Алиханова Алина
Къилбаседа ХIирийчоьнан шахьарна юьстахарчу ярташкахь къен бехачу нахана гIо до волонтёраша
СагIанаш дар даьржаш ду Къилбаседа ХIирийчохь. Наханна гIодарца берриг махканна евза жигархочо, операн йишъалархочо Чельдиев Вадима кхоьллина "Ирон Жеу" фонд. И санна фондаш шайн-шайн кIошташкахь буьйлабелла кхолла къехойх дог лозурш.
Ирафан кIоштахь "Дигорон Жеу" фонд схьайиллина 3 бутт бу, амма кхиина иза хIинцале 30 доьзална гIо кхачо.
КIоштан Iедало хIусам а елла цунна. Иза ханна бен яцахь а, деса пенаш делахь а, баккхийбе цунах волонтераш.
Фондерчу 15 жигархойх ю Гатиева Виктория. Ша даима а хилла мискачу нахах доглозуш, иза шена чу дас-нанас бераллехь диллина, боху цо.
"Тхо-м, къинхетамхой, хIинца алссам ду. ХIора а ву шен балхахь, массеран а бу доьзалш. Сайн де а долуш, цкъа а ца яхаелла со мецачу стагана уллехула тIехъяьлла. Ца Iало мискачунна сагIа ца делча".
Фондо вовшахтоьхнарг еха шаьш богIу хIинца цхьаберш. Дукхахболучарна эхь хета. Дукха хьолехь царна хьалхара гIо деха церан гергарнаш боьлху "Дигорон Жеу". Мел бакъ ду гIо оьшу бохург цкъа а ца толлу фондо – къоьлла ишта а хуьлу къайлаяхьа хала.
"Цкъа а мерза кхача цагурш бу, берашна ма оьшу ца кхочу марзолгаш. Къечу дена-нанна тоаме хета беранна тIейоха, яо-мало карийча, мерзаниг эца хьал дац, хьоьгу. Мерза хIума шега дIакховдийча, беро хьуна дуьхьал хьажочу бIаьран зIаьнарел хаза, хьан догдохдеш хIун хир ду кху дуьненахь!" – йоьлу Виктория.
ЙоIа дийцарехь, кIен бу аьлла буьтийла доцуш, вуно хала, тIех беркъа беха Сурх-Дигорара АбаевгIеран доьзал. Пхи бер ду ша Iаьчу ненан. Балхахь яц, берашна лучу соьмех ца баккхало доьзал хене. ХIусаман тхов бу болуш, кораш дахкаделла, неIарш янне а яц. Чохь доьзал муха бахало, цецъюьйлу волонтер.
Волонтераш жигара хьовзар бахьана долуш, Ирафан кIоштан дас тIетасийтина АбаевгIеран дIахадийна хилла газ. ЦIенна чу хи далийна юьртарчу цхьана дикачу стага.
Къинхетаме нах дуккха а бу, боху Гатиева Викторияс. Цунна хетарехь, къаьсттина комаьрша хуьлу хьоло вукъвина воцург – иштачара сихо до мисканашна гIо. Шаьш лелош йоцу хIуманаш йохьу наха фонде: берийн маьнганаш, гIудалкхаш. Цхьаболучара туьканашкара оьций а йохьу фонде хIуманаш, кхача.
"Телефон туьйхира тхоьга пхеа беран нанас цкъа, ур-атталла бепиг а дац шайн чохь, элира цо. Оха 10 бепиг а, кхиболу кхача а ийцира. Доьзал меца ца бисийта гIерташ схьадогIу,", дуьйцу Викторияс.
Ала догIу, уггаре доккха гIодийраш таро йолу нах бу, Дигорара массех стаг – долахь туька ерш а, бизнес лелораш а. Делахь а, кхача латторал, тIедухург даларал кхин тIех ца долу гулдеш долу гIо. Цомчуш долчу берашна гIодан ца тоьу ахчан сагIанаш.
Кавказерчу къамнашна даима а хетта, тахана а хета сагIа деха эхь. Цундела "Дигора Жеун" интернетерчу агIонтIехь къайлаяьхна хуьлу гIо оьшучийн яххьаш.
"Оха цхьана доьзална гIодинера цкъа. Гергарнаш буьйлабелира телефонаш етта, дIаяха церан яххьаш гучуьра, ма яха цIерш, юьхьIаьржа ма хIиттаде тхо, бохуш.
Хаьттира оха, стенгахь дара шу и доьзал меца, шийла Iачу хенахь. Бепиг а доцуш ма лелла бераш! … Цул тIаьхьа оха лечкъо йолийра мисканийн яххьаш", дийцира "Кавказ.Реалиига" тIееъначу Викториян цхьана накъосто.
Доьзалшкарчу къоьллин цхьа хатI ду: чоь юьззина бераш, болх цакарор я бан могашалла яцар. "Дигора Жеус" бехк ца буьллу цхьанна а: я шен бехканна къен вехачунна а, я таро йоллушехь сагIа цадечарна а. Долучаьрга -ша доьху, доцучарна – ша дехнарг дIасадоькъу.
"Массо а ца хуьлу шайна динчу диканна хастам беш. Тхайна бен ма ца бохий оха. СагIийна елла хIуманаш лела а йой, бехъелча ца йитта, дIакхуьйсурш а бовлу. Ца хеддаш сагIа доьхуш, бан нисбелча а болх ца беш, тIелеларш а бу. Иштачаьргара а ца боккху оха бехк. Дийца, кхето гIоьрту", - элира Викториян шолгIачу накъосто.