ТIекхочийла долу линкаш

ТIаьхьарчу 7 шарахь Стигалкъекъа-беттан 9-гIа де даздечу нехан терахь лахделла 12 процентана.

Нацистийн Германина тIехь толам баккхар хьалха санна вуно деза де лору Оьрсийчохь. Амма толам баьккхина 65-шо кхаьчначул тIаьхьа и де даздечу нехан терахь лахлуш де шо-шаре мел долу.

Иза гойтуш бу Левада-центро Охан-беттан 22-25 деношкахь Оьрсийчохь бина таллам. Цу талламана юкъаозийна вара 800 вахархо.

«Дагахь дуй шу кху шарахь Толаман Де даздан?» - дара Левада-центро хIоттийна хаттар. Цунна «ду» аьлла жоп делла 63 процент респонденташа. Стохка цу тайпа ойла йолчу нехан терахь дара 65 процент.

2010-чу шарахь Толаман Де даздан арабовла сацам бинарш бара 75 процент Оьрсийчура бахархой.

Цу кепара, тIаьхьарчу 7 шарахь Стигалкъекъа-беттан 9-гIа де даздечу нехан терахь лахделла 12 процентана.

Кхин цхьа хаттар а делира Левада-центро Оьрсийчуьрчу бахархошка, "9 май" дезаде тIекхочуш. Иза доьзна дара «Йицъянза полк» боламехь дакъалацарца.

Дагахь дуй шу «Йицъянза полк» акцехь дакъалаца аьлла деллачу хаттарна «ду» аьлла, жоп делла 20 процент респонденташа. Ткъа "дац" аьлла жоп делларш бара Левда-центро бинчу таламехь дакъалаьцна 59 процент нах.

Таханлерачуьнца дуьстича, стохка «Йицъянза полк» боламехь дакъалоцуш дара шозза сов адам.

2016-чу шарахь и акци дIайирзинчул тIаьхьа, Левада-центро таллам бича, тIедогIучу шарахь дакъалоцур ду шаьш аьлла жоп деллера 62 процент бахархоша.

6 процентана дуьххьара хезаш хиллера цу тайпа болам бу бохург.

XS
SM
MD
LG