Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхелан сацаман буха тIехь Роскомнадзоро дIакъевлина Оьрсийчоьнан территори тIехь Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь лаьттачу IАДАТ боламан интернет-ресурсийн цхьа дакъа. Блок тохаран бахьанашлахь Нохчийчоьнан прокуроран гIовса хьахийна "Кадыровн зуламе режимах" лаьцна публикацеш.
Мангал-беттан 12-чохь тIеийцира кIоштан кхело сацам, амма IАДАТАН сайт хIинцца дIакъевлина. Блок тоьхна иштта ACTIVIST_CHAT, IADAT_CHAT, IADAT, ютьюбан видеохостингера боламан канална а, социалан "ВКонтакте" машанара "Карфагенон" тобанна а.
Нохчийчоьнан прокурароран гIовса билгалдоккху, телеграм-каналаша а, ютьюбера аккаунто а зорбане йоху материалаш "зуламе битам" а, "негативе чулацам" а болуш ю, иштта "пачхьалкхан куьйгаллина а, бакъоларъяран органашна а дуьхьал" экстремистийн дIахьедарш долуш ю аьлла.
Лингвистийн талламан зерашца, адам ницкъбан дуьхьалдоккхуш ю хIара комментареш: "Кадыровн режимна дуьхьал болийначу къийсамах схьакхета"; "Вайн къийсам эвсара хилийтархьама, оьшу ахча, цундела ма кхера вайн юкъарчу гIуллакхна шайн бахамера ахчанца харж ян"; "Вай хIораммо а ша шегара жоп деха деза".
Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан бахархой тIе ца кхачало оппозицин боламан цхьайолчу ресурсашна, провайдеро хаамбо: "Оьрсийчоьнан низамийн тIедахкаршца а догIуш, цхьайолу ссылкаш йоцуш ю".
"И сацам къовса гIуртур ду тхо. Амма, вайна хууш ма-хиллара, тахана Оьрсийчохь режимна товш боцурш дIакъовлуш бу гуттаренна а, цундела интернетехь тоьхна блок юьстах юьтуш, оцу агIонашка вала йиш ю VPN-н олучу технологешца. Йиллина керланаш тхайн майданашкахь зорбане йохур ю оха кхин дIа а, тхан агIонаш еша аьтто хилийта, VPN-ца тхан сайте бийла а ца оьшуш", - дIахьедина Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь IАДАТАН векалша.
Карарчу хенахь Нохчийчохь Iедалехь болчарна дуьхьал лаьттачу оппозицин IАДАТ боламо дIахьедира, дукха хан йоццуш изза цIе а йолуш, шаьш кхоьллинчу сайтана хакерша тIелетарш до аьлла.
Стохка Охан-баттахь кхоьллинчу IАДАТ телеграм-канало ша "Кадыровн диктатурина дуьхьал йолийна халкъан болам" лору. Нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-каналан зерашца, яхначу аьхка Нохчийчохь лачкъийна вигира мел лахара а 212 стаг. Лачкъийна бигинчу цхьаболчийн кхолламех Маршо Радионо шен агIонашкахь яздира.
Зазадоккху-баттахь юкъаяьккхира телеграм-канало "Ютуху мозий" проект: мила, мичахь вадийна, хIун зуламаш дина кадыровхоша хоуьйту цо.
Кавказ.Реалиица къамел динчу "Iазапна дуьхьалояран комитетан" юриста Янгульбаев Абубакара бакъ лору IADAT-о яржош йолу информаци: "Суна гарехь, IADAT-о информаци лецначийн, байначийн гергарчаьргара, лулахошкара лахьайо. Цо аьлла масех меттиг зен сан а дезна, паблик бакъ луьйш карийра", – элира юриста.
Карарчу хенахь IАДАТ канале язвелла ву 16 эзар стаг, дийнахь 250 эзар стага йоьшу цара зорбане йоккху материал, дуккхаъчара пайда а оьцу царех, - аьлла ду йиллинчу статистикехь яздина.