ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петербургехь лаьцна Кадыровн векал. Наркотикаш яьхна цуьнгара


Нохчийчоьнан цIарах Къилбаседа-Малхбузен федералан гонашкахь векал волу, 38 шо долу Хизриев Ислам дIалаьцна Санкт-Петербургехь, яздо меттигерчу 47news ресурсо. Де хьалха Петербургерчу Москван кIоштан некъан полисхоша сацийнера "Порш Кайен Турбо" машен. Хизриев Ислама урхалла дечу машенах хьовсуш, цуьнгара яьккхинера кхо грамм наркотикан психостимулятор. Хизриев лаьцна ши дей-буьйсий хан а тоьхна. Еарин дийнахь кхело дIасавалар доьхкуш сацам бийр болуш бу цуьнан хьокъехь кхин дIа.

Хьалхо чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс лаьттинчу Алаудинов Аптин хадархо лаьттина ву Хизриев Ислам. Карарчу хенахь Нохчийчоьнан цIарах Къилбаседа-Малхбузен федералан гонашкахь векал ву иза. Къилбаседа-Малхбузен федералан гонашкара комментарий эца аьтто ца баьлла журналистийн.

  • Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Маршо Радионо яздира, Ханты-Мансийскан автономин гонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан гIоьнчо Сайдаев Iелас а, цуьнан накъосто-полисхочо а т1елатар дина Азербайджанера схьаваьллачу стагана, цуьнан машен а ядош аьлла.
  • 2020-чу шарахь Товбеца-баттахь Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь лаьцнера Нохчийчоьнан куьйгалхочун Ивановн кIоштахь волу векал Эдильсултанов Iийса. Бинчу хаамца, иза бехке веш вара хьарамлонца ахча даккхарна а, харц тоьшаллаш дарна а.
  • 2017-чу шарахь Украинехь лецира Нохчийчоьнан куьйгалхочун дуьненаюкъарчу уьйрашкахула волчу гIоьнча Цицулаев Рамзан. Цунна экстрадици йира Оьрсийчу. Иза бехке веш ву адам лачкъорна а, ахча даккха гIортарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG