ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Делимханов "лазор", доьзалера йоI йадар, Мусаева Заремина 5,5 шо дехар


Даудов Мохьмад, Кадыров Рамзан, Делимханов Адам

Кадыровн накъост Делимханов Адам лазийна аьлла хаам баржор, "Ахмат" тобано тIеман министраллица барт бар, кадыровхой Белгороде хьовсор, доьзалехь шена йинчу гIелонах йедда нохчийн йоI - цу дерригенах, кхиндолчух а Маршо Радион 15-чу подкастехь дуьйцур ду.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Делимханов - лазийна ву йа вац?

Оьрсийчоьнан думера нохчий векал, депутат Делимханов Адам дийна ву, могуш ву, аьлла дIахьедира республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Мангал-беттан 14-хь шен уллора накъост вийна йа лазийна боху хаамаш бакъ цахилар тIечIагIдеш.

Дагадоуьйту, Делимханов вийна аьлла хаамбира Украинин тIеман ницкъашца цхьаьна тIом бечу политолого Сазонов Кирилла. Оккупацехь йолчу Запорожьен Приморскехь украинхойн эскархоша дIайаьхьначу операцехь вийна нохчийн депутат аьлла дIахьедира цо. Сазоновс бахарехь, Делимхановца цхьаьна вийна кхин а 200 стаг. И хаам цхьаммо а тIе ца чIагIбира.

Делимхановн лазорах уггаре хьалха хаамбинарг Оьрсийчоьнан тIеман министраллин "Звезда" телеканал йара, думин пресс-гIуллакххойн хаамна тIетовжарца. ТIаьхьо канало шозза хийцира шаьш бина хаам:цкъа хьалха шайн хааман хьоста ЛДПР партин пресс-гIуллакххой бу аьлла, шолгIа - депутат вала а ца велла олуш

Baza телеграмерчу канало ЛДПР-н партина а, "парламентан официалерчу векалшна" а тIетовжуш дийцарехь, цара "Звезда" телехьожийлина комментари йелла йацара. Пачхьалкхан думан хьалханчас Володин Вячеслава иштта бохура, Делимханов "дийна ву, могуш ву" аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмерчу каналехь дIахьедира, Делимханов зIене волуш вац шеца аьлла. Цо дехар дира украинхойн таллархошка, "муьлхачу меттиге, муьлхачу позицешна дина и тохар" дийца шега аьлла, "ца кхоош ахча" лур ду аьлла дош деллера цо.

"Ахмат" спецназан буьйранчин Алаудинов Аптин дIахьедарна тIетовжарца, ТАСС агенталло, Делимханов дийна ву, Нохчийчохь ву аьлла йаздира. И пост арахецна ах сахьт даьлча, Алаудиновс шен телеграмерчу каналехь дIахьедира, ша "Делимхановна и бохам хиллачу метте воьдуш ву". "Омра кхаьчна... цигахь иза хIуъа дай а, схьакараве аьлла", - йаздира спецназан буьйранчас Алаудиновс. ТIаьхьо хийцира цо шен пост: Алаудиновс текстана йукъайахийтира эмодзиш, царлахь дара эмкалийн, мамонтийн суьрташ.

Кадыровс телеграм-канале хIоттийначу суьрта тIехь гойтуш ву иза ша, Делимханов Адам, иштта Нохчийчоьнан парламентан хьалханча Даудов Мохьмад, республикин зорбанан министр волу Дудаев Ахьмад а – Украинехь боьлхучу тIемийн карти хьалха хевшина Iаш гойту уьш. И карта хьулдина ду видео тIехь, амма "Агентство" зорбано тидам бира, Оьрсийчоьно дайначу шеран гезгмашин-баттахь аннекси йина аьлла дIахьедина хилла долу сепаратистийн "ДНР-н" латта цу карти тIехь- Украинин латта санна билгалдаьккхина хилар.

ТIеман аналитик волчу Ян Матвеевна хетарехь, цу карти тIехь гойту, дайначу шеран аьхка-гурахь тIом беш йолчу агIонийн хилла лоттийлеш. "Важные истории" сайто тидаме лецира, цу видео тIехь долу къамел тIаьхьа тIетесина халар, къамелахойн балдийн меттахдийларца иза цадар а. Цу постехь Кадыровс дIахьедира, кхин а тIе гIуллакх марсадоккхуш, шен накъост волу меттиг йийцинчунна "совгIат" лур ду ша. Цунах лаьцна дуьйцу нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара.

[АБУБАКАР КОММЕНТ]

Дагадоуьйту, думера нохчийн векал, депутат, 53 шо долу Делимханов Адам Украинерчу тIаме вахнера. Республикерчу батальонех кхетта, Оьрсийчоь Украине чуйахана дукха хан йалале. Делимханов Кадыров Рамзанан "аьтто куьг " лору, иза цуьнан ден Кадыров Ахьмадан кхерамзаллин урхаллехь болх бина ву.

"Ахмата" тIеман министраллица дина контракт

Кху кIирнахь массарел хьалха Оьрсийчоьнан тIеман министраллица контракт дина нохчийн "Ахмат" тобано. Лаамечеран тобанаш тIеман министраллех дIатухуш бина болх бу и. Бакъоларйархоша массийттаза дIахьедира, республикера бахархой бертаза Украинина дуьхьалчу тIаме хьийсорах.

Контракт даран Iалашонах Алаудиновс иштта элира - "Оьрсийчоьнан тIеман министраллица болуш тIом бечеран, шайн лаамехь тIаме баьхкинчеран соцпакет цхьаьнайогIуш хуьлуьйтур йу" цу барто. Нохчийн "Грозный-информ" Iедалан агенталло йаздарехь, документаш "тIеман министро Шойгу Сергейс деллачу омраца" догIуш кечдина. Оьрсийчоь Украине тIом эцна йахчахьана Нохчийчухула цу тIаме хьийсинчу йолахойн билггал долу терахь девзаш дац. Кадыровс дийцарехь, тIемалой хIора кIирнахь схьабалош бу. Нохчийчуьра хьаькамаш, имамаш, буьйранчаш декхаре бу Украинерчу тIаме бахийта йолахой вовшатоха - и "барамаш" кхочушбархьама меттигера бахархой бертаза къайлахчу набахтешкахь сецабо, нагахь уьш тIаме баха реза ца хилахь, церан гергарчу нахана бохам баккхарца кхерамаш туьйсу. "СК SOS"кризис-тобанан дIахьедаршкахь билгалдаьккхина ду цунах дерг.

Кадыровхой Белгороде бигар

"Запад-Ахмат" батальон Белгородан махка дIахьажорах хаамбира Кадыров Рамзана. ТIаьххьарчу кIирнашкахь Украинерчу диверсийн тобанаша тIелатарш дина цу махкана.

Цунах лаьцна дийцина дара Оьрсийчоьнан парламентера нохчийн векало Делимханов Адама а, Белгородан губернаторо Гладков Вячеслава а, шайн цхьаьнакхетарехь - и цхьанакхетар, Делимханов лазийна бохучу хаамал хьалха хилла ду.

Кадыровн постаца хIоттийна видео йу, цу тIехь Делимхановс тIечIагIдеш дуьйцу, "Запад-Ахмат" Белгороде дIакхаьчна бохуш. Цо дийцарехь, тIемалой кхечу структурийн эскархошца цхьаьна хир бу. Царлахь хуьлу Росгварди а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин дозанера эскарш. Церан массеран ницкъаш Украинерчу лаамхойн тобанашна дуьхьала тIом бан дIаберзийна.

Дагадоуьйту, нохчийн батальонаш Белгороде хьовсайе аьлла кIира хьалха вистхилларг Кадыров вара. Цо билгалдаьккхира, Нохчийчуьра Росгварди а, тIеман министраллин батальонаш а шайн цIахь "лаьмнашкахь а, хьаннашкахь а" тIемаш бан Iемина йу аьлла. Амма церан говзаллех - Белгородан шерачу меттигашкахь хIун пайда бер бу, Кадыровс ца элира.

Америкахойн тIом талларан институтан эксперто Степаненко Катеринас дийцарехь, Кадыровн инициатива Украинерчу тIамана генавала лаарца йоьзна хила мега.

Исмаилова Селима а, цунах дерг а

Нохчийн ницкъахоша Москвахь дIалаьцна Нохчийчуьра 20 шо долу Исмаилова Селима, бакъоларйархойн гIоьнца доьзалехь шена йечу гIелонех йедда хилла йолу. ЙоI Оьрсийчуьра "Внуково" аэропортера дIайаха йезаш йара, амма сацийра иза цигахь.

Исмаилова дIалацаран бахьана цуьнан гергарчара полицехь цо къола дина аьлла дIахьедар ду. Къилбаседа Кавказера доьзалерчу Iазапах уьдучу мехкаршна церан цIерачара изза бахьана хIоттадо. Цхьана дийнахь Исмаилова полицин декъехь латтийра, шолгIачу Iуьйрана иза Соьлжа-гIала дIайигира. Цу гIуллакхах дерг тхуна хоуьйтуш йу доьзалерчу гIелонах бевддачарна гIо дечу центран белхахо Русова Софья: "Цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллина хилла, иза хIинца лехамашкахь йу. Кхаа сахьтехь полицин декъехь латтийра цара йоI. Цкъа дуьххьара кхеташ дацара, и хIун бехктакхаман гIуллакх ду - ма-дарра дуьйцуш дацара. ГIуллакх диллина хилар тIечIагIдеш Нохчийчуьра шайга кехат кхачаре хьоьжура полисхой. ТIаьххьаре а кхо сахьт даьлча кехаташ схьаделира цара, адвокаташа иза дан уьш декхаре бича. ТIаккха билгалделира, хIума лачкъор бохучу артиклехула гIуллакх цунна дуьхьал долийна хилар. Охан-баттахь дуьйна йу бохура иза лехамашкахь".

ХIинца Селимин цIе йу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин базехь дIаязйина. Цигахь билгалдаьккхина ду, иза бехктакхаман артиклаца лохуш хилар, муьлхачу Iедалан къепехь - аьлла дац. ЗIеневала луучунна йитина йу Нохчийчуьра ТIехьа-Мартан кIоштарчу некъан инспекцин урхаллин телефонан номер.

Исмаилова шен 12 шо долчу хенахь деца-ненаца, вежаршца, йижаршца Германи дIайахара. Цигахь ненаца девнаш хилар бахьана долуш, цунна таIзарш деш хилла. 2021чу шеран аьхка иза ТIехьа-Мартанарчу шен ден нене дIайелла. Германера цIавеъначу дас цунна йиттина, йуьйр йу ша аьлла, кхерам тесна. Бакъоларйархоша республикера арайала гIо дина Исмаилова Селимина, масех баттахь, кехаташ кечдаллалц, иза Москвахь къайлайаьккхина латтийна цара.

Мусаевана чохь даккха пхи шо ахшо дехна прокуратуро

Нохчийчохь прокуроро пхи шо ахшо хан тоьха аьлла оппозицин жигархойн ЯнгулбаевгIеран нанна Мусаева Заремина – иза хьалхо кадыровхоша лачкъийнера. Хьарамлонаш лелорна а, полицин белхалочунна ницкъбарна а бехкейо иза, бакъоларйархоша политикан тутмакх лаьрра Мусаева.

Мангал-беттан I5-хь хиллачу кхелан кхеташонехь прокуроро дIахьедира, хьарамлонаш лелорна тIехула долу гIуллакх йуха долон деза аьлла. Керла материалаш йу аьлла бух балийра цо: дийцарехь, 2017-чу шарахь Соьлжа-ГIала а йеана, Азимова Мадиница цхьаьна а кхетта, декхаре а йоьдуш, хIусам чохь лелон техника эцийта аьлла, цуьнан гергарнаш тешийнера цо, тIаккха ахча дIа ца деллера бохура талламо.

И зулам дайтархьама тIехьоьхуш хилла боху Мусаевас, талламхоша дийцарехь, Азимовас оцу схемех пайдаэцна и шиъ базарахь цхьанакхеттачул тIаьхьа ши шо даьлча. Мусаева Заремас а, цуьнан адвокаташа а бехкаш тIе ца лоцу, гIуллакх харц хиларх а дIахьедо.

"ГIуллакх цхьаъ ду. Прокуратуро йуха талламбарх дIахьедира, тIаккха масех агIо тIетохарх хаийтира, цул тIаьхьа кхелахойн таллам берзийра", - дийцина Кавказ.Реалиин сайте Nemov Aleksandra.

Адвокато бахарехь, прокуратуро цунна кхо шо хан тохар тIедожийнера хьарамлонаш лелорна тIехула, кхин а кхо шо ахшо – ницкъахочунна тIелатарна - уьш цхьанатоьхча – пхи шо ахшо хуьлу.

Хьалхо Соьлжа-гIалара кхел дуьхьал хилира, Мусаева Заремин гIуллакхна йуккъера генетикан экспертизин жамIаш дIадаха. Цуьнан мIарашана бухахь цо лазийначу полисхочун цIийн лараш йу бохура цу экспертизо.

Цул совнах, йа таллам бан и биоматериал схьаэцарх а, йа материал эксперташка дIайаларх а цхьанна кепара гIуллакх толлучу хенахь фиксаци йина ца хиллера.

***
Аг ладуьйгIира Нохчийчоьнца боьзна тIаьхьарчу кIирнахь хиллачу коьртачу хаамашка. Шаьш ладоьгIначохь йазло тхан канале, йита шайн комментареш – тхан болх кхечу наханна бовзийта гIодийр ду цо.

Йазло Маршо Радион подкасте:

XS
SM
MD
LG