Оьрсийчоьнан Iедалш тӀетаьӀина каро а, таIзар дан а гӀорта деза Нохчийчоьнан республикехь ЛГБТИ-юкъарлан векалшна дуьхьал зуламаш диначарна, ткъа иштта зулам даьллачу нахана компенсацеш яла еза. Цунах лаьцна дуьйцуш ду де хьалха Страсбургехь Европан Кхеташонан парламентан ассамблейно (ПАСЕ) тIеэцначу резолюцехь, хаам бо Deutsche Welle зорбан гIирсо.
Резолюци кечйина ПАСЕ-н нийсаллан а, дескриминаци ца яйтаран а комитетан докладхочо Бельгерчу социалистийн цIарах волчу депутата Фурат Бен Шикха. Оцу документан текстехь дуьйцуш ду, тIаьхьарчу шерашкахь Европан цхьайолчу пачхьалкхашкахь цабезам кхуллуш а, ницкъбар а, зуламаш деш а хиларх а лаьцна ЛГБТИ-на дуьхьал. Оцу хьоеъкхь Оьрсийчуьрчу Iедалшна йина рекомендацеш кечйина ша лаьттачу параграфехь.
Резолюцица йоьзначу докладехь билгалдоккхуш ду, тIаьхьарчу итт шарахь "Европехь цхьанха а ца лелийна оццул къиза ницкъ бар ЛГБТИ-на дуьхьа, Iедалша гIо а деш ЛГБТИ-на 20I7-чу шарахь Нохчийчохь дина тIелатарш санна аьлла.
Ассамблейно кхайкхам бина Европан Кхеташонна юкъайогIучу пачхьалкхашка, Оьрсийчоьнан Iедалшна "Iаткъам бар юхадоладахьара аьлла, цаьрга "бакъонца кхел яйта" ЛГБТИ-н бакхонаш йохоца хьакхалучучу гIуллакхашкахула. Цул сов, ПАСЕ-но дехар дина Европерчу пачхьалкхашка далург дерриг а дахьара аьлла "тховкъело а яла, ларбан а" "сексан ориентаци" бух болуш Оьрсийчуьра дIабаха дезначу нахана аьлла.