ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а бераш алсам леш хилар къаьстина


2021-чу шеран Дечкен-баттера Лахьан-батте кхаччалц къаьсттина дукха кегий бераш деллачу Оьрсийчоьнан пхеа регионашлахь билгалъяьлла Дагестан, Ростовн а, Краснодаран а кIошташ а. Росстата далийна и зераш.

Билгалъяьккхинчу хеначохь Дагестанехь 332 бер делла (Москва дIаяьккхича шолгIачу меттехь), Краснодаран кIоштахь 219 бер делла (пачхьалкхехь 4-гIа меттиг), Ростовн кIоштахь 215 (тептарехь 5-гIа меттиг).

ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а бераш кхалхар лахделла къастийна. Кхарачой-Чергазийчохь оцу юкъанна и гайтам 4% лакхабаьлла, Нохчийчохь 10 процент гергга.

Стохкалерачу Дечкен-баттера Лахьан-батте кхаччалц динчу лараршца Къилба федералан гонехь баларш 24% кхиъна, Къилбаседа Кавказехь 12 процентна лакхадаьлла и терахь.

Къаьсттина дукха баларш хааделла ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь а, хаамбо Росстато.
2021-чу шеран 11 баттахь Оьрсийчохь 2 миллион 300 гергга стал велла.

ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а доьзалш бохар десташ хилар хааделла 2021-чу шеран 11 баттахь динчу жамIашца - 318% а, 263% а процентана. Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а кхечу регионашкахь иштта лакхара дац доьзалш къастаран терахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG