ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росстат: къаьсттина дукха доьзалш буху ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а


ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а доьзалш бохар десташ хилар хааделла 2021-чу шеран 11 баттахь динчу жамIашца - 318% а, 263% а процентана. Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а кхечу регионашкахь иштта лакхара дац доьзалш къастаран терахь. Росстата далийна оцу кепара зераш.

Йоллу пачхьалкхехь 2021-чу шеран Дечкен-баттера Лахьан-батте кхаччалц схьа 859 эзар керла доьзал кхоьллина, дIасакъаьстина 589 эзар доьзал.

2021-чу шарахь доьзалш къестар лахара хиллачу къилба регионашлахь ю Ростовн а, Волгоградан а, Краснодаран а, Ставрополан а кIошташ, иштта, Адыгей а.

Къестарш дукха даьржина хиларца билгалъяьлла ГIалгIайчоь – 2020-чу шеран 11 баттахь 434 доьзал боьхнехь, стохка 1 381 зудий-майри1 къаьстина цигахь.

Нохчийчохь 2021-чу шарахь боьхна 3 226 доьзал, ткъа шо хьалха 1 225 доьзал дIасакъаьстина. Иштта доьзалш къестаран терахь хаъал лакхадаьлла гойту Дагестанехь а.

Дахначу шеран 11 беттан зерашца, дукха доьзалш кхоьллинчех ю къилба регионера Краснодаран кIошт (7,6 доьзал кхоьллина эзар бахархошлахь), Ростовн кIоштахь (6,3 доьзал эзар бахархошлахь). Къилбаседа Кавказан мехкашкахь – Нохчийчохь (5 эзар доьзал эзар бахархошлахь), ГIебарта-Балкхаройчоь (4,8 доьзал)

Къилбаседа Кавказехь доьзалш бохар лакхадалар дузу эксперташа белхан миграцица – яккхийчу, экономика кхиъначу регионашкахь белхаш бан дIаоьху кегийнах, хIусамнаной а, бераш а цIахь дуьтий. Хан мел йолу юкъара зIенаш хедий, и тайпа доьзалш буху.

Бакъонашларъярхоша билгалдоккху, Къилбаседа Кавказехь доьзалш ца бухуш сацабаларан бахьанех ду, зудий-майрий къаьстачу заманчохь кхелаша дукха хьолахь бераш деца дуьтуш хиларна. Къилбаседа Кавказехь берийн ненан бакъонаш йиллина хьоьшуш хилар го Страсбургна. Европан Кхеташонан министрийн кабинето дийцаредира Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан (ЕСПЧ) сацамаш барх а, церан хьесапаш кхочушдарехь Iитталучу дуьхьалонех а.

Тайп-тайпанарчу хенашкахь ЕСПЧ кхело сацамаш бира, шайн бераш къуьйсучу Нохчийчуьрчу а, ГIалгIайчуьрчу наношкахьа Муружева Лайлаэхьа а, Губашева Асетехьа а, Юсупова Фатимехьа а, Ферзаули Расинехьа а.

Стохка ГIадужу-баттахь Европан адамийн бакъонашкалхула кхелехь толам баьккхира ненан бакъонех яьккхинчу нохчийн зудчо Магомадова Зелихас. Бух болуш дац ненера бакъонаш яхар аьлла, хьесап дира кхелахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG