ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтешкахь: "Еккъа цхьа фашизм ю-кх…"


Ильина Мария, Сибирь.Реалии

Деношкахь Омскерчу №7 набахтера мукъаваьллачу Сулейманов Руслана дийцира "Чохь йоллу Русь" юкъараллерчу адвокате Гончарова Верига ша муха хьийзийра набахтин белхахоша. Дукха бу оцу набахтех лаьцна тоьшаллаш дийраш.

2016-чу шарахь Омкерчу №7 набахте валийра адвокато Гончарова Верас 1уналла ден Павел Ф.. Цуьнан тайпан цIе ца йоккху юристо ("иза кхин а чохь валла дезаш ву").

Набахти вон юьйцуш юйла хуучу Гончаровас цига хьалххе дахьийтира массех кехат – "и стаг дуьнено вицвина воцийла хаийта". Ишта-м шо хьалха шена а гинера цунна Федор, хетара, кхерамехь вац, шен хан цо токхур ю.

Амма Керла Шо, 2018-гIа, чекхдаьлча, Павела хаамбира адвокате, набахтехь шена йиттина аьлла. Дараш тоьшалле дахка аьтто ца баьллера – тутмакхо доьххушехь, ца баьхкина цунна тIе набахтин лоьраш.

Гончарова Вера, адвокат
Гончарова Вера, адвокат

​Гончаровас Омскехь шена вевзачу адвокате дийхира хилларг хIун ду зер. Вукхо жоп делира, Павеле лоьраш хьаьвсина, дерриг а дика ду, аьлла.

Кху беттан хьалхарчу дийнахь Павелан дехарца Гончарова Верех кхийтира хIинцца оцу набахтера маьршаваьлла Сулейманов Руслан. Дагестане, цIавоьдучуьра чувирзира иза адвокат йолчу. Цо иштта дийцира:

"Суна Омскерчу №11 дарбан цIийнехь вевзира Павел, заьIапхочун тоьшалла сайна даккхийта со вахча. Шена тIехь гIело ярах лаьцна дийцира цо соьга, ша набахтера шаршу тIе а виллина араваккхарх – настарш лехна, кога пазаташ а ца йохалуш хилла иза. