ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлехь цхьанакхетта Путин а, ЭрдогIан а


Туркойчоьнан президентца ЭрдогIан Реджепца Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран дийцарш дуьйладелла Кремлехь. Москохан Анкараца юкъаметтигаш сихачу боларехь тоелла йогIу аьлла дIахьедина Путина, цхьанакхетар долалуш. Шина пачхьалкхан куьйгалхоша дийца лерина ду юкъаралла лелор а, "Турецкий поток" аьлла газан биргIанаш яхкар а, атоман "Аккую" электростанци хIоттор а.

Иштта цхьа могIа шина а агIоно куьйгаш яздийр ду мехалчу бертан кехаташна. Шемара хьал а хьахо Iалашо ю президентийн. Дахначу шеран гурахь хилира Путинан а, ЭрдогIанан а тIаьххьара цхьанакхетар.

Дечкен-баттахь дуьйнна Оьрсийчоьно дихкинера Туркойчоьнна кхачан-сурсаташ а, жижиг а шайн пачхьалкхе кхачон. ПIераскандийнахь Кремло бакъо елла туркошна цхьацца болу хасстоьмаш а, зезагаш а чукхачон.

Иштта къаьстина даьлла, карабогIучу баттахь "Победа" авиакомпанин кеманаш дуьйлалур ду Москохара туркойн Аланья гIала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG