ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пью-Центр: Оьрсийчоь кхераме хетачу Iамеркахойн терахь алсамдаьлла


Iамерка -- Вашингтон, Капитоли. 2016.
Iамерка -- Вашингтон, Капитоли. 2016.

Iамеркахошна Оьрсийчоьнах хетарг а, Цхьаьнатоьхначу Штаташна кхераме хIун ду а теллина Iамеркерчу Пью-Центро. Гучудаьлларг ду 54 процент Iамеркахошна Оьрсийчоь шайн махкана кхераме хеташ хилар.

Линкана тIе

ТIедогIучу кIиранах Трамп Доналд Iамеркан президентан декхарш кхочуш дан волавеллачул тIаьхьа цунна хьалха лаьтташ хир ю цхьамогIа махкана кхерам латтош йолу проблемаш. Уьш билгалйохуш таллам бина Пью-Центро.

Цу талламо гойтуш ду 79 процент Iамеркахошна шайн пачхьалкхана уггаре а кхераме хетарг «Исламан Пачхьалкх» олу Шемахь а, Иракъехь а цхьацца латтанаш дIалаьцна латтош йолу тоба хилар.

71 процентана хетарехь, уггаре а кхераме ду Iамеркана кхечу пачхьалкхаша Цхьаьнатоьхначу Штаташна кибертIелатарш деш хилар.

64 процент Iамеркехь бехачу нахана уггаре а шайн махкана кхерам бохьуш ю аьлла хета Къилбаседа Корейно кхочуш еш йолу зарратан программа.

Iамеркан бахархошна хетарг
Iамеркан бахархошна хетарг

54 процент Iамеркхо тешна ву Цхьаьнатоьхначу Штаташна кхераме ницкъ болу а, тIеIаткъам бан таро йолу а Оьрсийчоь хиларх. Ткъа Китай кхераме хета 52 процент бахархошна. Оццул нах хеташ бу Iамеркана уггаре а кхераме дерг глобалан кепара дуьне дохлуш хилар ду аьлла.

Пью цIарахчу талламан центро шен таллам дIабаьхна кху шеран Дечкен-беттан 4-чу а, 9-чу а деношкахь. Цу юкъахь дакъалаьцна 1 502 стага. Кху керлачу талламо гойтуш ду стохка Охан-баттахь бинчу талламан жамIаш баш дIоггара хийцаделла ца хилар. Амма цхьаболу хийцамаш хилла.

Иштта стохка Охан-баттахь Оьрсийчоь ницкъ болуш хилар а, изза Iаткъам бан таро йолуш хилар а коьрта кхерам бу Iамеркана аьлла хеташ бара 42 процент Iамеркахой. ХIинца и терахь ду 54 процент.

Оццу хена[ь Иракъера а, Шемара а бовдуш болу нах Iамеркана кхераме хетачу нехан терахь лахделла 9 процентана. Стохка Охан-баттахь цу тайпа нах бара 55 процент. ХIинца цу кхепара ойла йолчу нехан терахь дац 46 процент бен.

Пью-Центро бинчу талламца, Оьрсийчоьнера кхерам бу аьлла хетачу Iамеркахойн терахь цу кеппарар алсам дара 2014-чу шарахь. И таллам дIабаьхьнера социологаша Оьрсийчоьно Украинин ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа. Оьрсийчоьнан а, цуьнан лулахойн а юкъаметтигаш галйовлар Iамеркина кхераме ду аьлла хетара 53 процент Цхьаьнатоьхначу Штатийн махкахошна.

Ткъа хIинца Оьрсийчоь ницкъ болуш а, Iаткъам бан таро йолуш а хилар шайн пачхьалкхана кхераме хетарш бу дукхах берш Демократин партин декъашхой а, цаьрна тIехIиттинарш а. 2016-чу шарахь Охан-баттахь Оьрсийчоь кхераме ю аьлла хетарш бацара 37 процент демократаш а бен. ХIинца уьш бу 67 процент.

Демократин а, Республикан а партийн декъашхошна хетарг
Демократин а, Республикан а партийн декъашхошна хетарг

Оццу хенахь стохка Охан-баттахь таллам бича Оьрсийчоь кхераме хеташ бара 46 процент Республикан партин декъашхой. ХIинца уьш 41 процент а бен бац.

Кхин цхьа хIума а ду. Чикагорчу глобалан хаттаршкахула йолу кхеташоно стохка ГIура-беттан 22-чу дийнахь зорбане дехира ша Iамеркехь бинчу талламан жамIаш. Цара гайтира Оьрсийчоь дикачу агIор тIеэцар лахделла хилар 30 шо хьалха хиллачу гайтаме.

Социологаша дийцарехь, Iамеркахоша Оьрсийчоь дика тIеэцара 1990-чу шарахь (59 процент). Ткъа тахана санна цу пачхьалкхе хьежар долуш бара Цхьаьнатоьхначу Штатийн бахархой 1986-чу шарахь. Иза яра Советан пачхьалкх йолу зама.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG