ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчьура fake news 2017: “Путинбургер”, “Бен Ладен КIайн ЦIийнехь”, и. д. кх. ...


Путин Владимир вина де даздеш Нью-Йоркехь юхкуш яра бохуш Оьрсийчоьнан телеканалаш йийцина хилла аьшпийн Путинбургер.
Путин Владимир вина де даздеш Нью-Йоркехь юхкуш яра бохуш Оьрсийчоьнан телеканалаш йийцина хилла аьшпийн Путинбургер.

2017-чу шарахь къаьсттина дукха даьржинера "face news" олу харц керланаш.

2017-чу шарахь къаьсттина дукха даьржира "fake news" олу, цхьа а бух боцу, харц керланаш. Малхбузерчу пачхьалкхаша масийттоза бехке йира Оьрсийчоь, харц керланаш кхолларна а, арахьарчу политехь ша юьхьарлаьцначу Iалашонашка кхочуш йоцу формаци яржорна а. (Москох иза хIоразза а харц до).

Цхьаболу харц хаамаш кхоьллина махкал арахьа, амма уьш баржош бара Оьрсийчуьрчу Iедало Iуналла дечу пачхьалкхан телевизионашкахула а, долахь болчу зорбанан гIирсашкахула а, ткъа наггахь Iедалан официалан векалша а.

Схьаоьцур вай Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсашкахула чекхдевлла цхьадолу харц керланаш а, кхин долу а шеконе журналистикан масалш а.

“Оьрсийчоь йохо”

Кхушеран Марсхьокху-баттахь “Гардиан” газетан дизайнах тарйинчу сайто артикл зорбане яьккхира, Британин талламан сервисан хиллачу куьйгалхочо Малхбузе Оьрсийчоь йохо дагахь хилла хиларх лаьцна дуьйцуш.

Дуьйцучунна тIаьхьакхиа хала а долуш вочу ингалсан маттахь МИ-6 талламан сервисан куьйгалхо хиллачу Скарлетт Джона дийцира, Британи а, Iамерка а дагахь яра “Оьрсийчоь йохош” Гуьржийчоьнан экс-президентах Саакашвили Михаилах а, “хилла а боцу Оьрсийчоьнан а, Украинин а тIамех” а пайда эца, бохуш.

“Къера хила веза со, Оьрсийчоь йохор Iалашо йолу Iамеркан а, Британин а стратегин планан дакъош долу гуьржийн а, ГIирмера а тIемаш дIабирзира эшамца”, -- дуьйцу Скарлетт ву бохучу стага

Амма иза харц хилар дукха сиха гучуделира BuzzFeed таллам бар бахьана долуш.

Ткъа шен агIор “Гардиано” хаам бира, иза харц сайта тIехь зорбане баьккхина харц хаам бу аьлла.

Делахь а и харц артикл шайн тидаме ийцира Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша, шайна юкъахь РЕН-ТВ телеканал а йолуш.

Кхин а масийтта де даьлча Оьрсийчоьнан телканалашкахь программаш дIахьош волчу Соловьев Владимира юха а хьахийра и артикл, цхьаболчара иза харц хаам бу бохуш а чIагIда аьлла, тIе а тухуш.

Путинбургер

ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Путинан 65 шо кхачарх лаьцна дуьйцуш, Оьрсийчуьрчу телевизионо хаам бира, Нью-Йоркерчу цхьана ресторанехь юхкуш ю Оьрсийчоьнан президентан сий деш цуьнан цIарах йолу 5-ъа котлетах лаьтташ бургер аьлла.

Репортажна юкъахь яра Оьрсийчоьнан Iедалша латточу RT (Russia Today) телекомпанино кхоьллинчу RUTPLY агенталло кечйина видеосюжет а.

Оьрсийн зорбанан гIирсаш кечбеш болу харц хаамаш гучубохуш волчу Оьрсийчуьрчу журналистана Ковалев Алексейна карийра и хаам бух боцуш хилар.

Ресторанехь бургерх лаьцна истори харц ю элира, и харцо йина болу белхахой балхара дIабаьхна хиларх лаьцна хаам а беш.

Цхьаболчу хаамашца, видео йоккхуш дакъалаьцна йолу белхахо а дIаяьккхина балхара.

RUPTLY-но тIаьхьо дIаяьккхира видеосюжет шен сайта тIера, иза “редакцин кепашца йогIуш яц” аьлла.

“MH17 кема дохоран теш”

ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь Оьрсийчоьнан тIеман министраллан “Звезда” телеканалан официалан сайта тIехь зорбане даьккхира Украинин эскархочо ву бохучу Батурин Юрийс дина дIахьедар.

Цу стага чIагIдора, Украинин эскархоша, “Бук” олу ракета а тоьхна, чудаийтина Malaysia Airlines компанин MH17 рейс кхочуш еш хилла некъахойн кема, бохуш. Дагадоуьйту, иза хиллера 2014-чу шарахь Донбассехь тIемаш боьлхуш. Велира кемана тIехь хилла верриг а 298 стаг.

Оьрсийчоьнан “Звезда” телеканало гайтина материал яржийра кхечу Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша, шайна юкъахь ТАСС агенталла а, Iедалан телеканалаш а йолуш.

Амма иза бакъ хиларан цхьа а тоьшаллаш ца карийра цхьанне а. Де-буьйса далале, цхьа а кхин кхетош а доцуш, и хаам дIабаьккхира “Звезда” телеканало шен сайта тIера.

Карарчу хенахь цу видео-интервьюн дакъа ган аьтто бу YouTube-хь.

Шемара (видео) ловзарш

Лахьан-баттахь Оьрсийчоьнан тIеман министралло бехке йира Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ "Исламан пачхьалкх" (ДАIИШ) тобанерчу тIемалошца юкъаметтигаш лелорна. Оьрсийчоьнан инарлаш чIагIдора, Iамерко ДАIИШ-ан тIемалошца барт а бина, аьтто бина хиллера церан гоне лаьцна йолчу Ракка гIалара арабовла бохуш.

Коалицино ша барт бина хилар харц дира, амма бакъдира тIемалой гIалара маьрша бахархошна юкъахь арабевлла хилар.

Делахь а, Твиттерехь а, Фейсбукехь а зорбане девллачу Оьрсийчоьнан тIеман буьйранчийн дIахьедаршкахь сурташ дара, цара дуьйцург бакъ хилар гойтуш долу.

Цу сурташна тIехь ДАIИШ-ан ковр яра Шеман а, Иракъан дозане йоьдуш. Амма журналисташна а, блогершна а дукха хан ца ийшира цхьа сурт мичара ду къасто: иза хиллера AC-130 Gunship Simulator: Special Ops Squadron цIе йолчу видеоловзарна реклама еш яьккхинчу роликана тIера схьадаьккхина.

Кхин долу сурташ а, видеош а хиллера 2016-чу шарахь Иракъан тIеман министралло зорбане яьхначу видеоматериалашна юкъара схьаяэцна. Журналисташа хаам бира, уьш Фаллуджехь ДАIИШ-на дуьхьал тIеман операци дIахьош яьхна хилар.

"Харц сурташна” тIехь бийлира социалан машанашкахь болу нах. Блогерша видеосуртийн скриншоташ зорбане ехира, тIемалой Раккара арабовлар гойту шаьш бохуш. Масала, цхьана блогеро пайда ийцира 1980-чу шерашкахь арадаьллачу Frogger олучу, саццаза машенаш лела некъ хадо гIерташ йолчу пхьидан кIорнех лаьцначу ловзарх.

Бен Ладен Вашингтонерчу КIайн цIийнехь

Лахьан-баттахь Оьрсийчоьнан телевизионехь цхьана ток-шоухь къамел деш Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан официалан векло Захарова Марияс дIахьедар дира, Ал-Кайдан куьйгалхо хилла Бен Ладен Iусама цхьана хенахь КIайн ЦIийнехь хиллера аьлла. Кху видеога хьовса 16:12 тIера дIа.

2011-чу шарахь вийна волу Бен Ладен цкъа а ца хилла КIайн ЦIийнехь.

Кхин а масийтта де даьлча Захаровас Фейсбукехь яздира, КIайн ЦIийнехь хилларг “ша Бен Ладен вацара, цуьнан накъостий а, бертахой а” бара аьлла.

Амма ша аьлларг нийса ца хилар дуьйцуш цо кхин цахьа харц дерг далийра. Шена уггаре а хазахеташ долу сурт ду, Iамеркан президенто Рейган Роналда “КIайн ЦIийнехь тIалибийн делегаци тIеоьцуш даьккхинарг” элира цо.

Амма кхузахь цхьа нюанс яра. Захаровас дуьйцу сурт даьккхинера 1983-чу шарахь Талибан кхоллале 9 шо хьалха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG