2024-чу шарахь Кадыров Рамзанан Ӏедална цхьа а боккха карчам ца хилира, ткъа цхьацца долчу декъошкахь цуьнан аьтто белира ур-атталла шен дош лелар т1ечӀагӀдан а, боху тхан редакцино къамел динчу политологаша. Украинана дуьхьал тӀом а, бизнесца а, депутаташца а, федералан ницкъаллин структурашца а хилла девнаш а, могушаллица доьзна хила тарлун сингаттам а. Оцу деррегинех чекхваьллашехь, нохчийн политикан дош лелар лахделла дац. Делахь а, эксперташна хетарехь, Кадыровн Iаткъамбарехь хийцамаш хир бац, президент Путин Владимир Ӏедалехь мел ву.
"ДIаэккхар волуш ву, Дала ларвойла цунах"
Оьрсийчоьно Украинехь тIом бечу хIокху кхолагIачу шарахь йоллу йукъаралла тIаме йерзийна. Мехкан урхалла даран ницкъаллин формат Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуккха а кхетаме йу, хи чохь чӀара санна хета цунна ша, бохура политолого Айсин Руслана Маршо Радион сайтаца динчу къамелехь. Оцу кепо президентан Путин Владимиран Ӏедална "низамехь гӀортор" хуьлуьйту Кадыровх.
И ойла тIечIагIйеш политолого дагадаийтира политикийн кест-кеста цхьанакхетар, Нохчийчоьнан урхалхочунна а, цуьнан гонерчу нахана а совгIаташ декъар.
Масала, 2024-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Кадыров Рамзан вара Путинна улло ваьлла. Официалехь иза Узбекистане вахначу хенахь, махкара хаамийн гIирсашкахь цунах лаьцна йаздора, Кадыровн кхаж баьлча санна а, бусалба пачхьалкхашкахь цуьнан дош лелаш хиларан билгало йолуш санна.
Стохка марсхьокху-баттахь Путин Владимир веара Нохчийчу, иза тIехIоьттира Кадыровс лоруш болчу нахана. Цо бIаьргтуьйхира цуьнан кIанта Кадыров Адама полигонехь герз тухуш а, Кадыровн ден коша тIе а вахара, хьал-де хаьттира нене а, хIусамнене а. И къамел дечу заманчохь Оьрсийчоьнан президенто рогIера йуха а элира Нохчийчоьнан куьйгалхо шен доттагI ву.
Европехь болх бечу "Цхьааллин ницкъ" политикан йукъаралин хьалханчана Сулейманов Джамбулатана хетарехь, и цхьанакхетар коьрта билгало йу, Путин Iедалехь мел ву, Кадыров Рамзан вохор цахиларан.
Нохчийчоь – Iаьржа ор ду бюджетан ахчанан
"Цуьнан Ӏедалехь республикехь стабилалла ца хиларан цхьа а билгалонаш ца го суна, нагахь санна, цхьана дагахь доцчу хиламо керла куьйгалхо харжа веза аьлла хаттар ца айдахь. Амма цкъачунна Кадыров хийца гIуртур йац Кремль. Цара эксперименташ йийр йац ткъех шарахь нисйинчу, юридикан институташна тӀехь а йоцуш, культа тӀехь йинчу системица. ХӀунда аьлча, хӀара куьйгакIел латтон йиш йоцу процесс хила тарло, мукъ карара балахь - Дала тохар хир ду", - аьлла хета Сулейманов Джамбулатана.
ГIуран-баттахь Москвахь президентан администрацин куьйгалхочуьнца Вайно Антонца цхьанакхийтира Кадыров Рамзан. "ЧIогIа интересе а, чулацам болуш а" дара и цхьанакхетар элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Цигахь дийца хIун дийцинера, хууш дац, амма цул тIаьхьа Путина республикана цхьа миллиард ахмиллиард ахча хьажийра "социалан-экономикан кхиорна" аьлла.
"Нохчийчоь - бюджетан финансаш латтон Ӏаьржа ор ду. "ТӀом чекхбаьлча Нохчийчоь меттахӀоттон" аьллачунна тIера дIадолийна, Оьрсийчоьнан бюджетера чаккхе йоцу эксклюзиве трансферашца кхин дIа а латтош ду и. Цхьана маьӀнехь аьлча, тешаме хиларна луш ахча санна ду и, йа эр вай, йасакх йалар санна", - бохура редакцица хиллачу къамелехь политолога Дубровский Дмитрийс.
Путинан а, Кадыровн а йукъаметтигашкахь кхин дIоггара бартбацар ца го экспертана, делахь а цунна хета, Нохчийчоьнан куьйгалхочун федералан Iедалца проблемаш йу аьлла, и гучуделира Орсийчоьнан Wildberries маркетплейсан гонах лаьттинчу хьолехь а.
"Куьйгех хIума тоьхна"
Махкахь уггаре а йоккхачу Wildberries электронан коммерцин платформина гонаха конфликт йолаелира 2024-чу шеран аьхка. Цуьнан бахьана дара маркетплейс кхоьллина хилла хIусамда а, хIусамнана а – Бакальчук Вячеслав а, Ким Татьяна а дӀасакъастар. Оцу бизнесехь 1% бен акциш долахь йоцчу Бакальчука дехар динера Кадыров Рамзане, шайн доьзалан гӀуллакхна йукъагӀортахьара аьлла. Цуьнан версица, Wildberries кхечу компаних дIатохийта Iалашонца, Татьяна цхьана пола йукъаозийна. Хиллачу бартаца а догӀуш, маркетплейсан 35% акцеш кхача йезаш йара арахьара реклама лелочу Russ операторна, 2023-чу шарахь цуьнан ахчанан го баккхар 66-зза кӀезиг дара Wildberries компанин хуьлучул а. 30 миллиард дара 2,5 триллион соьмана дуьхьал. Цу бартах пайда оьцург ву боху Кремльца гергарло лелош волу Дагестанера миллиардер, сенатор Керимов Сулейман.
Бакальчукан интересаш хьалхайаьхна, оцу гIуллакхан "йист йаллалц" йукъахь лаьттар ву ша элира Кадыровс, дош делира "зуда хIусаме йухайалор йу" аьлла. Эххар а цуьнан йукъагIортар дирзира Москвара компанин офисехь герзаш детташ, цига веанера Бакальчук нохчийн прокурор хилла Эльмурзаев Анас а, спортхой а улло а баьхна. Маркетплейсан офисехь хадархо хилла ГIалгIайчуьра ши вахархо вийра оцу тийсадаларшкхаь. Лецира масех иттаннашкахь нах, бара царлахь кадыровхой а.
Герзаш деттийта питана динера аьлла, Нохчийчохь бехке вира ГӀалгӀайчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думин депутат волу Барахоев Бекхан. ТӀаьхьо Кадыров Рамзана чIир хьейийр йу бохуш, кхерамаш тийсира депутатана а, Дагестанан цIарах депутат волчу цуьнан белхан накъостана Курбанов Ризванна а, сенаторна Керимовна а. Кремль реза ца хилира массарна а хезаш, Кадыровс стаг вуьйр ву аьлла, кхерамаш тийсарх лаьцна комментари йан.
Кадыровн агIор оцу тайпа кепашца Wildberries-на йукъагIертар "хьекъал доцу сацам бу" элира политолого Дубровский Дмитрийс.
"Оцу конфликтехь иза йуьстах ваьккхина ца Iаш, нахана хьалхха куьйгех хIума тоьхна цуьнан. Цуьнан эскархоша коьртачу шахьаран йуккъехь герз детта шайна магор цхьанна а дезар дац, йа Путинна а цхьаьна", - чӀагӀдо эксперто.
Политологна хетарехь, аьтто боцуш дирзинчу маркетплейсан гIуллакха йукъагIортар бахьана долуш Кадыров Рамзанан Iедал малделла, цундела нохчийн политик "мохь бетташ дIагайта гIерта Путинан багахьаьжна хилар" шен. Иштта нисйан гIерта иза шен позицеш, бохура Дубровскийс.
Оцу кепара йара 48 шо долчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун реакци, ша чIогIа цомгаш ву бохуш, даьржичну хабаршна йина. Стохка бIаьста "Новая газета. Европа" гIирсан журналисташа шаьш бина таллам арахийцира, цу тIехь дIахьедира, Кадыровн зорхан йекхоьнан некроз йу бохуш. Церан хаамашца, 2019-чу шарахь гучуйаьлла цамгар йу иза.
Шен лазар гучудоккхуш арахецначу артиклах лаьцна дош ца элира Кадыровс. Амма бинчу талламао йоккха гIовгIа гIаттийначул тIаьхьа, Кадыровс видеош хIиттайора спортзал чуьра. Цхьанхьа тIулг айбо цо, "арахула ведда леллачул тIаьхьа" зал чохь тренажераш тIехь къахьоьгуш гойтура цо ша.
Ша ницкъе гайтар - стандарте реакци йу Кадыровн, ша могуш вац бохуш даьржинчу хабаршна дуьхьал. 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь информаци гучуйелира, мехкан урхалхо вон хьал долуш ву аьлла. ХIетахь цуьнан кема Соьлжа-ГIалара Москва дахара, ткъа иттаннаш нохчийн номершца йолу машенаш хаайелира президентан дарбан цIенна хьалха. Кремлехь комментарий ца йира цунна.
Бакъду тIаьхьо Кадыровс элира, шен-шен хенахь лоьрашна тIе воьду ша аьлла: "ХIора кхо бутт мел болу капремонт йойту ас, хIора эхашарахь – йоккха ремонт". Амма цхьана диагнозах цо дош а ца элира. Мелхо а, нохчийн политик къар ца ло, шен организм "кхиазхочун" санна йу бохуш.
Ницкъахошца девнаш
Бизнесхошца девнаш даьхна ца Iаш, депутаташца, федералан ницкъахошца а цхьана девнаш дехира Нохчийчоьнан куьйгалхочо стохка. Дечкен-баттахь Кадыров Рамзана тIедожийра КПРФ-н цIарах депутат волу Матвеев Михаил Оьрсийчоьнан парламентера "аракхоса" аьлла. Цо аьллера, Оьрсийчохь радикалехь болчу бусалба нахаца тийсадаларш хир ду аьлла: "СВО ("леррина тIеман операци" - ишта олу Оьрсийчоьнан Iедалхоша Украинера тIамах) чекхйаьлла, тIамтIера ахмиллион, йа кхин а сов вайн бераш цIа даьхкича – тIаккха дуьхь-духьал летарш хир ду вайн пачхьалкхан шаьш дай хетачарна а, баккъал а болчу дайшна а йукъахь".
Кадыровс массарна а хьалха латкъам бира оцу дӀахьедарна, "компетенте хьукматашка" кхайкхам бира цуьнан мах хадоре. Амма цул тӀаьхьа цхьа сахьт ах сахьт даьлча парламентан депутато къинтӀера довлар дехнера шен дешнашна, ша буьйцурш беккъа радикалан исламисташ бара аьлла.
2024-гIа чекхдолуш Кадыровс бехкевира Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Колокольцев Владимир а озабезамаш лелорна а, бакъо йоцуш нах лецарна а, болх бан чубаьхкинчу мухIажаршна йеттарна а. Шен йоьдучу "дуьххьалдIа эфирехь" Кадыровс дIахьедира, ницкъаллин хьукматийн куьйгалхой "шайн меттигашкахь бац" аьлла. Ишта цунна ала бахьана хилира 2023-чу шарахь Москвара "Ходынское поле" паркехь тIехбуьйлучарна йеттарна тIехула гIаттийна хилла гIуллакх. Бехкеозийна 14 шо долу нохчийн кхиазхо Мурдиев Мохьмад (Роман). Кремло комментарий ца йира Кадыровн ницкъахошна тIекхохкаваларна, дош ца элира йа урхаллийн куьйгалхоша а. Талламан комитето релиз арахийцира Мурдиевн гIуллакхах лаьцна кIорггера дуьйцуш.
Редакцино хеттарш динчу политологашна хетарехь, цул тIаьхьа кхин а чIогIа къьасташ йара цуьнан "воккхачу доттагIца", Росгвардин куьйгалхочуьнца Золотов Викторца йолу онда зIе. Бастрыкинехьа а, Колокольцевгахьа а муниципалан тӀегӀанера депутаташа бен гIо даьккхина ца хиларо ойла йойту, ницкъаллин блокашна йукъара хьал гIоьртина ду аьлла.
Федералан центрера тобанаш "чIогIа дарйо" Кадыровс шен "эксклюзиве" хиларца
"ТӀеман министралла Кадыровца дов долуш йу, Колокольцев а, Бастрыкин а санна. Кадыров Рамзана хIоттийна хьал Оьрсийчохь хила тарлуш хилар ца тайна ца Iа царна, ша феодал волуш санна лелаш ма вуй иза. Ткъа Нохчийчоьнан дозана тӀехь шайн репрессийн политика дӀахӀотто йиш йац федералан ницкъаллин структурийн, хӀунда аьлча, цу гӀуллакхана Кадыровн пурба оьшу. Иза тамашийна хьал ду, ур-атталла авторитаран а, демократин а йоцчу, репрессиван режимашна а", - комментари йо Дубровский Дмитрийс.
Политолога бахарехь, Кадыровс "чIогIа дарйо" федералан центрера тобанаш "шен эксклюзиве хиларца". Цо "ницкъе" дIагойту шен Iедал, цунна Москвано сагатдо. Ца гатдо, цигахь адамийн дахарна-м, гатдо Кадыровс шена луъург дарна, цхьаьнга а хоттуш хIума а доцуш, Москвана муьтIахь боцчу белхахойх пайда а оьцуш.
Нохчийчоьнан Ӏедалшна дуьхьал волчу блогеро Белокиев Ислама а дуьйцу кхерамазаллин хьукматийн куьйгалхоша, шайна юкъахь ФСБ-н директор хилла волу, хӀинца президентан гӀоьнча Патрушев Николай а волуш, Кадыровца собаре ца хиларх а, цуьнга "безам ца хиларх а". "Церан гонера а, церан тӀегӀанера а воцуш" стаг хиларе терра Кадыровс безам ца буьту шегахь, массарна а дегаза хета иза, Белокиевс дийцарехь.
"Республикехь цо урхалла муха до, доккхачу декъанна, Кремлана бен-башха дац, коьртаниг ду [Кадыровс] шен декхар кхочушдар: Нохчийчоь Оьрсийчоьнан куьйгакIел хилар, Оьрсийчоьнна дуьхьал а, суверенитетехьа а цхьаммо а дош ца алар. Цунна дуьхьал Путина цунна магош ду кхечарна ца магош дерг. Федералаш марзбелла Оьрсийчохь шайна луъург дан йиш хиларе: шайн Ӏаткъаман сфераш дӀахӀитто, шайн низамаш дӀахӀитто, бизнес схьайаккха а. Ткъа кхузахь цхьаммо дуьхьало йира царна, регионе ца вита а тарло, цаьргара цхьаъ съьайаккха а таро. Дера ишта стаг царна оьшур ма вац", - чӀагӀдо Белокиевс.
ЧВК-ра "Ахмате"
Нохчийчоьнан куьйгалхочо чӀагӀйира тӀеман декъехь а шен позици. 2024-чу шеран бIаьста Кадыров Рамзана дӀахьедира, ЧВК "Вагнеран" хилла кхо эзар йолахо "Ахмат" спецназан декъах схьакхетар ву аьлла, хӀинцале а Оьрсийчоьнан тӀеман министраллица барт бина бу бохура. Вагнерхойх "Ахматан" декъехь къаьстина полк вовшахтухур йу бохура, ЧВК-н штурмовикийн тобанан буьйранча хилла Кузнецов Александр коьртехьа волуш. "Ахмат" юкъара вагнерхойх къаьстина полк кхолла лерина йара. "Ратибор" цIарца лелаш волчу цо цхьана хенахь къедораш йира,"Ахматан" тӀемалой бакъйолчу тӀеман операцешкахь дакъалоцуш бац бохуш: "Оха бийриг тӀеман болх бу, тхан хан йац тиктокашка хьуьйсуш Iен", - бохура Кузнецовс.
"Ахматехь" дерриг а кхечу кепара вовшахтоьхна ду тӀеман министраллан рогӀерчу дакъошкахьчул а, цигахь ЧВК-н йолахой хилларш тарлур бацара, аьлла хета Сулейманов Джамбулатана. Амма оцу "гIирсах" кхиндӀа а пайдаэца беза Украинина дуьхьал бечу тӀамехь – шайн иерархица а, "кхетамечу" йукъаметтигашца а болу йолахой нохчийн дакъойн бухца бен ца богӀу.
