ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчу герз дахьийтарна ГIалгIайчуьра вахархо бехке цахилар тIечIагIдина Украинерчу полицино


Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьра экстремизмана дуьхьал латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша Эльджаркиев Ахьмад а вен Iалашонца Украинера Оьрсийчу "Глок" тапча яхьийтина аьлла, Белхароев Ильясана дуьхьал айдина гIуллакх сацийна хилар тIечIагIдина Украинерчу Одессан кIоштара Къоман полицин талламан урхалло.

Оьрсийчоьнан ницкъахойн версица, 2019-чу шарахь "Глок" тапча а, мел кIезиг а 10 патарма а хьажийна хилла Белхароевс Оьрсийчу. Украинан бакъоларъяран органаша таллам бечу юкъанна и хаам тIе ца чIагIбина, ткъа Оьрсийчоьнан ФСБ-но тоьшаллаш ца далийна, тапча дехьаяьккхина хиларх.

Бакъоларъяран "Правое дело" вовшахтохараллин программийн Одессерчу координаторо Яковенко Валерийс хаамбина Кавказ.Реалиига, Белхаров бехке цахилар а, цуьнга кхийдо бехк шайггара хилар а кхачо йоллуш тIечIагIдархьама шаьш бакъонашларъярхоша хьехнера полисхошна керла талламбар аьлла.

Украинхойн бакъоларъярхочо иштта хаамбина, Белхароев Ильясан шичас Белхароев Iийсас Москва гIалин кхеле апелляци хьажийна цуннна дIасавалар доьхкуш бинчу сацамна. Ша Белхароев Iиса а дуьненаюкъарчу лехамашкахь вуьсуш ву Оьрсийчоьнан дехарца, Эльджаркиев ИбраIиман дахарна тIекхевдина аьлла.

"Оьрсийчоьнан Талламан комитетан сацамо…маьIне Iаткъам ца бо, эмоционале гойту, Iалашо ю адамийн тоба террорхойн юкъараллан васте ерзор. Талламхочо дуьйцург дерриг а хетарш тIехь ду, ткъа бехкебийраш ша талламхочо дIахIиттийна ма-луъу", - аьлла ду апелляцин латкъам тIехь.

Иштта Белхароевс билгалдоккху, Оьрсийчохь шен бехкзуламан гIуллакх доьзна ду динан билгалонца – батIалхIажойн вежараллин декъахь ву иза. Цул совнах, Белхароев Iийса вистхилира ГIалгIайчоьнан а, Оьрсийчоьнан а Iедалхошна критика еш.

  • Украине дIавахана Белхароев Ильяс бехкевира Оьрсийчохь герзашца болчу ницкъашна дискредитаци ярна, хаамбира зорбанан гIирсаша. Официалан структураша и хаам бакъ ца бо, йа харц ца бо. Кавказ.Реалиига дIахъедира Белхароевс, шена керла дуьхьал айдинчу гIуллакхах шена хууш хIума дац аьлла.
  • Террорхойн юкъараллехь дакъалаьцна аьлла, Белхароевн бехк хилар тIечIагIдо цунна вевзаш воцчу стага динчу мукIарлонна тIехь, цунна кхечу стагера хезна хиллера герз дехьадаккхарх лаьцна. Украинхойн бакъонашларъярхошна а, шена Белхароевна а хета, Оьрсийчохь тIаьхьабовлар политикан буха тIехь ду аьлла.
  • БатIал-Хьаьжин бусалба вежараллина юкъахь ву 20 эзар гергга стаг. 19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш. Белхароев Ильяс цуьнан кIентан кIентан воI ву.
  • 2019-чу шеран Лахьан-баттахь Москвахь герз диттира Эльджаркиев ИбрахIимна. Цуьнца цхьаьна вийра , цхьахйолчу Москварчу клиникехь лоьран болх беш хилла цуьнан ваша а. Бакъоларъяран органашна хетарехь, иза веран бахьана дара гIалгIайн "Э" Центран куьйгалхо иза хилар а, батIалхьажойн цхьахволчу хьалханча -Белхароев ИбрахIим- верна иза бехкехетар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG