ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра мобилизацих бевддарш бу Хорватица дозанехь бисинчу нохчашлахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинана дуьхьал тIаме бахийта гуьйренан мобилизацин гурашкахь Оьрсийчохь тIекхайкхинарш а бу Хорватица дозанехь бисинчу нохчашлахь. Свобода Радионан Балканан сервисан публикацихь йаздина ду цунах лаьцна. "Украинехь тIом ца бан дIавахна со, сайн доьзалца ведда", - дIахьедина журналисташка мухIажаро Ильяса.

Хьалхо Маршо Радионо йаздира, Кавказ.Реалии сайтана тIетевжина, Боснин а, Герцеговинан а дозанехь 60 гергга берашца нохчийн мухIажарш гулбаларх. 30 стаг хир ву КПП-н пунктехь аьлла Свобода Радион Балканан сервисо, шаьш мухIажарша чIагIдарехь, кхин а бIе гергга шайн махкахой дозана гергарчу Велика-Кладуше олучу гIалахь бу аьлла, билгалдоккхуш. Журналисташа чIагIдо, цаьргахь масаьргахь а Оьрсийчоьнан паспорташ ду аьлла.

Боснин а, Герцеговинан а кхерамзаллин министро Цикотич Селмос дIахьедина, нохчийн мухIажарш пачхьалкхе легалехь баьхкина бу, Хорватица дозанехула дехьабовларан церан Iалашо ю – оцу пачхьалкхехь политикан тховкIело йехар аьлла. Цикотича чIагIдарехь, Босница а, Герцеговиница а цхьацца "цакхетамаш" хиларна Хорватин дозанхоша дехьа ца бовлуьйту уьш. ХIун цакхетамаш бу, министро билгал ца даьккхина, шен куьйгакIелара арахьарчу мехкийн бахархойн гIуллакхаш луьсту хьукмат и проблема йерзош ю аьлла.

Хьалхо Европехь куп тоьхначу бакъонашларйаран "Вайфонд" ассоциацино хаамбира, нохчийн мухIажаршца Боснихь а, Герцеговинехь а дискриминаци лелорах. Пачхьалкхера арабовлучу заманчохь масех доьзалх хьовзамаш Iиттабеллера, Туркойчухала Оьрсийчу депортаци йан тарло царна, чIагIдо бакъонашларйархоша.

"Боснин дозанхоша тхан махкахошца харцонаш лелош хиларна юха а тидам тIеозон лаьа тхуна. Бехха цигахь латтош, цаьрга хеттарш даро, къаьсттина динца доьзна, ахча цатоаро, пандемино, шелоно бала бохьу цаьрга", - дIахьедина гIуран-беттан 26-чохь суьйранна "Вайфондехь".

Лахьан-беттан юьххьехь дийца даьккхира Хорватихь иттаннашкахь нохчий лецна аьлла. "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас хIетахь ма-дийццара, цхьаболчу мухIажаршна тIехь ницкъбина, кхерамаш тийсина, сийсазбина аьлла. Нохчийчуьра бахархоша латкъамаш бора, миграцин набахтен белхахоша шайца хIуьттаренаш лелорах а, иштта лоьраш шайна тIе ца битарх а.

  • Австрерчу депортацин набахтехь Нохчийчуьра ши вахархо ву латтош, военкоматера тIекхойкхуш кехат кхаьчначул тIаьхьа веддера и шиъ. Хорвати юхахьажон кечвеш ву и шиъ, цигара Оьрсийчоьне дIавала. Царна тIехь кхел хIинцале а йина ю, вердиктах хууш дац.
  • Марсхьокху-баттахь Сербин президенто Вучич Александра дIахьедира, "нохчийн а, чергазийн а" цхьа тоба йоьзна хиларх ах къобалйинчу Косовоца рогIера конфликт марсаяккхарца. Цо цIераш яьхначарлахь бара Кадыров Рамзанан рожан критикаш. ДIахьедар бух болуш хиларх шеконаш яра Кавказ.Реалиино хеттарш динчу экспертийн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG