ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Пачхьалкхо юьхьтIе туйнаш тоьхна". Шен дийначу берана тIехула кхелехь къийсалуш ю Нохчийчуьра яхархо


Жители Грозного проходят мимо разрушенного президентского дворца в Грозном. Февраль 1996 года
Жители Грозного проходят мимо разрушенного президентского дворца в Грозном. Февраль 1996 года

Мангал-бутт бовш Краснодар-мехкан кхело бакъдира кхо шо долу Загудаев Султан верна жоьпалла Оьрсийчоьнан эскаршна тIехь хилар – Серноводское эвлахь 1999-чу шарахь, Нохчийчохь шолгIа тIом болуш, тохарш дечу хенахь дийнера бер. Загудаева Натальина компенсаци хIоттийра веллачу кIантах – 20 эзар сом. Кхаа шарахь сов кхелаца къийсаеллачу зен хиллачо "цадашар а, сийсазалла а ю иза" элира. Цуьнан адвокатана, мелхо а, боккха толам хета иза.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Загудаева Натальяс дийцира, тIом бирзина 20 шо даьллачул тIаьхьа Оьрсийчоьне жоьпалла тIелацийта ша стенна гIоьртира а, кхин дIа дендолчух а.

Елла дIаяллалц бисина дегабаам

1999-чу шеран Лахьан-беттан 3-чохь, Загудаева Наталья шен хIусамдеца а, кIантаца Султанца а, деца-ненаца а ехачу Серноводское эвлахь федералан эскархоша тохарш долийра. Кхеран доьзал арахьаьддачул тIаьхьа кхеран цIийнах а кхийтира йоккхачу тоьпан хIоъ, шолгIа хьажийнарг кхо шо долчу кIантана улло юьйжира – лазийра иза, амма дарбанан цIийне дIа а ца кхечира, новкъахь деллера бер. ГIалгIайчуьрчу Орджоникидзевская станицехь дIавоьллира иза, цига дIакхача ларийра доьзал – тIеман заманчохь иза кхалхарх цхьана а кепара кехат-тоьшалла даккхийта аьтто ца хилира.

Цхьадолчу хеттаршна жоьпаш дала дуьхьал хилира Загудаева Наталья – кхелан кхеташонаш дIаяьхьна шераш хала лайра ша, гуттар а кIантах яларх дийца а чIогIа лазаме ду шена аьлла.

– ТIом болабалале хьалха муха дара хьан Iер-яхар?

– Мегар долуш дара, аьлла хета суна. Серноводское эвлахь йина ю со, цигахь дехаш дара сан да-нана а. ТIаьхьо Соьлжа-ГIала дIаяхара со, маре а яхана, цигахь болх беш сецира. Серноводское дIадахара тхо, Соьлжа-ГIалахь тIом болабелла, бомбанаш йетта буьйлабелча. Цул тIаьхьа, 1996-чу шарахь йоллу Серноводск хIаллакйира, шолгIа тIом болабалале тхо юхадаьхкира.

Билгалдаккхар: Хьалхара Нохчийчуьра тIом лаьттира 1994-чу шарера Охан-беттан 1996-чу шаре кхаччалц – иза бирзира Хасав-Юьртахь барт хилла, къобалъязчу Ичкерино толам боккхуш. ШолгIа тIом, йа вуьшта Оьрсийчоьнан Iедалша контртерроран операци олуш хилла, болабелира 1999 -чу шарахь – итт шо даьллачул тIаьхьа дIаяьккхира махкахь КТО-н режим. Нохчийчохь байинчу маьршачу нахах хIоттийна официалан статистика яц. Демографан Максудов Сергейн ларашца, 2005-чу шарахь Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь вийна 36 эзар вахархо – тIом бахьанехь а, дахаран хьелаш талхарца доьзна а. Цул хьалха, 2005-чу шарахь, Amnesty International юкъараллан бакъоларъярхоша дIахьедира 25 эзар веллачух – хьалхарчу цхьана тIамехь.

– ТIом болабелчхьана, мел хийцаделира хьан дахар?

– 100 процентана, муха хийцалур дацара иза? ЦIа доцуш, доьзал боцуш висар. Иштаниг лан! Суна сайн дахарехь цкъа а ца моьттура, сайна тIом гур бу, тIехула тIе сил къиза. Шайна ма-дарра дерриг а хаьа аьлла хета шуна? Хьан дуьйцур ду бакъдерг? Цкъацкъа ас дуьйцу цхьадолчух, сох цхьа а ца теша – ма тешийша.

Сан беран масална тIехь – иза вон лазийначу хенахь, Горагорскехула арадовла гIоьртира тхо. Постехь совцийра тхо, бераца ара ца довлуьйтура, иза валлалц. Шина-кхаа сахьтехь латтийра, цхьа а гIо а ца деш. Эрчо ма ю иза. Хьежа а хьоьжуш [лазийначу бере], иштта къиза дог хилар.

Пачхьалкхо суна юьхьтIе туйнаш тоьхна –сан бIаьргаш чу а хьоьжуш, бала баьхьира соьга. Суо елла дIаяллалц дегабаам бисина сан вайн пачхьалкхана.

Соьлжа-ГIала, Дечкен-беттан 4-гIа де, 1995 шо
Соьлжа-ГIала, Дечкен-беттан 4-гIа де, 1995 шо

– Шу хIунда совцийна, цхьана а агIор кхетийрий шу?

– Цигахь цхьаммо а хIуммаъ а ца бохура, цхьана а хIуманах кхета а ца дора.

– ДагадогIий хьуна, маца сацам бира ахь къовса?

– 1999-гIа шо дирзича со Краснодар-махка, Белореченске дIаяхара. Суна хаьара, сайна компенсаци йогIий – сан ненайиша а яра чIогIа вон лазийна. Нохчийчуьра тхо дIадоьлхучу хенахь, цунна кехат делира, ахча догIу аьлла. Оцу тIехь дерриг сецира- ненайиша йолаелле лийлира [инстанцешкахула]- нохчийн кехатех цхьа а ца тешара, олура: "Иштаниг хила йиш яц". Ас доьхура – цо ша кечдина ма даций уьш, таллийша, иза лазийна ма ю, иза гуш ма ду, къайладохьийла а йоцуш. ТIаккха ненайиша йоьжна Iийра пхеа шарахь вон хьал долуш, иза лелош со яра. Иза елча, сайн хIун хуьлу хьажа лиира суна – хьалха йиш яцара, дукха дIасаида дезаш гIуллакх дара иза. 2019-чу шарахь Соьлжа-ГIала кехат яздира ас.

– Цул тIаьхьа хIун хилира?

Къанъеллачу хенахь сийсазалла а йоцуш, пачхьалкхера цхьаъ яккхар

– Соьлжа-ГIалара сиха жоп кхачийра суна, дерриг а охьаяздира, ас дан дезарг а. Белореченскан кхеле еара со дIахьедар дан, амма суьдхочо элира соьга, цкъа уггар а хьалха, кIант валарх тоьшалла оьшу суна аьлла. Иза валарх тоьшалла делира суна, цул тIаьхьа жим-жима кхечунна тIейирзира со. Адвокатца цхьаьна Краснодарера кхеле елира – цигахь пачхьалкхан мах охьа ца биллича, кехаташ чу ца ийцира. Дуьхьало йина елара, йа и гIуллакх кего тхуна ца лаьа аьлла делара. ХIан-хIан, 25 эзар сом дийхира – ас делира, ткъа цара суна 3,5 шой даьлча 20 эзар кхачийна. Логика мичахь ю?

ШолгIачу гонехь йоллу инстанцешкахула чекх ма девлла тхо – юьхьанца суна компенсаци яла дуьхьал хилира, ткъа кассацин кхел реза хилира ас бохучуьнца, дерриг а хьалхарчу инстанце юхахьажийра.

Цхьа 20 эзар ма дацара [искехь] – и мах цара стенгара схьаэцна, со хууш яц (шен искехь Загудаева Натальяс тIейожийнера 2 миллион 426 эзар сом компенсаци, индексаци а лоруш. – Редакцин билгалдаккхар. Кхелан сацам каракхочур бу, тIаккха къастор ду, уьш стенна тIетевжинера.

– ХIора кхелан кхеташо чекх мел ели, хьайна вон хуьлура элир-кх ахь.

– Хуьлура дера, хьуна хIун моьттура? Суна и товш ду? Кхул хьалха жимма меттаеанера со, ткъа хIара деа шарахь дерриг а сан бIаьргашна хьалха ду, хIоразза а и карладолу суна- чIогIа хала ду, хIара лан, сан мел хан ю. ЧIогIа цатов суна.

– ХIара истори ахчанах лаьцна ма яц? Ма-дарра аьлча, хIун лууш ю хьо?

– Ахчанца доьзна дац, хIан-хIан. Сан бер делла, со доьзал а боцуш, хIусам а йоцуш йисина -иштта суо Iаш ю со. Соьлжа-ГIалахь ехаш ю аьлла, дIаязйина хиларна мел дукха бала хьийгира ас – со мичча кхачахь а, цхьа дуьхьалонаш хIуьттура суна даим а. Цигара нах цхьана а хIуманна хIокху дахарехь хьакъ боцуш санна.

Ас ехха ойланаш йира, тIаккха сайн хIун хуьлу хьажа лиира – ахча коьрта дац суна, массо а хIума сан долуш ду, цхьа а хIума оьшуш яц со. Пачхьалкхо суна дала дезаш хилча, хIуъа дина а цхьаъ де-кх цара. Со къинтIера яьккхина мукъна а елара- къанъеллачу хенахь пачхьалкхера сийсазалла гучул а.

МухIажарийн куьпахь зуда, 1999 шо
МухIажарийн куьпахь зуда, 1999 шо

– Хьайца хиллачо цхьа кхиниг а къийсамна гIаттор ву аьлла, ойла хьулий хьан?

– Цхьаъ меттахвала тарло. Нахана ца лаьа, кхетий хьо? ХIокху язорашкахула чекхвала хала ду – иза чIогIа лазаме ду. ХIара лазам меттахбаккха ца лаьа цхьаболчарна – цунах дIабоьлла, кхин дIа а бехаш ма бу уьш. Ас эрна ду бахахь а. Вайн нах боьлла, пачхьалкхана шаьш цаэшарх

–Кхин дIа хIун дан дагахь ю хьо?

– Суна кхин дIа хIуммаъ а ца лаьа, со гIелъелла, хIоразза а лазам буьсу соьца. Адвокат со къаръян хьийза - дуьладеллий, чекхадаккха деза, бохуш. Иштта хIара гIуллакх дахлур дуй ца хаьара суна.

ХIаъ, со-м къовсалур ю кхин дIа а - стенна соьцур яра со хIинца. Тхо чакхене кхоччуш дохку. Прокурор соьгахьа вара тIаьххьара, со-м цецъяьллера.

– ТIом бирзинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь хиллий хьо?

– Ца хилла. ЧIогIа лаьара суна, амма суна хаьа, хала хир ду суна, лалур дац соьга.

Коьрта толам

Загудаева Натальин адвокато Меликов Сергейс дийцира Кавказ.Реалиига, искехь билгалбаьккхина компенсацин барамна юкъахь ца леринера цо лайна бала – 1995-чу шеран президентан омран буха тIехь дIахьейина яра иза. Цу тIехь боху, "Нохчийчоьнан республикехь кризис ерзочу хенахь" зен хиллачийн бакъо ю пачхьалкхера цкъа кхачош долу ши эзар соьман гIо эца, ткъа беллачийн доьзалашна – 20 эзар сом. Индексаци лерича, 2022-чу шарахь цуьнан барам бу 2,5 миллион гергга бу.

"ШолгIачу беран нанас ненан капитал дехар санна хIума ду хIара, ткъа цунна лур дара и, 2007-чу шарахь хIоттийначу барамца – 693 эзар а доцуш, 250 эзар сом ду. Амма со тешна ву, и хаттар кассацехь оьшуш ма-хиллара дIанисдийр ду – омрана тIехь къаьсташ яздина ду, мел ю и компенсаци, ткъа кхело шена ма-хеттара, бух боцуш лахдина", - боху юристо.

Кхаа шарахь эха шарахь а ас бархI бутт хан яйина, иск чуяла гIерташ

Цунна хетарехь, Краснодар-мехкан кхелан сацам коьрта толам бу аьлла лара мегар ду, хIунда аьлча, 20 шо даьллачул тIаьхьа Нохчийчохь хилла тIемаш бахьана долуш компенсацеш ялар Оьрсийчоьнан кхелашкахь лахделла догIуш хиларна. "Кавказский узел" ресурсан хаамашца, 2000-чу шарера 2005-чу шаре кхаччалц цхьана Ставрополан кIоштахь кхелаша 440 гергга тIамехь зенаш хиллачийн гIуллакхаш листина хилча, тIаьххьарчу пхеа шерачохь оцу кепара Нохчийчуьрчу бахархошкара гIуллакхаш кхаьчна дац (Кавказ.Реалиино ГАС РФ "Правосудие" системин гIоьнца лийхира кхелан сацамашкахула).

Цул совнах, адвокато а, иза лаьцначо а кхо шо сов хан яйира, компенсаци йогIуш хиларх тоьшалла дан гIерташ.

"И хан бахьана долуш ас бархI бутт байина, иск чукхачон гIерташ- шайггара бахьанаш кхуллуш, юьхьанца юхалора соьга цара иза, эххар а дIоггара догIуш доцу гIуллакхаш кегон буьйлабелира. Масала, искан дIахьедаран копеш йохуш, куьйгашъяздар дIа а хьулдеш, тIаккха юха лора, документана таIийна куьйг дац бохуш", - дийцира Меликов Сергейс.

Цкъачунна хууш дац, деллачу берах 20 эзар сом компенсаци мича буха тIехь хIоттийна мехкан кхело – оцу сацаман цхьа агIо хIинца а кхелан сайтехь зорбане яккханза ю, иза кхаьчна яц хIинца а Загудаеве а.

Нохчийчуьрчу тIемашкахь зенаш хиллачарна луш долу ахчанаш лахара хиларх Iедалхоша дуьйцура 2000-чу шерийн юьххьехь. Доккхачу декъанна, цунах лаьцна дIахьедора Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис – 2008-чу шарахь, президентан харжамаш бирзина ах шо даьлча, иза вистхилира Оьрсийчоьнан омбудсмене, и хаттар бакъонан хилла ца Iаш, оьздангаллин а ду аьлла. Нухажиевна хIетахь тIетайра, тешийра, цуьнан дехар президенто Медведев Дмитрийс хIинцале а листина, кабинетийн министре дIакхачийна аьлла.

ХIетахь Iедалхоша цхьана а кепара сацамаш тIе ца ийцира. Кхо шо даьлча Нухажиевс юха а карладаьккхира цунах лаьцна, тIемаш боьлхучу заманчохь лечкъийначу нехан гергарчарна дина зенаш меттахIиттаде аьлла. Цул совнах, цо дIахьедира, тIемаш хенахь хIусамаш йохийначу нахана бахаман сертификаташ дала деза аьлла. И дIахьедарш а тергамза дитира.

Загудаева Натальин гIуллакхна тIекхачале хьалха ша цхьаъ бен йоцу таро яра, Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехула компенсацеш яхар а, маьршачу нахана зенаш дарна жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь хилар къобалдар а.

Масална, 2019-чу шеран гурахь цо декхаребира Оьрсийчоьнан Iедалхой, федералан эскарша шайн контролехь латтош хиллачу кIошташкахь ницкъахоша лецначул тIаьхьа тIепаза вайначу итт нохчочун гергарчарна 920 эзар евро компенсаци дIакхачон. Цул а ах шо хьалха Оьрсийчоьно жоьпалла тIелецира кхаа гIуллакхца доьзна – оцу компенсацин боллу барам бара 1 миллион 168 эзар евро. 2005-чу шарера схьа 2021-чу шаре кхаччалц ЕСПЧ-кхело листина, Оьрсийчоьнан кхелашкахь бакъо ца толийначу Нохчийчуьрчу бахархошкара 240 арз.

Украинехь тIом болабелчхьана а, Европан Кхеташона юкъара дIаяьккхинчул тIаьхьа а Европерчу кхелан сацамаш кхочушбийр бац Оьрсийчоьно Зазадокху-беттан 15-чул тIаьхьа – Мангал-баттахь иштта низамна куьйгъяздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG