ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн бараш къуьйсучу нохчийн а, гIалгIайн а наноша толамаш боху Европан адамийн бакъонашкахула кхелехь


Иллюстрацин сурт

Бераш дуьненчу девллачул тIаьхьа, уьш дехойн лоруш ду Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а. Цундела, дукха хьолахь, да а, нана а къаьстинчул тIаьхьа доьзал марзхошкахь буьсуш бу, иштта нанна бераш ган бакъо ца яла а тарло. Цу кепарчу ситуацехь тIаьххьара инстанци хилла дIахIуттуш ю Францерчу Страсбургера Европера адамийн бакъонашкахула кхел (ЕСПЧ), бохуш, яздина "Настоящее Время" телеканало.

"Дегайовхонца еха"

ХIара шиъ къаьстинчул тIаьхьа, хиллачу цIийндас йоI ца гойтучу ГIалгIайчуьрчу Губашева Асетехьа сацам бина Страсбурган кхело Стигалкъекъа-беттан 5-чохь. Асета латкъамбинера ЕСПЧ-н кхелахошка, шен йоI шега юхаяларехь меттигерчу кхелахойн пурстоьпаша болх эвсара ца бина аьлла.

Кхеле ца яла гIертачу ша, ца деш хIума а ца дитина, боху жимачу зудчо: шайн а, хиллачу марзхойн а цIийнах болчу къаношка а елира ша, муфтияте а яхара, шен марзхой лаьттинчаьрца бертахь йист яккха а хьийзира ша боху Асета.

"Сайн йоI ган аьтто баларе хьоьжуш, дегайовхонца еха со. Хиллачу хIусамдеца зIене яла а гIиртира. Шега йистхуьллушехь, дуьхьала со сийсазйохуш, шога къамелаш до цо. Соьца уьйр хила лууш вац иза. Шен дененах мама олу, дедех папа олу сан йоIа. Ас ца деш хIума ца дитина", - дийцина "Кавказ.Реалии" портале Асета.

2014-чу шарахь, йоьIан ши шо долчу заманчохь къаьстина Губашева Асет шен майрчух. Дас дIаяьккхинера цуьнгара йоI, тIейогIучу хенахь цуьнца уьйр латтор а доьхкуш. Карарчу заманчохь йоI дехошца ГIалгIайчохь ю, ткъа цуьнан да Соьлж-ГIалахь ву.

ГIалгIачуьрчу кхелахоша 2015-чу шарахь сацам бира, йоI нене дIаялар тIе а дожош. Амма хIинца а кхелан пурстоьпаша суьдан сацам кхочушбина бац.

2016-чу шарахь Асета пурстоьпашна арз деш, чуделла кехат а къобалдира. Суьдо тIечIагIдира, "кхелахойн сацам кхочушбарехь пурстоьпаша дIабаьхьна барамаш тоаме бац" аьлла. Делахь а, цул тIаьхьа а ца дира кIад а.

"Ца гойту цо цунна бер. Кхелан пурстоьпаш цига боьлху, амма кхочушдан ма - деззара шайн декхарш чекх ца доху. Да цIахь ца хуьлу, ГIалгIайчохь вехаш вац иза, Соьлж-ГIалахь ву бохуш, бахьанаш а лелош. Иштта 3-зза а, 4-зза а оцу гIуллакхан материалаш дIай-схьай кхехьийтина. Ткъа хан дIайоьду. Мел лахара а, цхьа ах шо бен хан ма ца оьшу и гIуллакх къасто, ГIалгIайчуьра Нохчийчу дIахьажо", - бохуш, дийцина Губашева Асетан адвокато,"Правовая инициатива" проектан юристо Абубакарова Маликас.

Оцу гIуллакхан хьоккъехь адвокаташ ГIалгIайчуьрчу прокуроре а цхьана бевлира, амма хIетте а гIуллакх меттахдаьлла дац.

"Цхьа таллам бира-кх цара. ЙоI дикачу хьолехь а яра, доьзалехь дукха езаш лелош а ю, иза кхион дукха аьхна хьелаш а дара цигахь аьлла", - кхин дIа дийцина Абубакаровас.

Стохка Стигалкъекъа-баттахь Губашева Асет Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле елира. Оьрсийчоьнан Iедалхоша Европан конвенцин 8-гIа артикл йохийна аьлла, хьесап дира кхелахоша. Ишта суьдхоша билгалдаьккхина, йоI нене дIаялийта - кхелан пурстоьпаша дина хIума цахилар. ХIинца, Страстбурган кхело ненехьа сацам бича, адвокаташ лерина бу кхелахойн пурстоьпийн урхалле дIахьедан.

Берашца а яц, веллачу цIийндех догIу ахча а дац

Стохка ГIадужу-баттахь Европан адамийн бакъонашкалхула кхелехь толам баьккхира ненан бакъонех яьккхинчу нохчийн зудчо Магомадова Зелихас а.

Нохчийчуьра Магомадова Зелиха
Нохчийчуьра Магомадова Зелиха


Нохчийчохь доьзалера дов дерзош, цу кхеле дуьххьара кховдийна гIуллакх дара иза. ВорхI шарахь листира иза. Кхело харц лерира, оьрсийн суьдо, Зелихера ненан бакъонаш дIа а яьхна, дехошкахьа озар.

Ялх беран нана ю Магомадова Зелиха. Милицехь болх беш хилла цуьнан хIусамда Болатханов Махьсуд вийра белхан декхарш кхочушдечу заманчохь, 2006-чу шарахь.

Иза велла 4 шо даьллачул тIаьхьа марвежарша Нажин-Юьртан кIоштарчу Бети-Мохкарчу шен хIусамера араяьккхира 30 шо долу Зелиха.

Бераш дика ца леладо цо аьлла, иза бехке а йина, цунна дихкира доьзална гергаяр. ХIетахь 13 шо дара воккхахволчу кIентан, жимахдолчу беран дара 4 шо.

Магомадован цIийнда велча Iедало елла компенсаци (2,5 миллион гергга сом) дIаяьккхира цуьнгара марвежарша, тIейогIучу хенахь берашна догIу ахча шайга схьаэцийта документашна тIе бертаза куьг а таIадайтина. ХIора баттахь 10 эзар сом дара и хIора берана кхача дезарг.

Магомадовас боху, хене яла карахь ахча а доцуш, йитира ша марзхоша, цунна дуьхьал шаьш оьций, кхачан сурсаташ латтайора шайна. Шен бераш юхадерзо лаамца Ноьвран кIоштан кхеле а яьллера иза. Мукъаденошкахь берашца цхьанакхета бакъо йитира цунна.
ХIетте а, зудчо дийцарехь, цхьана шерачохь цкъа а аьтто ца бира цуьнан бераш гойтуш. Мелхо а, шех "бераш лечкъа а деш, кхерамаш туьйсура шена", боху цо.

2013-чу шарахь хиллачу марвешо Болатханов Эласолтас кхелехула ненан бакъонех яьккхира Зелиха. Церан Iуналла дан ша билгалваьккхира.

"Правовая инициатива" проектан а, нохчийн "Нанойн бакъонаш" вовшахтохараллан а гIоьнца, массо а оьрсийн инстанцешкахула чекхъяьлла жима зуда, амма нисделла хIумма а дац.

Ненера арз чуийцира Европан адамийн бакъонашкахула кхело. Бух болуш дац ненера бакъонаш яхар аьлла, хьесап дира кхелахоша.

Иштта суьдо сацийра, ненан шен берашца цхьаьнакхетарш хилийтар пурстоьпаша тергал дина цахилар. Ткъа Магомадовгара бакъонаш дIайохуш, "дех-ненах тIаьххьара дийна дисинчуьнца уьйр хадийна" хиларна бехкбаьккхира. Цул тIаьхьа адвокаташа керла дIахьедар дира Оьрсийчьурчу кхеле, Зелихера ненан бакъонаш дIайохуш бина сацам юхабаккхар тIе а дожош.

Пхи йоI а, цхьа кIант а ву Зелихин. Ши йоI марехь ю, церан шайн а бу доьзалш. Делахь а, хIинца таро яц ненан цаьрца уьйр латто.
Цо дийцарехь, шайн дехойх кхоьруш болу уьш, ца хIуьтту нана тIейита.

Цомгаш бер лачкъийра

Нохчийчуьрчу яхархочунна Магомадова Элитина пайдехьа Европан кхелехь дов къастор хилира 2018-чу шеран Охан-баттахь. Шен кIант деца виса веза аьлла, Соьлж-ГIаларчу кхело бинчу сацамна латкъамбинера цо. Сацам бовзийтале ши шо хьалха аьтто баьллера цуьнан шен кIант схьаверзо.

2010-чу шарахь къаьстинера Магомадова Элита шен майрчуьнца. ХIетахь шо кхаьчна вара церан доьзалхо. КIантана дарба эшарна, Соьлж-ГIалара Москва дIаяхара Элита. Шен кIанте хьажа вогIура да, ткъа 2013-чу шарахь берийн бешара лачкъийна, Соьлж-ГIала дIавигинера цо 3 шо кхаьчна волу кIант.

2014-чу шеран бIаьста кхеле елира нана, беран Iер-дахаран меттиг билгалбаккхийта Iалашонца. Элитина бакъо ца йитира, шен кIантана тIеян а. Ленинан кIоштан суьдхоша дегахьа уьйзира.

2014-чу шарахь некъан бохамехь велира Элитин хилла цIийнда, ткъа кIант дIавигира дехоша. Юха а кхелахошка яьллачу Элитина пурба делира, кIант шеца вита. Ткъа пурстоьпашна ца каравора я кIант а, я цуьнан гергара нах а.

2014-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула кхеле яла дийзира ненан, ткъа 2016-чу шарахь Шеларчу кхелан полисхоша кIант юхавелира Магомадова Элитина.

Iадаташ низамел а лакхара ду

Бакъонашларъярхоша билгалдоккху, Къилбаседа-Кавказехь зударий ца бевллачу денна бен дIа ца боьлху доьзалера аьлла. Цара садетта халонашна, шайн берех ца бовла. Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а Iадат ду, зудий, майрий къаьстича, бераш дехошкахь дуьсуш. Берийн Iуналла деш хуьлу денана, я маре бахаза, цIахь болу дейижарий, я девежарийн хIусамнаной.

Оцу юкъанна, къастадо бакъонашларъярхоша, цу регионашкахь бераш дIадаьхна дукха зударий ца хIуьтту кхеле бовла бохуш. Ткъа пурстоьпаша, дукха хьолахь, кхелан сацам кхочуш ца бо, нагахь санна, кхело ненехьа оьзнехь. ТIаккха тIаьххьара инстанци юьсу царна - Европера адамийн бакъонашкахула кхел.

ЕСПЧ-н кхеле чуделла ду, "Правовая инициатива" проектан гIоьнца кечдина 2011-чу шарера схьа дуьйна 58 латкъамбеш кехат. Хьелаш тодархьама бакъонашларъярхоша хьоьху, бер лачкъийначу дена а, нанна а бехктакхаман жоьпалла тIедожор юкъадаккхар.
(Карарчу хенахь оцу бехкана Оьрсийчохь административан жоьпалла иштта ду: я 5 эзар гергга сом гIуда такхийтар, я пхи де-буьйса набахти чохь лецна даккхийтар).

Цул совнах, бакъонашларъярхошна гIоле хир ду аьлла хета, нагахь санна, кхелийн сацамаш кхочушбеш меттигера пурстоьпаш а боцуш, кхечу регионашкара хьакъболу белхахой хилча. Меттигерчу "Iадаташна" тIетийжар бац уьш, аьлла ду церан хьесап.

Комментареш

New Comments Available

Москвара даймахка балийначу кегийрхошкара бехкаш даьхна нохчийн Iедалхоша юха а. Шуна нийса хетий, оцу кепехь Iедалхоша нехан юьхь яхар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG