Еххачу хенахь Украинехь политикан ларвар доьхуш лелла волу 29 шо долу нохчо Бакаев Iела цигара дIавахана Оьрсийчоьнан тIеман агресси йолаеллачул тIаьхьа. Хьалхо оьсийн Iедалийн тIаьхьбийларх вада дезна цуьнан – даймахкахь иза тIеман базанна тIелатар дарна бехкевеш ву. Оьрсийчоь иза Интерполехула дIавоьхучура ца соцура.
Нохчийн-оьрсийн духхьарчу тIамехь вийра Бакаевн да. ХIинца а цуьнан кост йоцуш тIепаза яйначу ненах лаьцна хIумма а дац хууш. 2022-чу шеран Чиллан-беттан 24-хь Бакаев юха а нисвелира тIеман хиламашна юкъа, Украинан Киеван кIоштахь оьрсийн тохаршна кIелахь.
Кавказ.Реалиин еллачу интервьюхь Бакаев Iелас дуьйцу Оьрсийчоь Украинана тIелатаран дуьххьара сахьташкахь хиллачух а, тIеман тийсадаларех лаьцна шена хетарг а, хIинца боьдучу тIеман нохчийчохь хиллачу кампанишца аналогих лаьцна а.
– Iела, муха еара хьуна Чиллан-беттан 24-гIа Iуьйре?
- Iуьйранна пхиъ сахь даьлча, со ламазна собар деш а волуш ракеташца тохарш доладелира. Суна гора генахь сирлаюьйлу стигал, лелхийтарш хезара… Iуьйранна ворхI сахьт даьлча со военкомате а, полицин декъе а вахара, герз схьа а эцна сой ларвалархьама а, сайн доьзалан а, кхечу нехана а кхерамазалла ларъярхьама а.
Суна туьканашкахь, аптекашкахь, банкашкахь яккхийра рагIнаш гира, иштта ягориг юттучехь а. Амма меттигерчу бахархошлахь бара шек боцуш, хIумма ца хилча санна шайн дахар дIакхоьхьурш а. Оьрсий тIамца богIур бац, герзан декарш бен дац уьш бохуш кхетадора цара иза… Амма кхин дIа хIоьттинарг дешнашца дийцалур дац: кегарий, берийн делхарш, бомбанаш кхийсар… Десант гIалин некъаш тIехь охьаюссура, дукха меттигаш нислора цара тIехъюьйлучу машенашна герз детташ. Нохчийн къоманна тIехь динарг хIинца Украинехь деш ду, керла хIумма а дац. Къахета нахах а, хIинца лаьттаца дIанисйийра йолчу исбаьхьчу гIалех а.
– Муха чекхделира хьан военкомате а, полицин декъе а вахар?
- Реза ца хилира уьш, тешийра, Оьрсийчоь кхин дIа гIург ца хиларна. Ткъа оцу хеначохь Киевехь герз дара дIасадоькъуш…
- Кавказ.Реалиица хьалхо хиллачу къамелехь ахь элира, конфликт иккхинчу меттигашкара наханна эвакуаци еш гIодан хьой кийча хилар…
- ХIаъ, со кийча ву царна гIо дан, кхерамазалле меттигашка дIабига, оцу гIуллакхна сайн дахар дIадала дезахь а. Аса иза ца боху сайн оцу агIор цхьа зенделларг хиларна, хIан-хIа. Суна ца леа куьйгаш охьадиллина, кIедачу диванна тIехь хиина Iачу нахах цхьаъ хила, гонахьа нах бойъучу хенахь.
– Оьрсийчоьнехьа долара вас юй хьан?
- ХIаъ, со воцург дукхачу нохчийн ю цуьнца шайн чоьташ. 400 шарахь тхан къоманна тIехь геноцид латторна а, 350 эзаре кхачалц маьрша нах байъинчу шина тIаманна а бахьанашца. Царах 42 эзар – бераш (бакъоларъярхойн маххадорца, дуьххьара нохчийн кампанехь велларг 30-40 эзар маьрша вахархо ву, шолгIачехь – 25 эзаре кхачалц. – ред.). Бух тIе кхачалц йохийнера гIаланаш, ярташ, ткъа кадыровхоша Кремлан вассалийн а, лайнийн вастехь вайн деношка кхачалц схьаяхьаш ю нохчийн къоман геноцид.
2010-чу шарахь дуьйна со лечкъавора, Iазапехь латтавора со лай ца хиларна
Дуьххьарчу тIамехь вийра сан да, тIаккъа лачкхийна йигира нана, цунах лаьцна хIинца а хIумма дац хууш. 2010-чу шарахь дуьйна со лечкъавора, Iазапехь латтавора, юха чоьте хIоттавора экстремист, ваххабист санна, со лай ца хиларна. ТIаьххьаре сан ши доттагI 2017-чу шарахь Росгвардин базехь герз диттина вийра, терроризмана бехке вина, ткъа соьх церан "хьалханча" вира. Оцу тайпа историш Нохчийчохь бIеннашкахь ю. Иштта тхан къам хIаллакдарна дуьхьала ахча а, чинаш кхочу царна. Украинехь болу хиламаш – иза тхан аьтто бу оцу наханна шайша мел летийна къинош дагадахкийта.
– Украинера дIаваха сацам хIунда бира ахь?
- Со сайн берийн бахьанехь дIавахара, хIунда аьлча суна Оьрсийчу эстрадици йан гIертара уьш. ТIаьххьарчу деа шарчохь сан кхин аьтто ца белира бакъо толийта Украинан прокуратурехь, миграцин сервисехь.
Окху массо шерашкахь суна депортаци йан гIерташ хилла оьрсийчоьнехьа болчу наха суна а, сан доьзална а зен дарна кхерам лаьттара соьгахь. Суна сой кхемазаллехь ца хаалора. Амма со чIогIа дохкохваьлла, сайн дех-ненах, гергарчу нахах, декъеш юха ца деллачу, байъинчу доттагIех, Украинан а Шеман дайъинчу берех а дIадекъа сайн баьлла аьтто ас тӀехтийлитарна. Со террорист вац, амма со дIадекъа кийча ву!
– Кадыровхошна юккъернаш байъина аьлла бакъйолу информацию й хьоьгахь?
- Теша мегар долчу Украинерчу эскархошкара хаьа суна цунах лаьцнарг. Иштта, Нохчийчуьра а кхочу хаамаш. Церан информацица, кадыровхойх 450-550 стаг вийна, срочникаш вай буьйцур бац.
– Нохчашна а кадыровхошна а юккъера башхалла гой украинхошна?
Дерриг дуьненна 30 шарахь дийцина нохчий – иза зулам ду, террористаш, бандиташ, коьртеш хедораш бу бохуш
- Украинан къам чIогIа дика ду, амма цунна, дерриг дуьненна санна, 30 шарахь саццанза дийцина нохчий – иза зулам ду, террористаш, бандиташ, коьртеш хедораш, Кавказера гIаттамхой бу бохуш. ТIаьхьо, Ичкерина оккупаци йича, Кадыровх турпалхо вора массо каналашкахула, интернетехула а, дуьйцура, мел дика бу кадыровхой, цара Нохчийчоь хьала муха ютту!
Амма нохчашна а, кадыровхошна а юккъехь башхалла юьйцуш шиъ видео яьккхира аса, масех бIе украинхоша язйора соьга баркаллашца. Тахана дерриг дуьненна гина церан а, Кремлера церан куьйгаллан а бакъйолу яххьаш, ткъа оха, нохчаша, дийца деза цунах лаьцна тхо мичча кхаьчча а.
- ХIун догойла ю Украинехь бехачу нохчийн? Ши тIом баьлча Украино тIелаьцна уьш, амма хIинца юха а тIамах ида деза церан…
- Нохчашна кIордийна мухIажирш хила а, дуьне мел ду кхерамазалла лоьхуш уьдуш лела а. Тхоьх цхьахберш Украинера дIабахара, цхьа дакъа диссира, хьуламечу метте доьзалш дIа а хьажийна. КIезга бац суна бевзачу нахах оьрсийн агрессоршна дуьхьала тIом бан арабевлларш, хIунда аьлча, дукха нохчашна окху пачхьалкхехь шайн цIа карийна, ткъа Оьрсийчоьно юха а баьхна уьш оцу хIусамех.
- Тахана, дерриг дуьне Оьрсийчоьнна дуьхьала даьлчу хенахь, хьо жимма паргIат ву хьайн кхолламна, экстрадици йийра яц аьлла тешна вуй хьо?
- Халахетахь а, Украинехь мухIажиран статус кхин яла а ца елира суна, тIаххьарчу миноте кхаччалц аса цуьнга сатийсинехь а. ХIинца а вайна гуш ду Оьрсийчоьно дIабехарца Европа мел ю нохчий дIалоьцуш хилар, масала, Гериханова Амина санна. Цундела со паргIат вац сайн кхолламна, йа Оьрсийчоьно лоьхучу кхечу нохчийн кхолламна а.
- Кхин дIа хIун дийр ду ахь?
- Сан доьзална кхерамазалла нисъелча юхнехьа Украине кхача леара суна. Украина йоцуш кхечу меттехь ваха маьIна ца го суна, цо соьгахьа лелош харцо елахь а. Суна дукхадезна и къам, оццала суна гIо дина долу. Динан, йа схьаваьллачу къоманна тIехула гIело ца йина суна цкъа а, мелхо а, Украина доьзалехь юьйцучу хенахь "вайн цIахь" олура оха – оццала бара ларам. Сан ши бер Украинехь дина ду, уьш шайн цIа даха лууш ду… Украине.
- Хьуна хетарехь, юханехьа маца ваха аьтто хир бу?
Украино дерриг дуьненна хьалха сийсазйина Оьрсийчоь
- ТIом чекх маца бер бу суна ца хаьа. Амма Украино дерриг дуьненна хьалха сийсазйина Оьрсийчоь. ДIадекъа хIуттур юй Оьрсийчоь, хьалхарчу тIамехь тоьллачу нохчашна ма-декъара, йа ша ор чу лоллур ю цо, хууш дац. Амма аса чIогIа сатуьйсу Украина лаьттарг хиларе, тоьлург хиларе, тIаккха тхан аьтто хир бу юха цIадахка. Украино суна а, сан берашна а гражданство лахь со кийча ву муьлххачу хенахь украинхошца мохк ларбан дIахIотта, айбина коьрташца сан берийн цIадахка аьтто хилийтархьама.
***
2017-чу шеран Зазадоккху-баттахь Нохчийчохь ялх вахархо тIелеттера Росгвардин тIеман декъанна. ТIематасадалар хилар бахьана долуш вийра 6 эскархо, байъира шаьш тIелеттарш а. Оьрсийчоьнан низамаш лардон органийн версица, оцу тIелатарехь дакъа долуш ву, иза хуьлуш Оьрсийчоьнел арахьа хилла волу Бакаев Iела. Кечдинарг санна лехамашка велира иза. Цул тIаьхьа аудиокхайкхам бира, ша бехке ца хилар дIахьедеш. ЦултIаьхьа Бакаевс политикн тховкIело йийхира Украинехь.
ТIаьххьарчу хене кхаччалц Бакаев миграцин сервисца къийсалуш вара, иза дуьхьал ю цуьнан дехар кхочушдан. Бухе дехкинарш ду Оьрсийчохь Бакаевна дуьхьал дехкина бехкаш. Цуьнца цхьана 20I9-чу шарахь шен базера дIаваьккхира Бакаев Интерполо.