ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пазаташна ахча гулдар, декъий бенцахетар. Кавказера салташа – Оьрсийчоьнан эскарх лаьцна


Киевскан кIоштан Заваловка-эвлахь эксгумаци йинчу оьрсийн салтичунна тIера тIетегар гойту украинхойн криминалисто, 2022-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 11-гIа де
Киевскан кIоштан Заваловка-эвлахь эксгумаци йинчу оьрсийн салтичунна тIера тIетегар гойту украинхойн криминалисто, 2022-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 11-гIа де

"Тхайнаш дIа ца тосу" боху дешнаш Кремлан пропагандан коьрта лозунг хилла Оьрсийчоьнан Украинана дуьхьал тIом болабелчхьана. Амма тIом болабелла кхо бутт гергга хан яьлча эскархоша а, церан гергарчара а сих-сиха дIахьедо и лозунг баккъала а лаьттачу хьолаца йогIуш ца хилар – цара дийцарехь, салтий тIаме хьийсабо тоъал барзакъ, гIирс ца луш, уьш эца езаш хуьлу наха сагIийна даийтинчу ахчанах, ткъа эскархо кхелхича, цуьнан дакъа дIадахьа аьтто ца хуьлу массеран а.

Кавказ.Реалиино дуьйцу, муьлха латкъамаш бо Оьрсийчоьнан къилбан а Къилбаседа Кавказан а регионашкарчу тIемалоша а, церан доьзалша а – иза эксперташа муха толлу а.

"Яьсса дакъа дIадуллу яьшка"

Стигалкъекъа-беттан 9-хь, толаман Денна лерина даздарш доьлхучу юкъанна веллачу оьрсийн эскархочун гергарчара Дагестанерчу Ахты-эвлахь гуш-хезаш кIоштан Iедале шайн реза ца хилар дIахьедира. 21 шо долу Ильясов Тамерланан ден йишас, беллачу эскархойх лаьцна трибунера къамел деш, шен вешин кIентан хьакъ болу ларам ца барна бехкейира администраци – дуьххьара дош оллушехь цуьнан микрофон дIаяйъира.

"Эхь ду администрацина, хIунда аьлча, цхьамма а тоъал барамца тIе ца лаьцна сан вешин кIант. Оццул хаза дешнаш аьлла аша, амма ларамца тIелаца мегар дара, кхин хьелаш тидаме а ца оьцуш… Иза эпсар ву!" – мохь тоьхна Ильясовас.

КIоштарчу "Ахты ТВ" каналан хаамца, Ильясов Тамерлана ши шо хьалха лейтенантан чинехь Московскан юккъерчу тIеман тобанийн доьшийла чекх яьккхина, иза Брянскан кIоштан №12721 йолчу тIеман декъе декхарш кхочудан хьажийра – биллинчу хаамашца а догIуш, юьйцург 488-гIа мотострелкован полк ю. Украине тIамца чугIортаран дуьххьарчу дийнахь Ильясов къийсамашкахь вара – юхавирзича иза "шен лаамехь накъосташна тIаьхьа вахара", яздо журналисташа. Тобанан буьйранча хIоттийра иза.

ТIаьхьо эскархочун ваша Алимов Рамиза бахарехь, Ильясов Охан-беттан 29-чу, йа 30-чу дийнахь кхелхина – гергарчарна Стигалкъекъа-беттан 5-хь бен ца хиина иза. Ши де даьлча Алимовс, веллачун девешица цхьана салтичун дакъа дIадаьхьира (билггал мичара – дуьйцуш дац), амма кIоштан Iедалша оцу гIуллакхехь цхьа а дакъа ца лаьцна – "оцу халачу балхахь администрацера, йа военкоматера цхьамма а тхуна гIо ца дира. Цхьамма а тIе ца лецира, новкъахь накъосталла ца дира, ур-атталла юьрта чувалочу хенахь а", - яздира Алимовс шен "ВКонтактерчу" агIонехь.

Митингерчу официалан видео тIехь ца гайтира цуьнан дейишас дина къамел, веллачун девешина, меттигерчу спортан школан директорна, кхерамаш туьйсу балхара вохорца, дийцина Кавказ.Реалиига Алимовс. И хаам бакъбан, йа харцбан аьтто ца баьлла – Ахтынскан кIоштан администрацехь корреспонденто телефон еттарх жоп ца делира.

Редакцин хьостанаша бахарехь, хьаькаман Ильясовца йолу оцу тайпа юкъаметтиг веллачун доьзалан кIоштан куьйгалхочуьнца Абдулкеримов Османца долчу девнаца доьзна ду. Амма Украинехь байъинчу оьрсийн салтийн гергарчара сих-сиха дIахьедо, декъий цIадерзочу юкъанна дуьхьалхIуьттучу халонех лаьцна – цхьахйолчу меттигашкахь Оьрсийчоьнан Iедалера салтичух лаьцна хаамаш бовза йиш ца хуьлу.

Зазадоккху-бутт чекхболуш пхеа дийнахь тIамехь дакъа а лаьцна, юхавирзина ша дIакхайкхийначу Къилба ХIирийчуьра оьрсийн тIеман базан 300 контрактхо. "Медиазонан" хаамца, шайх цхьаъ минана тIехь иккхича, ткъа буьйранчас иза даймахка юхавига дуьхьало йича, бира эскархоша и сацам. Гергарчарна "яьсса дакъа чудуьллу яьшка" хьажор ю ша аьлла хиллера цо.

Хьалхо Къилбаседа ХIирийчуьра талламхо, Киевскан прокуратуран белхахочо Тедеев Казбека дийцира, шега Оьрсийчуьра сих-сиха дехарш кхочу, салтийн декъий цIа хьош гIо де бохуш. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цо билгалдаьккхира, тIом болабелчхьана шега 25 Оьрсийчуьра вахархочо кхайкхам барх.

Дерриг ахчанца доьзна ду – дакъ дIа ца гайтахь эскархо йийсарехь ву, йа Украинан агIоне дехьаваьлла олу

"ХIирийчуьра хилла а ца Iа – ерриг Оьрсийчуьра наха кхоьхьуьйтура соьга байъиначийн суьрташ – "хIара сан кIант ву", "хIара сан вешин кIант ву" бохуш. Царна гора сан маьрша дог-ойла а, со тIамна дуьхьал хилар а, цундела доьхура дакъа дIадигарехь гIо дар. Амма цхьахйолчу меттигашкахь доьзалш Iехабора – тIеман декъехь цаьрга олура салти дарбан цIийнахь ву, йа зIене вала аьтто боцуш ву, ткъа гергарчаьргахь цуьнан моргера сурт хуьлура карахь. Дерриг ахчанца доьзна ду – дакъа дIа ца гайтахь эскархо йийсарехь ву, йа Украинан агIоне дехьаваьлла олу. Кхалхаран тоьшаллаш дацахь – дац конпенсаци а [веллачу эскархочун доьзалшна]", - аьлла Тедеевс.

Стигалкъекъа-баттахь Къатарера "Аль-Джазира" телехьожийло репортаж арахийцира, цу чохь гойтура Украинехь кхелхинчу эскархойн декъех дIаюьзна Киевскан кIоштера вагон-рефрижиратор. Видео тIехь го, оьрсийн тIеман барзакъах тера долчу духарца Iоьхку догIмаш, иштта гуш ю Оьрсийчохь йина гIагIдиллина жилет а. Цул сов, цигахь гойту, оьрсийн эскархойн шевронаш, беллачу салташкахь карийна дашон хIуманаш а. Телехьожийлан хаамца, вагон чохь оьрсийн агIоно битинчу салтийн декъий ду. Оьрсийчоьнан тIеман министралло оцу хаамна реакци ца йина.

Зазадоккху-бутт чекхболуш Украинан президента Зеланский Владимира оьрсийн журналисташка иштта дийцира, Оьрсийчоьнан Iедало салтин декъий юхадерзон шайн лаам ца гойту, аьлла.

"Тхуна уьш дIадала, дIакхачо альа. Тхуна ца лаьа декъий латтон, шу цунах дукха дика кхеташ ма ду. Тхуна уьш дIахьажон лаьа. Дуьххьара уьш реза ца хуьлура, юха кхин цхьаъ нислора. Юха цхьа галеш хьоьхура тхуна. ЛадогIийша, иза стенах тера ду… Суна-м хаац… ЛадогIийша, жIаьла, йа цицка делча а ца леладо оцу тайпа хIума. Уьш цхьа… Нехийн тIормигаш ду уьш", - цитата йо "Медузо" Зеленскийна.

Пазаташ, тIеда горгамаш, дарбан гӀирс а

Украине хьийсочу тIемалошна гIирс а, барзакъ а латторца халонаш хьоьгу оьрсийн эскаро – цунах лаьцна, масала, дIахьедо шаьш салташа. Украинехь тIом бан ша реза ца хиллачул тIаьхьа ша балхара вохорна тIеман министраллица кхеле ваьлла волу Къилбан тIеман гуонан Буьри-ГIалара 58-чу юккъарчу эскаран контрактхочо дийцина Кавказ.Реалиига, тIом болабалале цуьнан тIеман декъехь цхьанне агIор кечамаш ца бора аьлла. "Оьшучул герз, а гIирс боцуш" луларчу пачхьалкхе хьовсийна эскархой, къера хилла контрактхо. Цуьнан ковра хIаллакйира дуьххьарчу дийнахь Херсонан кIоштахь, салти валарх кIелхьара а ваьлла Оьрсийчу юхавеана – цигахь иза тIамера веддарг а лаьрра, балхара вохийна. Иза хилла 50 цуьнан белхан накъосташна а.

Эскархошна гIирс латторца халонаш хилар тIечIагIдина ГIалгIайчуьра Росгвардин сержанта а, цо дийцина, тIемалоша шаьш оьцу шайна гIирс, хIунда аьлча, "пачхьалкхо лартIахь гIагIдиллина жилет а ца ло". Иза дуьйцура Къилбаседа ХIирийчуьра цхьахволчу контрактхочун нанас – цуьнан урамерчу наха "хан яккхийта" тIелаьцна хиллера цхьахволу эскархо, цо бахарехь, куьйгалло цуьнан тIеман тоба кхача а, хи а доцуш дIатеснера. Иштта дийцина цо "пазаташ эца" меттигерчу наха сагIийна ахча хьежош хилар оьрсийн эскарна.

Оцу тайпа эскархошна ахча гулдарх лаьцна хаамаш тIаьххьарчу кIирнах сих-сиха кхочу. Масала, 2014-чу шарахь дуьйна "ДНР" шех олучун агIо лаьцна тIом беш волчу Дагестанерчу вахархочо Умаханов Мусас фронтехь оьшу бедарш юьйцуш пост арахецна. Пазаташ йоцурш, цигахь юьйцуш кучамаш, тIеда горгамаш, молханийн гӀирс, гIагIдиллина жилеташ а ю лаамхошна хьажон езаш йолу – уьш тIаьххьарчу хенахь Оьрсийчоьно ахчанах дIагулбеш бу.

Къилбаседа ХIирийчохь оьрсийн эскарна ахчанца гIо до меттигерчу наха а, хьакамаша а, дешархоша а, меттигерчу жигархоша а. Цара шаьш оьцу, йа тепловизорш, йагочун тIехь болх бен херхаш, ток йоккхуш, полиэтилен, биноклаш эца ахча хьежадо. Оьрсийчоьнан эскархошна гIо латтош ву 58-чу эскаран эпсар Марзоев Олег.

"Аса юха а билгалдоккху, эскарна латтон гIирс хуьйцуш дац вай, ницкъ ма-кхоччу царал совдаьккхина гIо деш ду, амма ца хоьтту вай: "Ткъа хIунда…", яздо эскархочо шен телеграмерчу каналехь. Ца бахарехь, салтичунна "муьлххачу хенахь а оьшу шен гIирсана тIетоха цхьаъ", 2,5 баттахь саццанза тIеман тийсдаларш доьлхуш хилча оьрсий салтийн "дукха гIирс байна хир бу".

"Оьрсийн куьйгалла кхечу тIамна кечамбеш дара – дера, иза дIадахделла. Дуьххьара эскаран хилла хьал а, хIинца дерг а – башхалла ю. 2014-чу шарахь дуьйна украинхойн эскаршна вуно чIогIа тидам латтош хиллехь: кIадин чIагIаллина, мачийн кIархийн дикалла, амма оьрсийн куьйгалла хьалха санна дуьнанан тенденцешна тIекхиа гIертара – инзаре ахчанаш хьежорца, цхьахдерг дора, цхьахдерг лачкъадора. ХIинца вайна гуш ду, оьрсийн эскархоша, къаьсттина йийсаре лецнарш, беркъа нах санна хьолехь хуьлу", - аьлла Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь украинхойн эскарна таллам баран, конверсин, герз дIадаккхаран Центран (Киев) эксперта Левченко Игоря.

Цо бахарехь, оьрсийн эскархойн гIирс а хуьлу къаьсташ эскарийн тобанашка хьаьжжина – уггар тоьлларг ВДВ-н эскархошкахь, леринчу тобанийн, хIордан гIашсалтийн а. Масала, царна ло эскархошлахь гIаръяьлла йолу "Ратник" цIе йолу тIемалочун гIирс – украинхойн эскархоша оьрсийн йийсархошкара, йа байъинчаьргара шайна дIаоьцу царна юккъера цхьахйолу дакъалгаш, иштта гIагIдиллина жилеташ а, касканаш а.

Левченко Игоря иштта дийцина, украинхойн эскаршлахь а ю волонтералла лелоран практика, йа тIамна оьшу хIуманаш шаьш эцар – полиэтилен, йа лерина скобаш.

Чамбоцуш хаза а мега хIара, амма суна бен дац, шайн лаахь трусешца бовлий лела, сан бала бац. Церан гIирс ледара мел-хуьлу а Украинана пайде ду иза

"Практикаца карадоьрзуш долу иштта кегийра хIуманаш ца хьахийна хила тарло оьцучу гIирсан номенклатурехь – оцу кегийрачу хIуманаша чIогIа Iаткъам бо салтийн тIом бан дог-ойла хиларна. Баккъала а, буьйсанна сагойтург цкъа а ца хуьлу новкъа", - тIетоьхна цо. ТIом бан кечлуш хилла долу Iедало хьалххе хIунда ца йина цуьнан ойла, сагIина ахча лехьон дезаш ца хилийта – оцу хаттарна Левченкос жоп ца делла. Цунна хетарехь и хаттар жоп оьшуш дац.

"Чамбоцуш хаза а мега хIара, амма суна бен дац, шайн лаахь чухула юхучу хечица бовлий лела, сан бала бац. Церан гIирс ледара мел-хуьлу а Украинана пайде ду иза. Шуна ма-гарра [оьрсийн эскаран] "Тхайнаш дIа ца тосу" боху лозунг баккъала а лаьттачу хьолаца ца йогIу. Сан цхьа дехар ду – ма дуьйла кхуза тIом бан, кхузахь национализм яц. ХIора пачхьалкхан шен проблемаш ю, хIора пачхьалкхо ша листа еза уьш", - аьлла Тедеев Казбека.

***

Карарчу хенахь Кавказ.Реалиин хаьа Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а Украинерчу тIаме а хьовсийна, тIаккха чугIортар дан реза ца хиларна балхара вохийна 200 контрактхочух лаьцна.

Масала, Нальчикан гарнизонан кхелехь Стигалкъекъа-беттан 19-хь дийцарш хир ду 115 Къоман гвардин белхахошна дуьхьала, оцу гIуллакхехула дийцарш Буьри-ГIалахь а ду планашка диллина - цигахь арз дина 58-чу тобанан 50 эскархочо. Кхин а 300 эскархо шайн лаамехь Украинера ша дIакхайкхийначу Къилба ХIирийчу юхавеана, декъий цIадерзорехь йолу халонел сов, цара "Медиазоне" дийцина, шаьш тIаме "цхьалха" хьийсийна хилар, ткъа гIирс царна "сагатдечу наха" оьцуш хилла.

Дуьххьара ишттачу хиламах лаьцна хиира Чиллан-бутт чекхболуш. Оцу хенахь бакъонашларъяран "Агора" организацино хаамбира, Краснодаран ОМОН-н 12 белхахо реза ца хилла Украине гIо аьллачу тIедилларна. Омра низамца догIуш дац аьлла, "шайн белхан декхарш Оьрсийчоьнан Федерацин дозанал арадовлуш дац" аьлла, шайн сацамна бух балийна латархоша. ТIахьо хиира, "резабоцурш" балхара бохош хилар а, царна Iаткъамбеш хилар а. Адвоката Беньяш Михаила хаамбира, бакъонан бух боцуш шаьш балхара дIадахарх искаш чуеллачу 12 омонхочух 9-ммо шайн аьрзнаш юхаийцира "леринчу сервисаша болх барна" аьлла. Биссинчу арзхойн кхелан гIуллакх листар къайлахчу кепе даьккхира, "белхан чоьхьара дозатоьхна информаци" нахала ца ялийта, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG