ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхан думан депутато "коьртеш дохур ду" аьлла ЯнгулбаевгIарна туьйсу кхерамаш оьрсийн матте гочбинчийн


Делимханов Адам

Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран гергарнаш а, шен эфирехь ша дийцинарг оьрсийн матте гочдинарш а хIаллакбийр бу бохуш, Пачхьалкхан думан депутато Делимханов Адама эфир дIаяьхьна инстаграмехь.

Инстаграмехь вистхуьлучу Делимхановс доккхачу декъанна аьлла: "Хаалаш, дийнахь а, буса а, синош, бахамаш, тIаьхье ца кхоош, тхо шуна тIаьхьадевлла лелар ду, шун коьртеш даьхна, шу дайъалц. Тхан баккъал а шуьца мостагIалла а, чIир а ю! Иштта иза хьакхало хIара видео оьрсийн матте гочъенйолчарех а…".

Депутатан кхайкхам гочбина нохчийн Iедалхошна оппозицехь лаьттачу IАДАТ телеграм-канало.

Оцу юкъанна Делимхановн инстаграмехь зорбане яьккхинчу видео тIехь оьрсийн маттахь сийсазбина ЯнгулбаевгIар, билгалбахаза кхерамаш а туьйсуш: "Оха доллучух дуьззина жоп долуьйтур ду цаьрга, даим дала а далийтина, долуьйтур а ду".. Шаьш шайн кхелана куьйгъяздина аш…".

  • Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду шаьш аьлла, бовзийтина нах Лахарчу Новгородера ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхинера Дечкен-беттан 20-чохь. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхехь тешаш санна ледан нуьцкъаша суьдхо лаьттина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIадига бакъо лун кехаташ дара церан карахь. Янгулбаев Сайди суьдхочун статусехь хиларо иза хьаван бакъо ца ло, цундела цхьа Мусаева лецира цара.
  • ТIаьхьо республикан информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада хаамбира, Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий тоьхна чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла. Цул тIаьхьа информаци яьржира, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллина полисхочунна ницкъ дуьхьал баьккхина аьлла, бехке а еш – 24 сахьтехь инсулин доцуш некъ бинчу цомгашчу зудчо ша лацарх протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера аьлла.
  • Инсулинах йоьзначу Мусаева Заремерчу хьолах а, цуьнан кхолламах а лаьцна хууш дац иза лачкъийна йигичхьана. Цунна тIебуьтуш бац адвокаташ а.
  • Дечкен-бутт бовш Янгулбаев Абубакара хаамбира, Нохчийчохь беха шен гергарнаш – 15 стаг гергга- шеца зIене бовлуш бац, йа цIахь гучубовлуш а бац. Цул совнах, ГIуран-баттахь Нохчийчохь лечкъийра – тIаьхьо дIа а хийцира – 40 гергга ЯнгулбаевгIеран гергарнаш.
  • IАДАТ телеграм-канал а кхоьллина, цуьнан модераторш бу бохуш, бехкебо нохчийн ницкъхоша ЯнгулбаевгIеран вежарий. Хаамбира, де хьалха Янгулбаев ИбрехIимна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, каналехь посташ хIитторна аьлла.
  • Нохчийчоьнан Iедалхоша флешмоб вовшахтоьхна, цуьнан гурашкахь мехкан кIоштийн бахархоша дIа а язъеш, видеош яржийна, ЯнгулбаевгIаьрга "доллу къоман сий ма дайа" бохуш, кхайкхамаш беш.
  • 2021-чу шо довш Делимханов Адаман хIусамнана Кадыров Рамзанан гIоьнча хIоттийра. Зорбане яьккхинчу официалан видеона бухахь яздина ду, Кадыровс "дуьненан терроризмца къийсам латточу хенахь" Делимханова Разитас шен хIусамехь уггар а беза хьеший санна шаьш тIеоьцура аьлла.
  • Делимханов Адаман виъ ваша Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурашкахь лаккхара даржаш дIалаьцна бу, царех цхьаннан Алибекан "Оьрсийчоьнан Турпалхо" аьлла, лаккхара совгIат ду.
  • "Медиазонас" а, The Scanner Project-о а юкъахь бинчу талламца, Немцов Борис верна хан тоьхначу Нохчийчуьрчу бахархошца иза веле масех де хьалха а, иза вуьйчу дийнахь а, вийначул тIаьхьа а зIенехь хиллачу лаккхарчу даржашкахь болчу нохчийн полисхошна юкъахь хиллера Делимханов Адам а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG