ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тиктокан инарла а, нацисташлара фрик а. Алаудинов а, Мильчаков а цхьана муха нисвелла


Алаудинов Апти а, Мильчаков Алексей а: Алаудинов Аптин телеграм-каналера сурт
Алаудинов Апти а, Мильчаков Алексей а: Алаудинов Аптин телеграм-каналера сурт

"Ахматан" командиро Алаудинов Аптис зорбанехь йаржийна диверсин-талламан "Русич" олучу тобанан куьйгалхочуьнца Мильчаков Алексейца йаьккхина видео. Иза дика вевзаш ву "Фриц" цIарца. Ша оьрсийн нацист ву бохучу стагаца цхьаьна видео тIехь нохчийн инарлас ша дIагайтар кеп-кепара тIеийцира z- блогерша а, хIинццалц масийттаза кадыровхошна луьйш хиллачу ультрааьтту агIор болчара а. Стенна оьшу Алаудиновна оцу гонера агIончаш, къастон хьаьжира тхан редакци.

2014-гӀа шо чекхдаьлча оьрсийн националистийн болам цхьана декъехь меттахӀоьттина тӀаьхьарчу шерашкахь президентан администрацин а, кхерамазаллин ницкъийн а Ӏуналлехь. Украинина дуьхьал буьззина тӀом болабелча, йерриг пачхьалкхехь керла ассоциацеш гучуйийла йуьйлайелира, империн а, мигранташна дуьхьал а повестка йаржош. Оцу йукъанна, ур-атталла шаьш ультра-аьтто агӀончашлахь а, Мильчаков лоруш вац ткъа цуьнан кӀеззигчу агӀончаша чӀагӀдо, Алаудиновца цхьаьнакхетар - ца ваьллачу денна йаьккхина тактикан гӀулч йу бохуш.

"Русич" кIелхьарайийла хьийза

Мильчаковца цхьаьна пхеа минотехь дIайазйинчу видео тӀехь къамел деш цхьа нохчийн инарла бен вац. Алаудиновс "Русичан" командирах а, цуьнан гӀовсах а "герз лелорехь вежарий" олу, шаьш хӀинца йукъарчу тӀамо вовшахтоьхна, олий тӀе а тухуш. Хабарна шера воцу Мильчаков кхеташ хиллера, шен агӀончаша критика йийриг хиларх. "Цхьанна а ма мотта, кхузахь цхьаъ цхьаннах кхоьруш хилла, йа цхьаъ цхьаммо охьатаIийна",- элира цо.

ДШРГ "Русич" канало зорбане даьккхина цхьанакхетарехь даьккхина сурт, "доттагIаллин кепехь" хилира и, "хIора а шена хетачунна тIехь висира" аьлла, билгалдоккхуш.

Цу постана бухахь негативе 14 эзар сов комментарий йитина, цул тӀаьхьа Мильчаков шогачу кепехь вистхилира шенап реза боцчаьрга, хьаьнца хIун лелон деза шенна хаьа шена аьлла.

Мильчаковн коьрта билгало, иза нацист хилар йац, иза маньяк хилар йу

Цу хаамо чӀогӀа реакци йира z-блогершна а, националистийн повесткехьа болчу боламна а йукъахь. Цу хаамо чӀогӀа гIовгIа эккхийтира z-блогершна йукъахь а, националистийн повесткана тIетовчу нахалахь а.

"Говорит ТопаZ" тeлеграм-каналан авторо Рассказов Евгенийс цуьнан масалца кхетийра, ша "Русичера" футболан фанатех а, неонацистех а лаьттачу "Эспаньола" талламхойн бригаде дехьа стенна велира. Ткъа кадыровхошна критика йинчул тIаьхьа Ставрополехь лаьцначу Гузенко Егора видео зорбане йаьккхина, цу тӀехь цо дӀахьедар дина, ша "цкъа а шен идейх дIахедар вац" аьлла.

Оцу реакцино гайтина, мел йекъайелла йу z-йукъаралла, дийцира шен цIе йакккха ца лиъначу Оьрсийчоьнан аналитико: "Кремль хӀинца а лоьхуш йу идейш цхьаьнатухур йолу ойла. Алаудиновна а, цуьнан кураторшна а хетарехь, керстанийн а, бусалбанийн а цхьааллах хилийтар бохург цхьана а критикана дуьхьал лаьтташ дац, йа бакъйолу гӀортор а ца карайо цунна. ХӀа дика ду, ткъа хIун агIо луш йу оцу идейхь, Мильчаков санначу язычникашна? Берта гIур боцу церан мостагIий а хилла бусулбанаш а, керста а биса безаш бу".

Мильчаковн коьрта билгало, иза нацист хилар йац, амма йу, иза нахана хьалха кӀезий а дойъуш, цунах шена хуьлучу томах дуьйцуш волу маньяк хилар, билгалдоккху "Либералан мисси" фондан кхеташонан декъашхочо Жаворонков Сергейс: "Дукхахболу националисташ цуьнах ларлуш бара тоххара. ХӀинца, суна хетарехь, церан гоно дӀатесна стаг хир ву иза. Лаа ма дац Алаудиновца йаьккхинчу видео тӀехь Мильчаковс "цхьа а цхьаннах а ца кхоьру" бохуш, бехказавийлар. И бохург хIун ду, иза кхеташ ву, уггар хьалха массарна а иза кхеравелла аьлла хетарг хилар".

Мильчаков а, Алаудинов а ву санкцийн тептаршкахь. Националист Американ Пачхьалкхан департаментан хьакъйолчу реестре йазвира 2022-чу шеран гурахь Украинехь тӀеман зуламаш дарна. Цу документехь билгалдаьккхина ду, "инзаре къизаллаш» лелош стаг ву иза аьлла. Алаудинов цу тептарехь ву 2014-чу шарахь дуьйна, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министран гӀовс вара иза цу хенахь, махкарчу адамийн бакъонаш талхорна цу йукъавахийтинера иза.

КIеза дийначул тIаьхьа тIеман зуламаш лело волавалар

33 шо долу Санкт-Петербургера схьаваьлла Мильчаков Алексей 2000-чу шерашкахь "Зенитан" фанат хилла ву, неонацистийн "Славянский союз" цӀе йолчу меттигерчу организацин декъашхо вара иза. Аьтто-партин гонехь иза вевзаш ву "Фриц" цӀе йолчу никца: цо лечкъа а ца деш, КхоалгӀачу рейхан идейш йаржайора, цуьнан байракхца долу суьрташ хIиттадора цо. Зорбанан гӀирсашкахь йаздора цо масийттазза антифашисташна травматикан тапча а, "Сайга" карабин а йиттина бохуш.

Йоллу Оьрсийчохь гӀаравалар нисделира цуьнан шен 20 шо долуш. ХIетахь Мильчаковс видео йаржийра кIеза ден а дийна, цул тIаьхьа иза дууш дIайазйина. Акхарой Iалашдечара прокуратуре таллам байтира оцу тIехула. Пхи эзар сов стага куьг йаздинера, Iазапхочунна таӀзар дар доьхуш арахецначу петицина. Амма цунах пайда ца хилира.

Шен къиза хилар эгIаза хIуманаш тIехь доькху цо

"Оцу жимчу стеган, хетарехь, психикаца цамгар йу. Гуш ду, шен къиза хилар эгIаза хIуманаш тIехь доькхуш ду цо, кхузахь дийнаташна тIехь. Цунах олу маньякалла, кхета а кхеташ зулам дан гIулч йаккхар ду иза", - дийцира Мильчаков Алексейх лаьцна экстремалан хьелашкахь бакъонан а, психологин а гIо латточу Центран куьйгалхочо, психиатр-криминалист волчу Виноградов Михаила.

Украинан къилба-малхбалехь герзашца иккхинчу конфликтехь дакъалаца вахара Мильчаков 2014-чу шеран аьхка. ХIетахь а олура цунах Iедалхошкахьа болчу хаамийн гIирсаша "фашист", "гоьваьлла маньяк" а. Донбассехь хийцира цо шен цIе "Серба" аьлла, и ник тахана а лелош йу цо. Оцу йукъанна шен хьежамаш хийцина бац цо.

"Со нацист ву. Кхин кIоргене вуьйлур вац со - националист, патриот, империалист бохуш. Ас дуьххьалдIа боху, со нацист ву", - дIахьедира цо националистийн "Спутник и погром" журналана йеллачу интервьюхь. Амма тIаьхьо, 2023-чу шарахь, Мильчаковс хаам бира, нацизмах лаьцна шен дешнаш "контекстера даьхна" дара аьлла.

ДШРГ "Русича" лечкъош йац шен идеологи. Алаудиновца йаьккхинчу видео тӀехь буьйранчин пхьуьйша тӀехь гуш йу шалха свастикан кепехь билгало йолу коловрат гойту патч. Оьрсийчоьнан кхелаша масийттазза иза экстремистийн лерира, КхоалгӀачу рейхан коьртачу символах тера хиларна.

2015-чу шеран аьхка, Минскехь бина барт тӀеэца реза ца хиларна, оьрсийн "Русич" ДШРГ Луганскан кӀоштара арайелира, гарехь, дӀакхийтира ЧВК "Вагнерах". 2017-чу шарахь свастикаш йолу эскархой Шемарчу ХӀомсера тӀеман базехь нисбелира, ткъа Украинехь тӀом болабеллачул тӀаьхьа, вагнерхошца цхьаьна Донбассе йухабирзира уьш. Цигахь къоланаш дора, нах бойура, дозалла дора, шаьш йийсархой лергаш дохура, боIура уьш бохуш.

ДШРГ-но тIамтIехь лелийначу гӀуллакхаша оьгӀазбахийтира ур-атталла оьрсийн истеблишментан цхьаболу векалш а цхьаьна. Масала, Пачхьалкхан Думан депутато Вассерман Анатолийс Талламан комитете а, Коьрта прокуратуре а дехар дахьийтинера, Мильчаковн куьйгакӀел болчу наха йийсархошна дуьхьал тӀеман зуламаш лелор таллар доьхуш. Цул сов, "Русича" зорбане бохура, карахь герз доцу нах къиза байа бохуш бен кхайкхамаш – цул тӀаьхьа церан телеграм-канал дӀакъевлира мессенджеран администрацино.

Орсийн националисташна йукъахь Мильчаков фрик хилар а, цуьнан Iаламат кIезиг агIончаш хилар а бакъ ду бохура историко, социолого Митрохин Николайс а: "Оьрсийчуьрчу неонацистийн боламна гергахь иза масара а дӀатесна стаг ву. Цо зорбане йохучу публикацешка хьаьжча, "Русич" ДШРГ-н гӀуллакхаш башха дика дӀадоьлхуш дац. Психикан проблемаш йолчу стагана тIаьхьа а хIиттина, тIемаш бан луурш кIезиг бу, цу тIе ахчанца а ледара ду хьал. ХIетте а Мильчаков хаамийн гӀирсашкахь висира, цо шена магадора кавказхойх а, къаьсттина нохчех лаьцна, девне дӀахьедарш дар. Кадыровхоша цуьнан терго йаллалц иштта дIа а дахара и".

Стенна оьшу Нохчийчоьнна уьтра-аьтто агIор берш?

Алаудинов Аптина Мильчаков пайде ву, хӀунда аьлча, инарлина хазахета хаамийн гӀирсаша шен тидам бар, ткъа цу видеоно йоккха гӀовгӀа йаьккхина, комментари йо шен цӀе ца йаккха ца луучу Оьрсийчоьнан аналитико.

Алаудинов шен пайде хилар дIагайта гӀерта

Къамелдечо дагадаийтира пачхьалкхан ТАСС, РИА "Новости" агенталлаша гIадужу-баттахь дуьйнна Алаудинов хьахош цахилар а, иза иштта пачхьалкхан телеканалийн эфирашкара а дӀавайна хилар. Цуьнан хьесапашца, иза доьзна хила мега Курскан кӀоштахь хиллачу эшамашца: гергарчу хенахь "Ахмато" толам боккхур бу бохуш, дӀахьедарш дешшехь, цуьнан территорин цхьа дакъа дуьсуш ду Украинин ТӀеман ницкъийн Ӏуналлехь.

"Кхин медиа-платформаш а лоьхуш, шен пайде хилар дIагайта гӀерта Алаудинов. Хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а санна, хаамийн гӀирсаша тидам бар чIогIа деза волавелла иза, ур-атталла скандале информацин бахьанашца доьзна а. ТIаьххьара "Дом-2" реалити-шоун дакъалацархочуьнца Iоттаделларг а, Мильчаковца йаьккхина видео а оцу йукъара ду", - бохура эксперто.

Цхьана шарахь Кадыровн уллорчу накъосто дов латтийра Оьрсийчуьра z-блогершца а, Оьрсийчоьнан ультрааьтто агӀонан дакъошца а, дагалоьцу политолого Жаворонков Сергейс. Цуьнца цхьаьна, экспертана хетарехь, Алаудиновс хӀумма а пайда оьцур бац, шен агIончаша а лоруш воцчу Мильчаковца барт хилар дIагайтарх.

"Кадыровн идеологи дукха хенахь дуьйна йекъалуш йу дилиинчу а, къайлахчу а дакъошка. Йиллинчу декъехь - халкъашна йукъара доттагӀалла, Дажжалца цхьаьна "сийлахь а, йохалур йоцу а" пачхьалкх хилийтархьама къийсам латтор, цуьнан рупор хилла дIахIоьттина Алаудинов. Ткъа къайлахчу декъехь, нохчашна хьажийначу, кхел йоцуш адамаш дайарх а, кхетош-кхиоран а, Москвано йал луш хиларх кхетор, иштта кхин дIа а дийцарш", - аьлла, жамӀ дира Жаворонковс.

Алаудиновн а, Мильчаковн цхьанакхетарх кхето тарло ишта, Кадыровн го керла йукъархой лоьхуш хиларца а, бохура Европехь болх бечу "Цхьааллин ницкъ" боламан кьуйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

"Путинан система йерза йиш йолуш йу, цунах массо а кхеташ а ву. Оьрсийчоьнан бахархошлахь националистийн а, имперскин а идейш йаьржина хилар лерича, оьрсийн националисташа "керлачу политикан архитектуран контуршкахь" мехала дакъа дIалоцур ду. Масала, адамийн оьгӀазло нохчашна а, кхин а шуьйра аьлча, массо а кавказхошна а дуьхьал йерзо мегаш йу цара. Йа цаьрца берта даха дезар ду, Путинан го бехке а беш".

  • Мигранташ а, кегийчу къаьмнийн векалш а йукъахь болуш девнаш дийларх лаьцна бечу хаамашкахь дукха хьолахь "Оьрсийн юкъаралла" хаало. Дукха хан йоццуш кхоьллина, Ӏедална гӀортор йечу националистийн тобанийн мелла а керла а, сиха кхуьуш а болу маша бу иза. Тхан редакцин корреспонденто теллира цо хӀун леладо а, муха къаьста иза кхечу националистийн цхьаьнакхетараллашна юкъахь а, "Оьрсийн Юкъаралла" стенца гӀарайаьлла а.
  • 2024-чу шарахь Оьрсийчоьнан къилбаседехь националистийн вовшахтохараллаша Ӏаткъам бар а, мигранташна а, "титулан доцчу" къаьмнашна а йукъара ира хьал кхин а тIе чIагIделлера. Кавказ.Реалиин редакцино дагалоьцу Ростовн а, Волгоградан а кӀошташкахь а, Краснодаран махкахь а уггаре а тидамехь хилла девнаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG