ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуда ядорна таIзар дийр ду ГIалгIайчохь


Зуда ядийна нах жоьпе озорах лаьцна низаман проект а ю кечъеш гIалгIайн депутаташа.

Зуда ядийначу стагана набахтехь яьккха хан тоха еза аьлла, дIахьедар дина меттигерчу парламентан куьйгалхочо Евлоев Зеламхас. Цуьнан омрица низаман проект а ю кечъеш. Политикана хетарехь, и низам дохорна 3 шо тухур ду набахтехь даккха.

Дукха хан йоцуш Евлоев фамили йолчу жимачу стага йоI ядийнера. Масех шо хьалха дихкина долу и зулам цо кхоазлагIа деш хиллера. И йоI тIаьххьара ядочу хенахь цуьнан нанна а, вешина а йиттина хиларо вуно вочу даьккхира хилларг.

Наха дехара Iедалшка цу стагана догIуш долу луьра таIзар дар. Амма шуьйра и бекхам баржийта луучух тера дац гIалгIашна. ГIалгIайн оппозицин куьйгалхойх цхьаъ волчу Абадиев Идрисана ца хета, цу хьокъехь леррина низам тIеэца деза аьлла.

Абадиев: «Дина ваIда ма дарий кхузахь зударий идор бац аьлла. ХIинца хилла хIума чIогIа ирча гIуллакх ду. Вайнехан Iедалехь таIзар дан дезаш ду иза динчунна. Ткъа низам тIеэца деза бохург нийса ца хета суна».

ГIалгIайн парламенто зуда ядорна дуьхьал низам кечдалле, Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексехь тоххарехь билгалъяьккхина артикал ю 126 шен номер а йолуш. Цунна тIе а тевжаш, туху стаг вадийча хан, аьлла кхин дIа а дийцира гIалгIайн оппозицин векло Абадиев Идриса.

Абадиев: «ЙоI шен лаамаза дIайигинехь, цунна 3 шо ца догIу. Цунна 10 шо аьлла къастийна ду низамо. Низамца догIуш дац парламенто тIеоьцуh дерг».

Масех шо хьалха гIалгIайн къаноша а, диндайша а шайн сацамца дихкинера махкахь зудаядор. Цул тIаьхьа, Iедаша дицарехь, и зуламаш дуккха а лахделлера.

Цундела, леррина цу гIуллакхана низам тIеэца оьшу аьлла ца хета бакъонашларъярхочунна Муцольгов Мохьмадан а. И ваIда дохийнарг 15 де-буьйса даккха чу а вуллуш, арахь нуй а хьоькхуьйтуш хIума дан деза, аьлла хета шена элира цо.

Муцольгов: «Зуда ядор хьарам а, харц а, вайн зудаберийн а, зударийн а сий дойуш хIума ду. Иза шен хенахь дIадера ду. Ткъа зуда ядийначу стагана доккха зулам дича санна хан тоха еза бохург нийса ца хета cуна. Иза,15 де даккха чу а воьллина, цуьнга юкъараллехь пайда хилийта болх байта беза».

Лакхохьа вай хьахийначу цхьа зуда кхузза ядийначу жимачу стагана тахана а цхьа а таIзар дина дац. Мелхо а дукха хан йоцуш цуьнан машен тусаелла оцу йоIан нахана шайн эвлахь. Оцу хиламо а гойту и ирча хIума дIадаккха Iедалша цхьаъ дан дезаш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG