ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан премьер-министро гIело латтийна наханна тIехь


Хучиев Муслим, Кадыров Рамзан

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто санкцийн тептара стенна ваьккхина Хучиев Муслим?

Адамийн бакъонаш йохорна, санкцеш кхайкхийна Цхьанатоьхначу Штатийн арахьарчу гIуллакхийн хьукмато Нохчийчоьнан министрийн кабинетан куьйгалхочунна Хучиев Муслимна дуьхьал. Цунна а, цуьнан зудчунна Шабазова Сепиятна а доьхку Iамеркан Штаташка даха-дахка.

"Хучиев Муслима наханна гIелойина хиларх дуьззина тоьшалла ду Пачхьалкхан департаментехь", боху департаменто даржийначу дIахьедарехь. Оьрсийчоьнна иза а, цуьнца цхьаьна наханна гIелойинарш а жоьпе озор хьоьху хьукмато.

Кхайкхийначу санкцех шаьш пусар ца до, уьш шайна беламе хета, чIагIдо ша Хучиевс а, цунна тIехь урхалла дечу мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а.

"Я шело а, я йовхо а ца хьоду суна Пачхьалкхан департаменто юха а шен тептар дIасаласторах", боху Хучиевс.

"РогIера самукъадоккху ноьмар" араяьккхина Вашингтоно, аьлла Кадыровс.

Мелла а доккхачу маьIне ехкина рогIера санкцеш Москох. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло бахарехь, "Оьрсийчоьнан-Iамеркан юкъаметтигаш кхидIа а эшаме юьгу некъ" бу санкцеш. Цо дош делла санкцешна дуьхьал хьакъдоллу жоп арахеца.

"Шеко яц, и тайпа мостагIаллин гIулч юьтур яц жоп доцуш, делахь а, хьехам бан лаьа Вашингтонна: ца хеддаш еттачу санкцеша ирча васт кхуллу цунна шена", дIахьедина Оьрсийчоьнан диполоматин урхалло.

Хучиев санкцийн тептара воккхуш, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто дагадохкуьйту Европан Кхерамзаллин, Цхьаьнаболхбаран Организацино "Москох тIечIагIинчу кепехь" (Оьрсийчуьра я меттигера талламчаш декъа а ца буьгуш) Нохчийчохь динчу зерийн жамI.

2018-чу шеран ГIуран-баттахь арахецначу жамIо бохура, Нохчийчуьрчу Iедалхоша нах шаьш-шайггара, низамехь а доцуш, лоьцу, хьийзабо (ток йоьттуьйтуш, пластикан биргIанаш етташ, аьчкачу телашца боьхкуш). OSCE-но бакъдира Нохчийчуьра бахархой, ницкъаша буьгий, бовш а, тIехь йина кхел а йоцуш, хIаллакбеш а хилар.

OSCE-но билгалдаьккхира, Iедало ницкъхошка наханна зенаш дарна жоп доьхуш дацар, мохк коррупцино лаьцна хилар (Iедалхоша ца вен тарло шаьш лаьцна, тIехь ницкъбеш кхобу стаг, нагахь санна цо кхечу наханна мотт тохахь, я цунах гергарчара ахча лахь).

Талламан жамIо ца ехира махкахь Iазап латточу нехан цIераш.

Бакъду, Хучиев Муслима ша хьийзор а далхош, шен дегIа тIехь йисина ларш гайтира ши шо гергга хьалха Нохчийчуьрчу "Теплоснабжение" ("Йовхо Латтор") хьукматан куьйгалхочо Элбиев Лом-Iелас. 2017-чу шеран Мангал-беттан 5-чу дийнахь бакъоларъечу "Мемориал" центре леткъира иза.

Элбиев Лом-Iелас шена йиттича даржийна сурташ
Элбиев Лом-Iелас шена йиттича даржийна сурташ

Хучиев Муслиман вешица Бесланца дов даьллера шен, шайн хьукмато даьккхина ахча дагардора цо даима а, ца вуьтура болх дIакхехьа, ткъа иза сацош вацара вашас-премьеро, цуьнан агIор вуьйлура, дуьйцура Элбиевс.

2017-чу шеран бIаьста Элбиевна, цо ша дечу тоьшаллица, мэрина бухарчу ларми чу а вигина, "Йовхо Латтор" хьукматера ахча стенна лачкъийна, иза охьадилла бохуш, ток йиттина, дегI Iарждина Хучиев Муслим ларвечу хано.

Халла когаш тIехь а лаьтташ, ша ахча гулдан арахецча, берриг шен доьзал а эцна, ведда, Европехь къайлаваьлла Элбиев. Лоьрийн тоьшалло гайтира цуьнан пIендарш кегдина хилар.

Баккхийчу хьакамаша дакъа а лоцуш, Нохчийчохь нах хьийзош хилар далхийра дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн Human Rights Watch юкъаралло а. 2017-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь цо билгалдаьккхира, Нохчийчохь божаршца зина лелорна лецначу наханна етташ, цаьрца маьттаза къамелаш деш хьийзачу ницкъхошца цхьаьна мехкан парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад а вара, аьлла. Нах лецна кхаба низамо къастийна а йоцчу меттигашкахь до и таIзарш, билгалдаккхира бакъоларъярхоша.

Соьлжа-ГIалахь наханна етта ницкъхойн "Терек" цIе йолчу декъан хIусамехь а, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан доларчу меттигашкахь а, чIагIдора бакъоларъярхоша.

Зийнарг Оьрсийчоьнна а, Нохчийчуьрчу администрацина а довзуьйтуш, дIахьедар дира OSCE-но.

Делахь а дуьненаюкъарчу хьукматийн дIахьедарш даима а санна тергамза дуьту бухарчу Iедало а, Москох а.

Масала, бакъоларъярхо Титиев Оюб харцонца лаьцна, мукъаваккха, бохура документаша. (Титиевна набахтин 4 шо кхайкхийна).

Бохура, федералан тIегIанехь юхаталла Нохчийчуьрчу ницкъхоша вийна хила тарлуш волчу 27-ннах болу хаам. Ца дина кхочуш.

OSCE-но Нохчийчоьнна хьийхира официалехь йоцу набахтеш дIакъовлар (амма уьш хилар даре а ца дира Кадыровн агIоно).

Лецна нах а, Iедална критика ен жигархой а бахьанехь церан гергарнаш хьийзабар дехка деза Нохчийчохь, аьлла бара Европерчу хьукмато бина хьехам. Тергамза битина иза.

Бохура, дита берриг а кегийрхой литтар, OSCE-н гIоьнца нохчийн полисхошна Iамаде пачхьалкхан низам коьрта дуйла. Кегийрхой хIинца а бу лоьцуш, буьгий, полицехула чекхбохуш. Ткъа ца эшна, гарехь, Нохчийчуьрчу полицина дуьненаюкъарчу хьукматашка ша Iамаяйта – ца бехна махка Европера низамхой.

Вайнехан доьзалш кест-кеста нахала бовлу шайн берашна тIехь Iазап латторца. ХIун дан деза иштаниг ца нисдалийта?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG