ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан эскархойх "оккупанташ" аьллачу нохчийн эпсаро шена доцург кхоьллина аьлла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

1994-чу шеран ГIуран-беттан 31-чу буса Соьлжа-ГIалахь хиллачу штурмах лаьцна ша динчу дIахьедарна йинчу критикана дуьхьал жоп делла Кадыров Ахьмадан полкан эпсаро, полицин капитана Солтаев Ильяса. "Интернет-провокаторша" доцург кхоьллина шена, шен дешнаш харцахьа а даьхна аьлла, дIахьедина цо.

"Инзаре Ельцинан политико а, зуламечу Ичкерин куьйгаллин политико а цIий Iанийра. Мискачу нахана зенаш хилира оцу тIамехь, нохчийн маьрша бахархой боцурш, оьрсашна а цхьана. Суна террорхой бу тIеман зуламхой, ас постехь бийцинарш цхьаъ бара. "Къаьсттина хьекъале болчарна" лерина ас юха а боху - Оьрсийчоьнан армех лаьцна дацара сан негативе вистхилар, тIеман зуламхойх лаьцна дара", - боху Солтаевс, "Грозный" телеканало шен сайтехь зорбане яьккхинчу видео тIехь.

Кадыров Ахьмадан цIарахчу нохчийн спецназан командиран гIоьнчас, капитана Солтаев Ильяса оьрсийн эскархойх "оккупанташ" аьлла, 1995-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь Соьлжа-ГIалина штурм ярх лаьцна инстаграмехь комментарий еш. Йоккха резонанс гIаттийнера цуьнан сторизо, тIаккха шен аккаунт дIаяьккхина Солтаевс.

Сторизаш дIаяьхначул тIаьхьа яздинера цо: "Керлачу шеран буса ас хIоттийна статус лоьху тентикаш, 24 сахьт даьллачул тIаьхьа шаьш дIайовлу уьш. Цул хьалха инстаграмо дIаехира уьш, хьакхарчаша аьрзнаш динчул тIаьхьа, бераллехь дуьйна оха иштта олура шух". Карарчу хенахь, 85 эзар стаг аккаунте язвелла хилла Солтаевн инстаграмера (polkovnik__95) агIо дIаяьккхина.

2019-чу шарахь оппозицин политико Навальный Алексейс видео яржийра "Единая Россия" партин цIарах нохчийн парламентан депутатах, Ичкерин заманахь тIеман министр лаьттинчу Ханбиев Мохьмадах лаьцна. Шен инстарамехь хIоттийначу эфирехь цо дIахьединера, ша Оьрсийчоьнан Iедална гIуллакх деш велахь а, оьрсашца цкъа а къамелаш ца до ша, тIом боьдучу заманахь оьрсийн кара вахна вац ша, оьрсий безаш вац, Ичкерин воI хилла вуьсу ша аьлла.

Де даьлча Ханбиевс комментарий йира шен позицех лаьцна: оьрсий беза, цаьрца къамелаш до, шен дешнаш нохчийн маттера нийса гочдина ца хиллера аьлла.

1995-чу шеран керлачу шеран буса Соьлжа-ГIалина йинчу штурмаца болабелира Нохчийчохь хьалхара тIом. Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш тIелетира еа а агIора, амма гIала схьаяккха ницкъ ца тоьира.

Шина баттахь бина хала тIемаш бирзира инарлан Лев Рохлинан тобано къилбаседа-малхбален агIорара тIелатар дина. Нохчийн Ичкерия Республикан ницкъаш боцурш а, гIала дIа ца луш бинчу тIемашкахь дакъалоцуш бара Оьрсийчохь йихкинчу УНА-УНСО организацера украинхойн националисташ а.

Оцу операцехь вийра 35 эзар стаг, шайлахь 27 эзар маьрша вахархо а волуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG