йелла – республикин урхалхочо Минниханов Рустама шена куьйга дIакхойдийра и совгIат. ГIезалойчоьнна хьалха хIун мехала гIуллакхаш дина Кадыров Адама – дуьйцуш дац.
Хьалхо ГIезалойчоьнан пачхьалкхан кхеташонан депутато Хамаев Азата бехкбаьккхира Кадыров Рамзанера, КъорIан дагорна лаьцна валийначу Волгоградера Журавель Никитина СИЗО-хь шен кIанта къиза йиттича, цунна Нохчийчоьнан Турпалхо аьлла, седа баларна. Ишта элира "Единая Россия" партин цIарах депутат волчу Хамаевс ГIезалойчоьнан кхеташонехь:
«Муьлхачу бакъонан майданахь дехаш ду вай тахана? Жоьпаш дала оьшучу хаттаран масал хIара ду. Оьрсийчоьнан Федерацин субъектан куьйгалхочо адамна йиттича шен кIантах Турпалхо во. Кхин дIа шен хIара Iалашо йаржош, боху, массо а бусалба нехан турпалхо ву иза. Хьан лур ду жоп?».
ГIезалойчоьнан куьйгалхо тIе ца тайна депутато динчу къамелана, "цунна шенна хетарг ду и" элира цо. Цул тIаьхьа Хамаевс гечдар дийхира, цо ша ма-ааллара, "сихвеллачохь аьллачунна".
Дукха хан йалале Кадыровн кIантана Кхарачой-Чергазийчоьнан лаккхара орден а йелира. И совгIат луш ду, цуьнан йеза цIе йелахь а, цо 20 шарахь болх бинехь а. Кадыров Адама оцу регионна динчу гIуллакхех а, хууш дац
Дагадоуьйту, Кадыров Адама йиттира Журавель Никитина кху аьхка. Мийрашца а, буйнашца а цо цунна йеттачу хенахь дIайазйина видео йаржийра Кадыров Рамзана. Цо йаздира "дозалла до аса кIантах" аьлла. Бакъоларйаран органаша цхьана а агIор терго ца йира Нохчийуьура СИЗО-хь лаьцначунна йиттича.
Журавель лецира стигалкъекъа-баттахь Волгоградехь. Иза бехкевира, "ВСУ-н тIедилларца" КъорIан дагорна – цу тIе тоьшаллаш цо ша динарш бен дан а дац. Москвано тIедилларца гIуллакх Нохчийчу дIахьажийна – волайнхой бу аьлла дIакхакхийна республикера 13 имам.
ТIаьххьарчу кхелехь даьхначу суьрташ тIехь Журавелан йуьхьа тIехь йиттина лараш йу гуш
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: