Полисхоша лачкъийначул тIаьхьа Нохчийчохь кхин цхьаъ а кхелхина, доьзалехь латточу гIелонах йедда нохчийн йоI лаьцнера Казахстанехь, Швецино дIавала хьийзош ву нохчийн мухIажар – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду Маршо Радион хIора кIиранах арайолучу хIокху 101-чу подкастан декъехь.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:
Нохчийчохь лаьцнарг кхалхар
Нохчийчохь лаьцна, тIехь ницкъбинчул тIаьхьа велла 45 шо долу Шелан кӀоштара вахархо Мухадиев ИсмаьӀал.
Кху тӀаьхьарчу шина баттахь цу кепара кхозлагӀа стаг кхалхар ду хIара. Мухадиев Сиржа-Эвлахь вехаш вара. Дечкен-беттан 30-чу дийнахь лаьцнера иза, полицина хетарехь, "магийна йоцчу" постана лайк йиллина аьлла. Шен цӀенна 40 километар генахь йолчу Соьлж-ГӀаларчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан декъе дӀавигира Мухадиев. Цигахь ток йетташ, хьийзийнера лаьцнарг, чӀагӀдо нохчийн оппозицин Niyso боламан жигархоша. И бакъдина ишта "Вайфонд" олучу бакъонашларъяран цхьаьнакхетаралло а.
Мухадиев велла, шена тIехь хьоьгу Ӏазап лан ницкъ ца кхаьчна. Цуьнан дакъа дIаделира гергарчаьрга, ткъа тезет хIоттийна хиллера иза лаьцначу шолгӀачу дийнахь, дечкен-беттан 31-чохь. Жигархоша дийцарехь, Мухадиев ИсмаьӀалан ваша Нохчийчоьнан ницкъаллин структурехь болх беш ву, хиллачуьнца цуьнан цхьана а кепара уьйр йуй- хууш дац. Ӏедалхоша а, полисхоша а официалехь комментари йина йац оцу хаамна.
Дечкен-баттахь тхан редакцин Нохчийчуьра хьостано хаам бира Устрада-ГIалара 19 шо долчу Тазуркаев Висханна тезет хIоттийнера аьлла. Официаехь д1ахьедира, цӀеххьана цамгар кхетта, кхелхина жистаг. Амма цуьнан тезетахь кхаьстинера, тIехь гӀело хьегийтар бахьана долуш велла хилар. Цунах лаьцна къайлах бен дуьйцуш дац.
Niyso-н жигархоша хӀетахь йаздира, Тазуркаев цо болх бечу меттехь лачкъийнера, Устрада-ГIалин полицин декъехь латтийнера иза а, иштта цунна а ток йеттийтинера аьлла. Жима стаг лацаран боккъалла а долу бахьана, хууш дац.
ГIуран-баттахь ишттачу хьелашкахь кхелхира республикера кхин цхьа вахархо, иза вара Куьрчалойн кIошатра Цоцин-Эвлара Абдулкадыров Мансур, хаамбора оппозиционераша. Церан дийцаршца, лаьцнарг Ӏазапехь латтош хилла, Украинана дуьхьал тӀаме гIо бохуш.
Къилбаседа Кавказехь хӀора борхIалгIа стаг леш ву лоцучу заманчохь, йа полицин карахь, йа талламан изоляторехь, боху "Верстка" зорбанан гӀирсан журналисташа. Стохка ишттачу хьелашкахь велла 50 стаг: шайна йукъахь Ростов гIалара а, Волгоградан кIоштара а шишша, ХӀинжа-ГӀалара цхьаъ а волуш. Украинхойн журналист Рощина Виктория кхелхира Таганрогера Москва дIайуьгучу хенахь некъаца. Официалехь белла аьлла, тӀечӀагӀдина нах бен бац цу статистика йукъабогӀуш, ца хьахийна лаьцна а латтийна, маьрша баьхначул тIаьхьа белларш.
Нохчийчуьра жима зуда йедда
ЦIера йедда Нохчийчуьра йахархо, 24 шо долу Солтаева Эльза сацийна Казахстанехь. Цо хаамбинера бакъоларйархошка, шена ца луъушехь гергарчу нахаца цхьанакхета бохуш, ца йуьту ша аьлла. Солтаевас бахарехь, цIера йедда иза шех гергарнаш "ца кхетарна" а, доьзалехь гIело хьегийтарна а.
Солтаева лацарх хаийтина «Марем» цIе йолчу кризисан тобано. Цара дийцира видеохаамехь, чиллан-беттан 3-чохь йоI шен лаамца цIера дIайахана хиларх.
Лаьцна хилла жима зуда Доссор олучу эвлахь. Полицино машен сацийнера, "Марем" кризисан тобанан жигархочуьнца Хорев Владиславца цхьана иза йоьдучу хенахь. Бахьанаш хууш дац, Хоревн машен сацайе аьлла, кхайкхийна хилла. Ницкъахоша схьадаьхнера йоIера кехаташ, Атырау гIалахь цуьнан гергарчу нахаца цхьанакхетахь бен йуха лур дац шаьш аьлла. Иза лаьцначу Доссор эвланал а, Оьрсийчоьнан дозана гергахь йу Атырау гIала.
Йеддачо дIахьедина, гергарчу нахе ша дIалахь, цара ша дийна йуьтур йац аьлла.
Эххар а Солтаева полицин декъе дӀайигира, цигахь цо кехата тIехь охьайаздинера, ша шен лаамехь цIера йадарх а, ша лачкъийна йуьгуш ца хиларх а хоуьйтуш. Иза дӀахецна, амма цул хьалха, камерана хьалха дIахьедайтина, ницкъаллин структурашкара баккха бехк бац шен аьлла, дийцина "Марем" кризисан тоба кхоьллинчу Анохина Светланас. Бакъонашларъярхойн карахь йу шиъ аудио, царех цхьанна тӀехь вевзаш воцчу полисхочо йемал йо Солтаева цӀера йадарна.
Оьрсийчуьра дIайахале хьалха Солтаева масийттаза гIоьртира дех-ненах дIа а хаьдда, ша йаха – йоIе школехь ца дешийтин, бертаза маре йелла а хилла иза, дийцина тхан редакцига Анохинас. Амма цIера дIа мел йоьду хIоразза а йуха йуьгуш хиллера йо1, тIаьхьа а кхуьий.
Чиллан-беттан 3-чохь Оьрсийчохь "Лиза Алерт" тобано лоьхуш йара Солтаева цIера йеддачул тIаьхьа – Казахстанехь иза лацарх хаам хилча, тобанан сайт тIехь йаздира, "иза карийна, дийна а йу" аьлла.
Шо доладелчхьана хIара дуьххьара дац луларчу пачхьалкхашкара полисхоша, доьзалера бевддачех хаамаш баржош. Дечкен-бутт болалуш Гуьржийчуьра полицино хаам бира Дагестанера схьайаьллачу Пирова Заирин гергарчаьрга иза йолчу меттигах лаьцна. ЙоӀ дIайаханера цIера шена тӀеӀаткъам барна а, нуьцкъала маре йаларна а кхоьруш. Иза йолу меттиг хиъначул тӀаьхьа, йеддачу зудчун гергарчу наха бехке бира "SK SOS" кризисан тобанера бакъонашларъярхой, иза лачкъийна аьлла. Бакъду, цул а хьалха Пировас масийттаза дIахьедира, шен лаамехь йеддера ша, шен цIахь кхерам лаьттара шена аьлла. ТӀаьхьо цуьнан гергарчара дош делира, шаьш кхул тIаьхьа хьийзор йац, цIа йагIахьара хьо аьлла. Царах тешна йоI а йуха йахара.
2023-чу шеран лахьан-баттахь цу кепара хIума нисделира Эрмалойчохь а. Цигахь полицино лецира 21 шо долу ГӀалгӀайчуьра Зурабова Фатима. ЦIахь йетташ лелорна йеддера иза. Цуьнгара смартфон дӀайаьккхинера, «Цхьаалин Оьрсийчоь» партехь волчу цуьнан девешица Зурабов Юсупца цхьаьнакхетийтинера иза, йо1 дуьхьал йоллушехь. Шен вешин йоӀана кхерамаш туьйсура цо, набахте йоллуьйтур йу ша бохуш, бакъонашларъярхошна а, журналисташна а кхерамаш тийсира, ницкъ бийр бу бохуш. Ереванерчу полисхойн декъехь масех сахьт даьккхинчул тӀаьхьа, эххар а маьршачу метте Фатима дехьайаккха аьтто хилира.
Швецино экстрадици йан тарло нохчийн мухIажарна
ЦIера девддачу зудаберашна Оьрсийчу йухадига кхерам лаьттина ца Iаш, Оьрсийчу йухаберзо кхерам лаьтта иштта Къилбаседа Кавказерчу бакъонашларъярхошна а. Мукъаденошкахь нохчийн "Вайфонд" цӀе йолчу ассоциацино хаам бира, Швецин Ӏедалш шайн цхьана белхахочунна йелла хилла мухӀажиран статус дӀайаккха хьийза аьлла.
"Вайфондо" цу стеган цӀе йовзуьйтуш йац, кхерамазаллин бахьанашца. Статус дӀайаккхаран процесс йолийна Швецин кхерамазаллин сервисо. ГӀуллакх дерриг а къайлаха луьстуш ду, ткъа статус дIайаккхаран цхьаъ бен доцу бахьана ду – оцу бакъонашларъярхочуьнгара "кхерам хила тарлуш" хилар. Цу тIехула шеко кхелехь къовса йиш йац, хIунда аьлча, иза билгалдаьккхина ца хиларна, чӀагӀдо "Вайфондехь" болчара.
Хаамбо, ассоциацин декъашхочун мухIажаран статус йолу 15 шо гергга хан йара, цо меттигера низамаш дохийна а дац бохуш. Иштта исс шо хан хилла Къилбаседа Кавказера мухIажарийн бакъонаш ларйеш «Вайнфондан» декъашхо иза волу а. Нагахь санна, даймахка иза дIахьажавахь, оцу тIехула а лаца тарлуш ву иза, цуьнан сина боккха кхерам бу, тешна бу ассоциацехь берш.
ТӀаьхьарчу беттанашкахь кест-кеста хеза Кавказера бахархошна экстрадици йина олий. Дечкен-бутт чекхболуш, масала, 10 шарахь сов Австрехь ваьхна а, цигахь бизнес а йолуш, Нохчийчуьра орамаш долу стаг даймахка цӀа хьажийра. Пачхьалкхера иза араваккхаран бух хилла, дуккха а шераш хьалха кхин цхьана мухӀажарца даьккхина цуьнан сурт гучудалар. Ткъа цуьнца сурт тIехь хилларг тIаьхьо Шема дIавахана хиллера, радикалан исламистийн агӀор тӀом бан, бохуш дийцира дозанал арахьарчу Нохчийн Ичкерия Республикан векало Дунаева Розас.
Оццу хенахь Бельгехь мацалла кхайкхийра терроризм лелорна шеконашца лаьцначу Къилбаседа ХӀирийчоьнан вахархочо Мейриев Руслана. 2015-чу шарахь оццу бахьанашца Украинехь лаьцнера иза, амма цул тӀаьхьа дерриг а бехкаш тIера а даьхна, маьршаваьккхира иза. Мейриевс бакъ ца до ша терроризмца воьзна хилар. Бельгера набахтехь иза ша цхьаъ латтош ву камери чохь, 41 шо долчу тутмакхо хаам бо, шен могушалла эшна йогIуш хиларх лаьцна.
Оцу йукъанна стохка шо долалуш Amnesty International организацин белхахоша кхайкхам бира Евробертан пачхьалкхашка, Къилбаседа Кавказера мухӀажирш Оьрсийчу дӀа ма хьийсабахьара аьлла. Шайн даймахкахь царна тӀехь Ӏазап латтон а, хьийзон а кхерам бу, йа Украинана дуьхьал тӀаме хьийсон а тарло, бохура бакъонашларъярхоша.
15 шо хьалха зулам дина зулам карладаьккхина
Ставрополь-махкарчу Ессентуки гӀалин кхело йуха а толлур долуш ду Оьрсийчоьнан Талламан комитето чуделла кехат. Цу тIехь дехар до, ницкъахошна тIелатарна а, бакъо йоцуш герз, патармаш лелорна а Нохчийчоьнан вахархочунна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх йуха доладе аьлла. 14 шо сов хьалха гIуллакх сацийнера, иза цу тӀелатарехь дакъалаьцна вац аьлла.
ГIуллакх йукъахдаьккхинера 2019-чу шеран чиллан-баттахь Нохчийчуьра прокуратурера талламхочо "лаьцнарг динчу зуламна гунахь вац" аьлла, билгалдоккху сацам тIехь.
15 шо даьллачул тIаьхьа гIуллакх схьаделлар тIедожийна къаьсттина луьра гIуллакхаш луьстучу Талламан комитетан урхаллин куьйгалхочо Бекулов Рустама. Талламна тIетайна шина инстанцин кхелаш а. Бехкевечун цIе къайлайаьхьна йу кхелан сацаман йозанехь.
Кассацихь адвокаташа дIахьедира дехар листар цхьана Iалашонца хилар а, шеконе кехаташ тIехь а, къайлаваьхьначу кхаа тешан мукIарлона тIехь а хилар. Кхаа тешах шинна бехкевийриг мила ву а, йа и зулам муха хилла ду а - дага а ца догIура. ГIуллакхан материлаш тIера хаамца, дуьйцург ду нехийн бак эккхийтар, хIетахь лазийра т1еман декъан эскархой. «Адам» цIарца къайлаваьккхинчу тешо кхетийра, бехкевечо ша дийцира шена оцу динчу зуламах лаьцна аьлла.
Цул сов, бехктакхаман гӀуллакх сацош йинчу кхелашкахь бехкевечун адвокат хиллера 15 шо хьалха, таллмача санна цунна дуьхьал долийначу гIуллакхехь дакъалаьцна стаг. Цуо, кхело къастийна ма-хиллара, цуьнан Iалашвала йолу бакъо йохош хилла.
Дуьйцург хила мега 2009-чу шарахь Хьалха-МартантӀехь цхьахдолчу тӀеман декъана уллехь хилла эккхийтар.ХIетахь цхьа эскархо вийра, шинна чевнаш йира. 2023-чу шеран аьхка ницкъаллин структурийн белхахоша лачкъийра нохчийн махкахо Абубакаров Мохьмад, тIехь ницкъбина, эккхийтар динарг ша ву аьлла, тIелацийтархьама. Нохчийчу веанера иза шен гергара нах ган: Оьрсийчоьнан вахархо хиларал совнах, Британин вахархо а ву Абубакаров.
ПхоьалгӀачу кассацин кхело йухабаьккхина лахарчу шина кхелан сацам, хӀинца Ессентуки гӀалин кхелехь къастор долуш ду талламбар йухадолорах гIуллакх кхин декъашхой йукъахь а болуш.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте: