ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь жигарбаьккхина Шемарчу ДАIИШ-ца бен къийсам


Нохчийчоь – «Исламан пачхьалкх» олучу тобанехь тIемало санна ялх бутт Шемахь а баьккхина цIавеана аьлла Оьрсийчоьнан зорбанан гирсашкахь вуьйцуш волу Мажаев СаьIид (аьттоагIор) ву Нохчийчоьнан муфтийца лаьтташ. 18.Марс.2015
Нохчийчоь – «Исламан пачхьалкх» олучу тобанехь тIемало санна ялх бутт Шемахь а баьккхина цIавеана аьлла Оьрсийчоьнан зорбанан гирсашкахь вуьйцуш волу Мажаев СаьIид (аьттоагIор) ву Нохчийчоьнан муфтийца лаьтташ. 18.Марс.2015

Дуккха а шерашкахь Iедалан белхашкахь къа а хьегна, масехь шо хьалха дуьйна а пенсехь ву ас юьззина цIе ца йоккхуш вуьту Ленинан кIоштара вахархо Салман. Цо дустарш а далош, ша кхеторехь, шена моттарехь довзийтира таханлера Iар-дахар.

«Со кхиазхо волуш а, жима стаг волуш-м, хьала а, охьа а юьхьанца вир-ворданахь, тIаьхьо жимма таро хилча, дас говр а эцна, говр-ворданахь а ас дена гIо деш, мангал хьоькхуш дукха докъар яьккхина.

Якъаелла докъар вордана тIейотта а оьшура говзалла. Йоьттина ваьлча муш а тосий, гел хьовзайора. Масех чакхарм генара ахь докъар схьайохьуш хилча, дIасатехка-аш муш мал а лой, цIа кхачале юх-юха а гел хьовзо езаш меттиг а йогIура. Цкъацкъа, чIагIонна бохуш, ахь тIех буьйлина муш, воьдуш лаьтташехь, хада а хедий, докъар дIаса а йоьдий, ворда юхаюттуш а нислора.

Тахана тергаллучу хьоло и 45-50 шо хьалхалера, юкъ-кара муш хада а хедаш, докъарна гел хьийзор карладоккху суна дан хIумма а доцуш. Цунах, гел хьийзош буьйлинчу муьшах, тера, цхьа дац лерг» хьийзош буьйлинчу мерзах тера, цхьа хада, эккха тарьеллачу хIуманах тера, хIинца хIун хуьлу, тIаккха хIун хуьлу те бохуш, ладегIаме хета-кх суна Нохчийчуьра хьовх, ерриге Оьрсийчуьра хьал а». И къамел динарг ву Соьлжа-гIалин Ленинан кIоштера вахархо Салман.

Схьагучу суьртаца бакъдолчунна гена дац гIаларчу вахархочо Салмана дуьйцург. ТIеман аматех, гIайгIанечу хиламех доьттина ду махкара дахар. «Кавказан узел» агенталло хаме даккхарца бутт хьалха Ленинан кIоштан полисхойн урхаллехь вийначу Лорсанов Исламан дакъа цкъа схьалур ду а аьлла, ца а луш дитина низамхоша.

Хьалха а хааме даьккхина ма хиллара и лаьцна дIавигар бахьана хилла Iаьнан хьалхарчу баттахь полисхошна тIелатар а дина дIабаьхначу кегийрхойх цхьаболчарна Лорсанов вевзаш хилар а, хIара Iаьрбийн пачхьалкхан дешна хиларе терра кхунах уьш цхьацца хеттаршна жоьпаш лоьхуш дагабийлина хилар а.

И веллачу тIаьхьа сацийна цуьнан жимаха волу ши ваша а вац хIинца а цIийнах кхетта а. Вийначун дакъа схьалур ду бохург бакъ моьттинчу гергарчара даьккхина каш дакъа доцуш,цкъачунна байлахь дисина лаьтташ ду, хIуъчара дийцарехь.

ЦIерачарна боккха кхаъ а хуьлуш, мукъавалийтина чекхбаьллачу беттан 11-чу дийнахь дуьйна гергарниш тIаьхьа ца кхуьуш латтийна Рашидов Мовсар. Цунна бехке диллинарг, гергарчарна моттарехь, хилла Шелахь, дечке беттан 30-чу дийнан буса, леррина дIаехьначу тIеман операцехь байинчу кегийрхошна тIехь куьйгалла деш Шема пачхьалкхан тIамехь волу Мовсар кIант хилар.

Юьртахоша даре дарца кхо-диъ де хьалха мукъаваьккхинчу Рашидов Мовсар тIех вочу хьолехь хиларна иза дарбанан цIийне кхачо дезна цIерачеран.

Махкарчу хьолах бозабеллачу хиламех моз а тардеш, лоьцуш а, хаддаза бехк токхаман гIуллакхаш асхьа доьллуш схьабалош бу вайнехан кегийрхой генарчу Шемара тIом бахьнехь а. ХIинцца хIинцца бехк токхаман гIуллакх долийна Новр кIоштерчу вахархочунна Болотханов Салахьна дуьхьал а. Прокуратуран хьостано чIагIдарца, иза 2013-чу шарахь дуьйна дIакхетта ву Оьрсийчохь нажжаз йинчу ДAIИШ-ан боламан тIемалойх.

Цу Юххерчу Малхбалера тIом бахьнехь Нохчийчохь низамхоша кху карахь болчу чиллана баттахь, таIзар кIел хIотто кхайкхийнарг масех жима стаг ву. Царехь цхьаъ ву кху хьалхарчу декъехь шена дуьхьала бехк токхаман гIуллакх а долийна лехаме велла Саралиев Бекхан а.

Официалан кхайкхош а доцуш кIезиг масалш дац кхузахь тIеман тасадаларшкахь эгначеран юххера гергарчарна гIо дарна а, зIенехула кадам барна а, телпош тIехь ноьмарш ю аьлла а, куьг бехке лоручаьрца чукаренаш лелийна аьлла а бахархой совцийна. Цу могIарерчу хиламаша йоккха йочано чехка ирхдохуьйтучу жIаьлинускалех тера, къаьсттина лакхадоккху могIарерчу нехан ладегIамийн тIегIа.

XS
SM
MD
LG