ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн жигархойн ЯнгулбаевгIеран жимахволу ваша экстремистийн а, террорхойн тептаре ваьккхина


Янгклбаев Байсангур
Янгклбаев Байсангур

Оьрсийчоьнан Минюстан экстремистийн а, террорхойн а федералан тептаре ваьккхина 24 шо долу Янгулбаев Байсангур – жигархойн Янгулбаев Абубакаран а, ИбрахIиман а жимахволу ваша, кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин а, нохчийн полисхочунна тIелатар дарна бехкейеш йолчу Мусаева Заремин а кIант ву иза.

Янгулбаев Байсангур 12514 номерца тептаре вазвина. Хьалхо оцу тептаре ваьккхира цуьнан ваша ИбрахIим (№ 12515).

Кавказ.Реалиига 1ADAT оппозицин болам кхоьллинчех цхьаъ волчу Янгулбаев ИбрахIима дийцина ма-хиллара, оьрсийн Iедало лелош долу барамаш беламе ду, хIунда аьлча, "раж хийцайаллалц" вежарий цIаберза дагахь бац. Янгулбаев Байсангур экстремист ларарца доьзначу дIахьедаршна Евроберто терго йийр йу аьлла ца хета Янгулбаевна.

"Тхан кехаташца дерриг нийса ду, тхо кхерамазаллина кIелахь ду. Оьрсийчоь пачхьалкх-террорхо лаьрра йолу Литва цхьа а дIавала гIертар йац", - дIахьедина ИбрахIима.

1ADAT каналан чатехь шен вашас битина озан хаамаш хила мега и экстремист лараран бахьана, дийцина Кавказ.Реалиига Янгулбаев Абубакара. Цунна, йа шена Байсангурна шаьш Минюстан тептаре бахарх лаьцна бахьанаш ца девза.

"Беламе ду, террорхо лоруш йолчу пачхьалкхо адамаш церан хьежамаш бахьанехь экстремисташ, террорхой ларар", - тIетоьхна Янгулбаевс.

ХIара хаам арахоьцучу юкъанна Кавказ.Реалиин редакцин аьтто ца хилла Янгулбаев Байсангурца къамелдан. Хууш ду 2018-чу шарахь шен вешица ИбрахIимца и Оьрсийчуьра дIавахана хилар. Янгулбаев Абубакар 2021-чу шеран гIуран-баттахь дIавахара Оьрсийчуьра. 2022-гIа шо долалуш шайна кхерамаш тийсарна Янгулбаев Сайди шен йоьIца Алияца Оьрсийчуьра дIавахара.

  • Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттина волчу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. ДIалоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетам чуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелетта хилла аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг баккхаза яьлла иза". ТIахьо хьарамлонаш лелорна бехк биллира цунна.
  • Мусаева Зарема лачкъийна йигина ши кIира даьллачул тIаьхьа бен ца витира цунна тIе адвокат. ДIасаялар доьхкуш хIоттийначу кхелехь Мусаева кхетамчохь ца хиллера. Товбеца-баттахь юха а лазар деана, охьайоьжнера иза.
  • Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгIеран доьзална телеграм-каналехь динчу йозанехь Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. ТIаьхьо юха кхерамаш карлабехира цо видео дIаязъеш. Чиллан-беттан юьххьехь Делимханов Адама инстаграмехь эфир хIоттийра, ЯнгулбаевгIарна а, шен къамел оьрсийн матте гочдиначарна а кхерамаш туьйсуш. Кхерамаш тийса буьйлабелира иштта нохчийн лакхарчу даржашкара ницкъахой а. Чиллан-беттан 2-чохь Соьлжа-ГIалин юккъехь митинг дIаяьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал. Митингехь ЯнгулбаевгIеран доьзалан суьрташ дагийра, тIе мийраш биттира, этIийра, иштта дуьххьал дIа кхерамаш а тийсира.
  • Бакъоларяъарн "Поддержка политзеков. Мемориал" проекто политикан тутмакх лерина Мусаева Зарема.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG