ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Режимо ницкъбар бIостане даьлла". Кадыров нохчаша эшийна?


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочун оппоненташна Iаткъам бар чIагIлуш ду церан жигаралла мел кхуьу – Ичкерин зама дагалоьцуш хIиттон митингаш а, цхьацца деза денош билгадахар а, иштта социалан машанашкахь алсамдуьйлу а, шен чулацамца мел а кеп-кепара хуьлу къамелаш дар а.

РогIера "оьгIазалла" меттахъяьккхира Соьлжа-ГIалин, Туркойчоьнан къилбаседа-малхбузерчу жимачу Керфез гIалахь кхин дIоггара тамехь а йоцу парк схьайиллича, Нохчийчоьнан Республикан Ичкерин хиллачу президентан Дудаев Джохаран цIарах.

Москвана муьтIахь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо сатийсина эффект ца хилира цунна Туркойчоьнан президенте Эрдоган Реджепе кхайкхам беш, скандале висхилча а, цуьнан сийсазе, Туркойчоьнан коьртачу мостагIчунна, "Курдойн белхан партин" куьйгалхочунна Оджалан Iабдуллина хIоллам схьабелла бахарх а.

Цуьнан бекхам хьакха ца белира, иза тIекхача ца лучу жигархойх, церан Нохчийчуьрчу гергарчех а, бевза-безачарех а Iоттабелира

Туркойчуьрчу нохчийн жигархошна дIадекха аьтто ца баларо а, оцу пачхьалкхан къайлахчу сервисаша Кадыровн киллерш хила тарлун нах лецаро а Нохчийчоьнан куьйгалхо юьхькIайчу ца хIоттийра. ГIуран-баттахь хааме даьккхира блогерийн а, бакъоларъярхойн а Халитов Хьасанан а, Абдурахманв Тумсон а, Мализаев Минкаилан а, Садулаев Мансуран а Белокиев Исламан а, Янгулбаев Абубакаран а, иштта кхинболчийн а Нохчийчохь беха гергарнаш дIабигина аьлла.

Кавказ.Реалиин информацица, тIаьххьарчу шина баттахь республикехь лечкъийна бигинчийн терахь (бакъо йоцуш сецийна, Кадыровна муьтIахь йолчу кеп-кепарчу тIеман структурийн меттигашка дIабигинарш) пхи бIе гергга ду.

Ала догIу, тIаьххьарчу иттаннашкахь шерашкахь дIаяьхьначу операцешлахь, иза уггар а масштабе яра, лецначийн билггал терахь хууш дацахь а – хIинца а массо а жигархо ца хIоьттина билггал шайн дIабигинчу нахах хаамаш баржон, нохчийн Iедалхоша репрессеш а ца лелош, гIуллакх дерза тарло аьлла, дегайовхо хиларна.

Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а оццул шога къизалла гайтаро кIоршаме жоп дала декхаре бира Нохчийчоьнан куьйгалхочун политикан критикаш, Европан мехкашкахь бехачу нохчаша митингаш а хIиттош.

Дозанал арахьа велахь а, майрра ша резавацар дIахаийта ваьхьаш волчунна хаа деза уггар а хьалха, шена лаьттачу кхерамех, хIунда аьлча, "яккхий ресурсаш йолчу психопатийн раж хIара хиларна" аьлла хета Украинехьа йолчу нохчийн батальонан куьйгалхо лаьттинчу Осмаев Адамна.

Шен са ца кхоон нах тхан къоман даим а хилла бу, хIора тIаьхьенца

"Церан Iаткъамбар малдан ницкъ бара малхбузен пачхьалкхийн, амма уьш а Iадийна царех кхоьруш. Суна хала ду хIара де, важа де баха, 20 шо сов хан ю со суо а цаьрца къийсалуш волу, цундела хIара некъ, шен са ца кхоон кийча боцчу нахана хьеха йиш яц сан. Амма шен са ца кхоон нах тхан къоман даим а хилла бу, хIора тIаьхьенца", - боху къамел динчо.

Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларан а, цIийнах мел верг жоьпе озош хиларан а тоьшаллаш карийра дуьненаюкъарчу юкъараллийн, масала, Amnesty International-н хаамашкахь. Иштта Евросоюзо (ЕС) а, Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейно а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто а дIахьедарш дира оцу хьокъехь.

"Ницкъбарх массо а тоьшаллаш даржон деза"

Лечкъийна бигинчу нахана тIехь лелийначуна дуьхьал яьккхира нохчийн диаспорано Страсбургехь митинг. Кхерамаш тийсинашшехь, Европана юккъехь хIоттийначу акци баьхкинера меттигера бIеннаш бахархой, Кадыровн Iедалхойн харцо сацае, бехк боцуш лецнарш дIахеца бохуш, тIедожон.

Европан мехкашкахь а, Туркойчохь а бехачй нохчашна юкъахь цакхетамаш хиларо шен сагатдарх дийцира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь историко, филолога Сулейманов Джамбулата, уьш къастамна хьалха хилар билгалдоккхуш.

"Нохчашна дуьхьал Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а, цо хIоттийначу Кадыров Рамзана а лелочу террорна дуьхьало латторан болатан низам ду – кхерамашна хьалха охьа ца теIар, - аьлла хета Сулеймановна. – Дера политикан лидерш, идеологаш, тIемалой кийча ма хуьлу къоман дуьхьа шайн синош ца кхоон, амма кхин ду, оха лелочунна тIехула тхан гергарнаш хьийзор – кхиазхой, къаной, зударий".

Сулемановна хетарехь, биллинчу тIамехь нохчаша дIагайтина, шаьш къар ца лучу къоман идейнехьа дахар ца кхоон кича хилар, амма ницкъ ца тоьъна маьршачу кханене цхьа барт а хилла даха.

"Цундела 20 шо а ду нохчийн къам режиман закъалтехь долу, оцу доллу шерашкахь тIаьхьий-хьалхий аьттонаш ца хуьлуш схьадогIуш ду, рогIера 2021-чу шеран ГIуран-баттахь а, 2022-чу шеран Дечкен-баттахь а санна", - боху Сулеймановс.

Цо билгалдоккху, иза эшам санна ша тIеоьцуш хилар, хIунда аьлча, хьоьгийла доцуш хьал ду Кадыровн критикашкахь.

"Юхабовлийла а дац, хIунда аьлча, террорна дуьхьалоярехь болатан низам дохор ду иза, амма, хьан нах балехь бахкош белахь, зударий а, къаной а закъалтехь хилча, чугIоьрттина Iойла а дац, иза турпалалла яц", - кхин дIа дийцира Сулеймановс.

Оьрсийчоьно арахьара боккха тIеIаткъам бар [нохчашна] маьIналле доллушехь, проблемин бух шайца нохчашца бу, шайн политикан хиндолчун а, цуьнан социалан механизмийн а, иза кхочушдан некъаш ца хиларан а хьокъехь юкъара барт цахиларна.

"ТIемашна юккъерчу муьрехь а цхьана бартбан некъ ца карор а, консенсус цахиларна Оьрсийчоьнан агрессин юха а аьтто балар ду иза. Ас а, сан накъосташа а кхоьлинчу "Барт-Маршо" партино йозуш йоцчу Ичкерин агIончаш цуьнга кхойкху пхи шо а ду. И проблема ерззолц Путинан терроран гурара бевр бац нохчий", - тIетуьйхира Сулеймановс.

Цунна хетарехь, Кадыровн рожана цхьа критика йина Iар тоаме дац, цхьана заманчохь 20 шарахь нохчийн гIаттамхоша бинчу тIамах а пайда баьлла цахиларна.

"Хала хеташ делахь а, тхайн политикашца а, блогершца а хIинца а барт ца хуьлу тхан, цхьана вовшахкхета оьшуш хиларх кхетош. Амма Путинан тайнигаша лелочо, тешна ву со, сиха кхетор бу йозуш йоцчу Ичкерин агIончаш проблемин духех а, вошашца барт хила эшарх а", - боху историко.

Цунна гарехь, цхьана хIумано гIо дойла ду – лидерш цхьанакхетаро а, халкъо лайначун хьесап а деш, вовшашна а, халкъана а хетарг ларар, тIаккха аьтто бу Оьрисйчоьнан харцонна а, террорна а дуьхьало латтон.

"ХIетталц болатан низам лардан деза, "къар ца луш", ницкъабрх доллу тоьшаллаш даржа а деш", - дерзийра шен къамел эксперто.

ГIо а оьшу, нахала даккха а деза

ТIаьххьарчу шерашкахь къаьсттина жигара тIаьхьабевлла лелачу блогерна Абдурахманов Тумсона хетарехь, ма-хуьллу дуьхьало ян еза митингашца а, Нохчийчохь хуьлучунна критика еш а. Иза тешна ву, тапъаьлла Iен маггане а мегар дац аьлла.

Абдурахмановна хетарехь, цуьнан а, Кадыровн рожан кхинболчу критикийн а нохчашлахь агIончаш бу.

Нохчийн блогеран дешнаш тIечIагIдо дукха хан йоццуш Францерчу Страсбургехь а, Норвегин Ослохь а, Австрин Венехь а, Инсбрукехь хIиттийна хиллачу митингаша. Шайна кхерамаш туьйсуш, тIеIаткъам бешшехь, бIеннашкахь нохчийн диаспоран векалш арабевллера, шайн политикан оппоненташна дуьхьал лелош йолу Кадыров Рамзанан политика сацаяр тIедожош.

"Митингаш кхин а хир йолуш ю. Доллу къам аьлча санна огIаздахийтина тIаьххьарчу хиламаша, жигаралла сацалур яц, мелхо а режимана Iаткъамбаро бIостане эффект ло царна, критикийн жигаралла кхуьуш ю, оцу хьолан а алсам терго йо дуьнено", - дIахьедина Абдурхмановс.

Церан карах зен хилларш кхета, шайн регионан куьйгалхо сацавар Кремлана бен тIедожадойла йоций. Цундела бакъонашларъяран организацеш Москвага кхайкхамаш бан юьйлаелла, дуьненаюкъарчу институташка а буьйлуш, цаьрга шайна догIучуьнца, Москвана тIеIаткъам байта аьлла, хета бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциаци векална Абдурахманов Мухьаммадна.

Кху деношкахь Кадыров даржера мукъаваккха аьлла, Change.org платформи тIехь петици зорбане яьккхира Оьрсийчоьнан оппозицин политико Яшин Ильяс. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Iаламат дукхазза низамаш дохорца доьзна ду аьлла, кхетийра цо цунах. Доккхачу декъанна оппозиционеро билгалдаьккхира Кадыровс бакъоларъярхошна а, журналисташна а кхерамаш тийсар. ХIара керла хаам зорбане боккхучу заманчохь петицина куьйгаш ядинера 160 эзар стага.

Кремлана дош ца хета Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан даржера дIаваккхар тIедожош, йолийна петици, дIахьедира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Цунна хетарехь, платформи тIера кхажтасар цIерашца дац, боташ хила тарло уьш.

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Абдурахмановс тергалдира, Оьрсийчу дIахьежочу нахана Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь баха меттиг лохийла ду аьлла, Европерчу пачхьалкхашна хеташ хилар, Нохчийчохь хуьлуш дерг гушшехь.

Кадыровн ницкъаллин структураша лелочу гойту, федералан центро уьш кIелхьарбохийла

Масална дийцира цо, хIусамден федералан суьдхочун статус хиларо а гIо ца динчу, бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема Нижний Новгородера лачкъийна йигарх. И цхьа масал хилла ца Iа, Нохчийчохь шайна оьшу нах муьлххачу регионера а бертаза дIабуьгуш хиларан. Кадыровн ницкъаллин структураша лелочо гойту, федералан центро уьш кIелхьарбохуш хилар, цундела Москвано бен уьш совцабойла дац, аьлча а, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.

Европан пачхьалкхашкахь кхуьучу протесташа тоьшалла до, тIаьхьий-хьалхий нах лецаро кхин дIа а Нохчийчохь Кадыров Рамзана лелочу политикана критика ян дагахь берш къарбина цахилар. Юкъараллин гIоьналла гуш болу жигархой кийча бу шайн болх эвсарбаккха, Нохчийчохь мехкан куьйгалхочо а, цуьнан куьйгакIел болчара а лелочух дийца а дуьйцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG