ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чу са кхоллалур дуй-те хIирийн футболна?


Гайтаман сурт
Тохсыров Вадим

Цхьа зама хьалха Оьрсийчоьнан футболехь тоьллачех яра "Алания". Шена и цIе юхаяло дагахь ю БуьритIера "Спартак-Владикавказ". Оцу хьокъехь хаамбина хIирийн прессо. Бакъду, и хийцам байта реза хила еза Оьрсийчоьнан футболан цхьаьнакхетаралла (РФС).

Цамгар дIаяларе сатуьйсучу юкъанна

Къилбаседа ХIирийчоьнан футбол дуккхаза а лелла "шийла хьацар детташ". Финансаш галморзах а евлла, 2005-чу шарахь Инарла прокуратурано дIакъовлийтира "Алания" тоба. Оцу бахьаница Советийн заманара шен шира "Спартак" цIе тIеийцира цо. Сиха туьйлира шолгIачу дивизионан къилберчу декъехь, иштта сиха юхаеара пачхьалкхан лиге а (ФНЛ), иштта меттахIоттийра цо шена "Алания" цIе.

Амма кхин цкъа а лан йийзира хьалхалерра цамгар: лакхарчу лигера охьаялар, лахарчу дивизионашкахь сий къовсар. 2012-чу шарахь премьер-лиге елира "Алания", карийра цунна тоьлла спонсор - "РусГидро", дикачех нисвелира куьйгалхо а - Газзаев Валерий.

Хеталора, болар чехкадер ду, дахар аттачу дер ду "Аланин", амма Iехавелира тIаьхьо Пачхьалкхан Думехь депутат Iенволу Газзаев. Ток йоккху компани - спорсор - хьал долуш хиларе терра, керла стадион йилла, ловза Iема меттиг тоян волавелира иза, амма шо а далале юьстахъелира, шайн гIайгIанашца шаьш бисира хIирийн футболхой.

Массех бутт а ца белира "Аланина" тIе цаладаллал доккха декхар доьжча. 2014-чу шарахь, ша охьаяллачу хьалхарчу дивизионехь йолийна матчаш а юьтуш, юьйхира тоба. 6-7 баттахь алапаш эцанза а болуш, дIасабахара футболхой.

Цул тIаьхьа, тIера цIе шелъеллачу овкъаршлахь бецан хелин санна, юхаденделира "Аланин" IиндагI - "Спартак-Владикавказ", шолгIачу дивизионе ийцира иза. Амма дIа ца дахара гIуллакх ур-атталла цигахь а – елира кхоалгIачу дивизионе.

Аукцион

Цхьана муьрехь сагIанаш дечу наха, доьза ца йойтуш, кхобура шайн мехкан футболан тоба. Амма шо, ши шо даьлча "Авито" сайтехула йохка кхайкхийра клубан бренд - "Алания". Миллион сом гергга ахча деллла, ийцира иза Пачхьалкхан Думин депутата Макиев Зураба - нагахь санна мехкан футбол меттахIутту зама ягIахь, оьшур-кха цунна шен цIе, аьлла дира цо иза.

"Спартак-Владикавказ" шолгIачу дивизионан лахарчу могIанашкахь ехачу юкъанна, цунна цуьнан "бакъйолу" цIе юхаерзаяре сатуьйсура махкахоша.

"Оьрсийчоьнан футболан цхьаьнакхетаралло дихкина тобанна "Алания" цIе лелор, цуьнан бренда кIел левзинчу спортхошна, къахьегначу клубан белхахошна догIу алапа дIадалаза лаьтташ хиларна. "Ши клуб яра и цIе лелош: "пачхьалкхан автономин хьукмат" (ГАУ ПФК "Алания") а, "доза тоьхна жоьпалла долу юкъаралла" (ООО "ПФК Алания") а. ТIаьххьарчо дакъалецира 2014-2015-чу шерийн къовсадаларшкахь", - дийцира "Кавказ.Реалиига" клубехь юрист лаьттинчу Туаев Петра.

ДIадахначу шеран Iай дара Къилбаседа ХIирийчоьнан спортан министра Габулов Владимира, кеста йиш хир яц махкарчу футболхойн тобан "Алания" бренд юхаерзо, аьлла. Амма Iедалца гергарло долчу сайташа хаам баржийна, "Спартак-Владикавказо" кеста юхаоьцур ю шена "Алания" цIе, аьлла.

Толамашка сатийсар

Спортан министр Габулов ша а ву къоман футболан тобанехь левзина. Цо бахарехь, спонсарш карийна клубана юха а, церан лаам бу хьалхалера цIе юхатилла.

"Кавказ.Реалиин" информацица, клуб шен куьйга кIел эца дагахь ву ХIирийчуьра схьаваьлла Гуриев Владимир, Красноярскерчу а, Новоангарскерчу а металургин дакъойн инарла директор. Бахарехь, футбол шена езарна деш а дац цо иза. Клуб денйийриг БуьритIерачу КIунзал-лома (Лысая гора) гонахара латта ду луш – иза тайна Гуриевна.

Хьалха Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Битаров Вячеслава, дан хIума доцчийн болх бу иза, олий, мах божабора футболан. Амма Оьрсийчохь дIадаьхьначу дуьненаюкъарчу ловзарша ир-кара хIоттийна иза – мехкан футбол юха а меттахIотто воллу. Бакъду, дагахь ву и гIуллакх спонсоршка дайта.

Хьалхарчу дивизионе кхача еза хIирийн клуб юьхьанца. Футболера министран дарже кхаьчначу Габуловс болийна Iалашоне вуьгу некъ: клубан тренер хIоттийна шеца зама хьалха левзина шен доттагI Гогниев Спартак. Цо хIинцале а яха йолийна клуб аьттоне юьгу гIулчаш, Iалашо ю, хан ях ца йолуьйтуш, Оьрсийчоьнан коьртачу лиге кхача.

Къилбаседа Кавказан футбол кIелйисина яьллачу хьесапе яхар тидаме а оьцуш, цо боккху жима толам а лаккхарчу меха буьллу бахархоша ("Ахмат" клуб яц юьйцург – иза шатайпа тема ю).

Кхачам боллуш Iамош а, лелош а буй ненан мотт Нохчийчохь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG