ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кешнийн тIулгаша а довзуьйту хилларг


Нохчийчоь -- Шира кешнаш. Органан чIож.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:42 0:00
Линкана тIе

Нохчийн бIаьвнашна а, ширачу чарташна а тIерачу йозанаша тIе тидам ца бохуьйтуш стаг ца вуьту. Ца кхеташ долу и тIулган йозанаш (петроглифаш аьлла Iилманан цIе ю церан) инзаре дукха ду махкахь. Адамийн а, акхаройн а, маьлхан а, беттан а, герзан а --- тIулгаш тIехь долчу цу суьртийн маьIна тахана къастийна лоруш дац дерриге а дуьненахь.

Амма цу тIехь болх беш бу нах. Нохчийчохь царах цхьаъ ву Дадаев СьаIид. Цо онда болх бина цу тIехь. ХIун маьIна ду оцу петроглифийн? ТIаьхьене дош ду я вовшашца уьйраш латтош зIе ю? Еххачу хенахь ламанца йолчу нохчийн пхеа кIоштахь болх бина цо хIора иштта долу тIулган йоза дIаяздеш.

Дадаев СаьIид.
Дадаев СаьIид.

Ша цо иштта дуьйцу цуьнах: "5 кIоштахь ас теллина вайн тIулгаш тIехь дина йоза. Таханлерчу дийнахь 1500 (цхьа эзар ах эзар) петроглиф гулъелла сан. Со и болх бан волавелча къаьстина цхьа ткъех петроглиф еша мегаш хилира. Халахеташ далахь а, вайн иза еша хууш цхьа да вац. Немцойн Iилманчаша гочйина уьш. И ткъех петроглиф вайн маттахь а ю".

ТIулган йозанаш дечу хенахь церан шайн шайн маьIна хилла, бохуш дуьйцу Дадаевс: "ХIара бIов тIехь ялахь, цу чохь вехачу стеган тайпанан билгало хилла, шаьлтанца а, лелочу доьхканца а. И стаг тIамехь велча, цу тIехьаьжча хууш хилла иза цигара вуйла. ХIара петроглифаш 15-18 эзар шо хьалха дуьйна хилла ю".

Вуно ширачу заманахь баьхначу "хьехан" олучу наха дехкина ду и суьрташ, боху Дадаевс: " Малх а баьккхина цо, беттан сурт а биллина цо. Масала, малха кIелахь сиз хьаькхна хилча, иза Iуьйре олуш хилла. ХIара суьйре хилла, хIунда аьлча, сиза тIехула малх а, бутт а болу дела. Ткъа делкъе хилча, малх сизал лакхахь буьллуш хилла.

Шира чурташ тIера суьрташ.
Шира чурташ тIера суьрташ.

​Мел атта дохкуш хилла суьрташ а дуьйцу историко: "Таллархо а вуьллуш хилла Iад карахь а долуш. Газа я сай хилла буьллуш. Иза талла Iуьйранна я суьйранна ваханехь, малх а буьллуш хилла оцу хене хьаьжжина. Дукхахьолахь, вайн суьрташ тIехь суьйранна схьавогIуш хилла. Иза цIа вогIуш бохург ду. Оцу тIулгаш тIе хьаьжча хууш ду-кх и хIума".

Халахетарца билгалдоккху Дадаевс, Iаьржа ахкархой олучу наха нохчийн историна а, къомана а дечу зенех лаьцна: "Вайн таллаза ерг ю археологи. Этнографехь цхьацца дан гIерташ бу вайн Iилманчаш, бакъдерг дийцича, уьш а 10 процентана а тIаьхьакхиъна а бац. Вайн лаьтта бухахь йоцуш хIума яц. Инзаре дукха хIума ю".​

Ширачу заманахь велла тхьамда-баьчча шен бахамца дIавуллуш хилла, бохуш дуьйцу Дадаевс: "ТIаьхьалонна юьсур яра олий, юьтуш ца хилла. Шортта хазна ю вайн лаьтта бухахь. Вай тIехула лелаш ду цунна. Iаьржа ахкархой бу шортта лелаш. Цара йохка а юхку, шайна карийна хIума. Суна чIогIа хала а хета иза. Цара вайн истори харцъеш а, иза юьхкуш а бу и санна болу нах".

Нохчийчоьнан шира истори толлуш дукха нах баьржина тIаьхьарчу хенахь. Къаьсттина жигара бу уьш этнографехь а, этногенезехь а къахьоьгуш. И кхиамаш гойтуш цхьацца белхаш а зорбане баьхна цара. Дадаев гулдина и тIулган йозанаш гочдича, нохчийн къоман бухан кIоргене кховда аьтто хир бара аьлла шеко яц цуьнан.

Нохчийн историко Дадаев СаьIида дуьйцу ша гулйинчу ширачу артефактех лаьцна.
please wait

No media source currently available

0:00 0:04:35 0:00

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Хьенан бехкенна хилла Нохчийчохь "Хьалхара тIом"?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG