"Гуьржийн агIо кийча йолчу декъана тхайн шина пачхьалкхан юкъаметтигаш юхаметтахIитто кийча ду тхо", - дIахьедина шен брифингехь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан информацин а, зорбан а департаментан директоран когаметта волчу Бикантов Александара, хаам бо "Эхо Кавказа" сайто.
Бикантовс дийцарехь, Оьрсийчохь "цкъа цхьатерра хиларан хьаьрк ца йиллина Саакашвилин зуламан режимна а, Гуьржийчоьнан халкъана юкъахь".
"Теша тхо, Тбилисехь хьекъале маьӀна тоьлар хиларх а, ткъа тхан гуьржийн накъостий лулахошца юкъаметтигаш кхолла буьйлалур хиларх а, массарна а луучуьнан баланс а ларъеш", - аьлла Бикантовс.
Москвано кхайкхамаш бо Тбилисе а, Малхбузен пачхьалкхашка а "хир доцу Абхазина а, Къилба ХIирийчоьнна а Гуьржийчу реинтеграци ян гIертар дита" бохуш.
- Хьалхо Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вошахтохараллан Кхерамазаллин кхеташонан декъашхоша – Британино а, Францино а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Ирландино а, Норвегино а, Эстонино а, ткъа иштта царах дIакхеттачу Албанино а (Албанино Кхерамазаллн Кхеташонан даима а йоцучу пачхьакхан меттиг дIалоцур йолуш ю 2022-2023 шерашкахь), кхайкхам бира Оьрсийчоьне Абхази а, Къилба ХIирийчоь а йозуш йоцу пачхьалкхаш хилар къобалдар юхадаккха, цигара, хьем а ца беш, эскарш ара а даха аьлла.
Текстехь хила мега ша йоцуш йоцу пачхьалкх хилар д1акхайкхийначу Абхазехь лелош йолу терминологи а, топонимаш а.