ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а бодане лаьтта Парижера Эйфелан бIов


Франци, Треб, Заз. 23. 2018.

please wait

No media source currently available

0:00 0:05:20 0:00
Линкана тIе

Зазадоккху-беттан 23-чохь Францера Од цIе йолчу департаментехь Требе гIалахь 4 стаг вен а вуьйш, 15 лаза а веш теракт хилла.

Полисхойн хаамашца тIелатар динарг хилла Францин а, Мароккон вахархочуьн статус йолуш хилла волу, 25 шо долу Редуан Лакдим.

И теракт ДАIИШ тобано шайна тIелаьцна, аьлла схьакхайкхадира Францин хаамийн гIирсаша.

2016-чу шарахь Францехь набахти чувоьллина хилла ву Редуан Лакдим. Амма цуьнан чуволлар радикале хьежамаш бу аьлла, я цунах хьакхалуш долчу бахьанашца хилла дац.

Цундела, Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро схьадийцарехь, Iедалан белхалойн цунах шеконаш ца хилла.

Адамаш а дойъуш, иштта теракт хилча, Францехь бехаш болчу бусулба нахана чIогIа халонга долу. Адамаш дайъар халонга даьлла а ца Iаш, Ислам-динан цIарах иза лелош хилар а ду бусулбачарна Iаьткъаш дерг.

ТIом а, "теракт", "терроризм" боху дешнаш а хьех-мерах девллачу нохчашна хIете а ца деза шаьш Iаш долчу мехкашкахь иштта хIума хилча.

Оцу хьокъехь къамел дира Маршо-Радионо Ниццехь маьждиган имам а волчу, диаспоран жигархо а волчу Магамадов Рамзанца: "Тахана хIокху Францехь хилларг вайна массарна а хезаш ду. Динехь бехк боцу стаг а, я ша - ша вер, Дала КъорIан чохь магош цахилар дукхачу Iеламнаха билгалдаьхна ду. Дала КъорIан чохь боху, шайн бакъо йоццушехь са ма доьйла аш.

Хьуо вер а, бекк боцу нах байъар а мегаш дац. Оцу Аяташ тIе а тевжаш Iеламнаха схьабохуш а ду и. Бехк боцу стаг, кериста велахь а, бусулба велахь а, вен бакъо яц. Шеко яц иза бусулба динехь мегаш цахилар.

Тахана оцу туькана вахна хуьлда и, я шен гIуллакхе цхьанхьа араваьлла воьдуш-вогIуш хуьлда, и санначу метте хьо нисвала а тарло, муьлхха зуда а нисъяла тарло, йижарий, вежарий, вайн бер, вай ваьш нисдала тарло цигахь. Цундела бехк боцу неха стаг вийча, хьайн стаг вийча санна хила деза вай."

Редуан Лакдим Шемахь хиларан тоьшаллаш шайн цкъачунна дац, боху Францин Iедалхоша.

Талламаш шен караэцна йолу Парижера терроризмаца доьзнарг толлу полисхойн сервис цу тIехь лехамаш беш ю.

Магамадов Рамзана кхин дIа а дийцира, интернетехула тIеIаткъам а беш, неха кхиъна а, кхианза а бераш дех-ненах къайллаха Шеман цIерга кхуьйсучара деш долчу зуламах лаьцна а: "Вайн доьзалш вай ларбан беза. Уьш дIакхуьйлуш болу нах Iедална билгалбаха беза. Вай вешан доьзалшна тIекхийдийта ца беза. Вайн дукха мехкарий бу Шема дIакхийлина. Тахана шайн йоI мича яхна, кIант мича вахна ца хууш дукха нах бу. Уьш дIаэхийтинарш муьлш бу вай хьовса деза.

ХIокху метте схьа а даьхкина, ваьшна чу садаийта гIерташ, вайн доьзалш иманехь хьалакхион гIерташ дохкуш ду вай. Вайна оьшуш дац вайн доьзалш Шема дIаэхийтар. Вайна тоьуьш ду вайна тIехь лаьттина а, латтош долу а Iазап.

Цундела ваьш Iаш долчу пачхьалкхехь вайн позици билгала хила езаш ю: ваьш оцу зуламан декъехь доцийла дIахоуьйтуш хила деза. ХIунда аьлча, оцу зуламхоша бусуба нахана беш берг боккха бохам бу. Царна моьттуш хир ду шаьш беш берг пайда бу. Иза пайда бац, зулам ду. Уьш зуламхой бу. Уьш зуламхой хилар дIакхайкхон дезаш ду."

Требехь хилла йолу теракт полисхоша Редуан Лакдим вен а вуьйш дIайирзина.

Оцу Iуьйрана шен жимахйолу йиша ишколе дIаэцна вахна хилла иза.

Ткъа буьйсана Парижерчу Эйфелан бIаьвнан стогарш терактехь беллачеран сийнна дIадайъира.

XS
SM
MD
LG