"Хетарехь, вагнерхойн кхин дан хIума ца хилла. Кадыровс дуккха а ахча делла а хир ду царна", - хета Белокиевна.
Бакъдолу тӀеман зеделларг долу "Вагнеран" хилла тӀемалой "Ахматан" могӀаршка эцар оьшуш дара Нохчийчоьнан куьйгалхочунна, "уьш тхоьца белахь, тIаккха сан дакъош а тӀамана пайден ду" бохург ду иза", - аьлла хета къамелхочунна.
Оцу йукъанна нохчийн дакъош "тикток-эскарш" ду аьлла, гIарадовлар хIинца а дуьйцуш ду. Доккхачу декъанна цунна гIо дира "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис, иза масийттаза лецира тIамтIехь долчу хьолах лаьцна цкъа цхьаъ олуш, йуха кхин дуьйцуш. Кеста тIом дIабоьрзур бу бохуш кест-кеста дIахьедора цо, йуха харцдора украинхойн эскархоша Курскан кIоштахь Нохчийчуьра бахархой йийсаре лецар. Цул совнах, кадыровхой Орсийчоьнан салтийн баккъаш тIехьара "тIом беш бу" бохуш дуьйцура тIамехьа болчу Оьрсийчоьнан блогерша а цхьаьна – царех цхьаболчаьрга къурд алийтира.
"Цхьа а доттагIалла дац цигахь"
Европехь куп тоьхначу ичкерихойн "Цхьааллин ницкъ" болман векало Музаев Сайхана Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь дIахьедира, Нохчийчоьнан урхалхочун Iалашо хилча, цо могуьйтур дацара Алауидинов Апти дукха вийцар. Цунна хетарехь, оцу шинна йукъахь конкуренци хилар гуш ду.
"Алаудинов Аптина Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан тӀеман-политикан белхан коьртачу дирекцин куьйгалхочун гӀовсан дарж а, йа инарлин дарж цуьнан жимахволчу вешина Ӏабдуллина а лур дацара", - тешна ву Музаев.
Оппозицин блогеро Белокиев Ислама иштта дуьйцу Кадыровна а, гIуран-баттахь Путинан омрица тӀеман инарла-лейтенантан дарж кхаьчначу Алаудиновна а йукъахь йолчу къайлахчу конфронтацех лаьцна. Цуьнан прогнозашца, Кадыровс шегара "жимма ледарло йалийтахь", Алаудиновс цунах "зуламхо а, Iазапхо а" эр ду.
"Дешна стаг ву Алаудинов, цунна хаьа шена пайда берг даим а миччахь а дан. Нохчийчохь ша даржера вохийначул тӀаьхьа, нах шена тӀеберзо говзалла цуьнгахь хилар бахьана долуш, цуьнан аьтто белира федералан центрера гӀортор кхача. Делахь а, Алаудинов ларлуш ву, хӀунда аьлча, цуьнан гергарнаш Нохчийчохь бу, уьш, ала тарло, Кадыровн закъалтхой бу, цундела ца баьхча ца волу иза "Ахмат – сила", - аьлла хета блогерна.
ТIехула хьаьжча Кадыровна а, Алаудиновна а йукъахь доттагIалла долуш санна хетахь а, редакцица къамелдинчарна хетарехь, шинна а пайден долу гергарло ду иза.
- Доллу Нохчийчуьра тIеман дакъош шен куьйгакIел ду аьлла, дIахьедина Кадыров Рамзана. Маршо Радионо къастийра, ницкъахошна тIехь контроль латтор регионан куьйгалхочун тергонехь стенна нисделла.
- "Ахматан" буьйранчас Алаудинов Аптис зорбане йаьккхира диверсин-талламан "Русич" тобнана хьалханча, "Фриц" цIарца вевзаш волу Мильчаков Алексейца цхьаьна дIайазйина видео. Шех Оьрсийчоьнан нацист олучу стагаца цхьана кадрехь нохчийн инарла гучувалар тайп-тайпана тIеийцира z-блогершна а, хьалхо Кадыровн нахана масийттазза критика йеш хиллачу ультрааьтто агӀор болчара а. Кавказ.Реалиин редакцино листира Алаудиновна стенна оьшу оцу гонехь бартхой.