ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбургехь нохчийн жимачу стагах леттарш лецна полицино


Къилбаседа Африкера орамаш долу кхо стаг ву Iедалхоша лаьцнарг.

Страсбургехь нохчийн жимчу стагах леттарш лецна полицино. Цу гIалахь бехачу нохчийн диаспорин векалша Маршо радионе бинчу хаамца, карарчу хенахь билгал хууш ду, Къилбаседа Африкера орамаш долу кхо стаг Iедалхоша лаьцнийла. И кхоъ шеконехь ву, масех де хьалха нохчочунна некъ хадийна, цунах леттачу тобанан декъашхой уьш хиларна.

Хьалхехьо Маршо радионо дийцина ма-хиллара, марха даста хьалхарчу дийнахь Страсбургерчу маьждигехь Далла Iамал еш 10 де а даьккхина, цIавоьдуш волчу меттигерчу нохчочун некъ хадийнера Къилбаседа Африкерчу Iарбойн тобано. Цо ша дIавахийта аьлча, маьттаза мотт а лебеш, цуьнца девне а бевлла, жимчу стагах леттера уьш. Нохчо чевнашца лоьрийн цIийне кхаьчнера, ткъа хилларг гIардаьлча, цунна динчунна бекхам бан Iалашонца вайнехан кегирхой МагIриберчу кегирхойх леттера.

ГIуллакх полисхошка а даьлла, леташ берш дIасакъайстийнера, амма дов дирзина дацара. Страсбургера а, Францин кхечу гIаланашкара а вовшахбетталуш бара нохчийн кегирхой, бекхаман акцеш дIаяхьа, ур-аталла масех луларчу пачхьалкхашкара нохчий а новкъабевллера шайн къоман нахана тIехIотта Страсбурге баха, Маршо радион цу гIаларчу хьостанаша дийцарехь.

Иштта МагIриберчу пачхьалкхашкара орамаш долу кегирхой а хиллера, шайн рогIехь, шаьш нохчи лоьхуш ду бохуш мохь бетташ арабевлла. И хьал баккхийчаьрга а даьлла, Маршо радионо хьалхехьо хьахийна ма-хиллара, цу гIаларчу Iарбойн маьждиган векалш баьхкинера Страсбургерчу нохчийн диаспорин векалшна тIе, зулам динчу талорхойн питанца къаьмнашна юккъехь дов а ца долуьйтуш, куьг бехкенарш билгал а бахийтина, бехкебоцу нах вовшех летар сацадайтахьара вайга цхьаьна, юкъахь.

Даханчу пIераскан дийнахь Iарбойн а, нохчийн а маьждигашкахь хутIбанашкахь дийцаре деш дара шинна а къоман имамаша хилларг. Цара кхайкхамаш бира, бехк боцучарна бекхамаш а ца беш, куьгбехкенарш билгал а баьхна, Iедале и хIума къастадайтаре.

Страсбургерчу нохчийн маьждиган имам Саламу а вара хилларг къасторехь а, дерзорехь а дакъалоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG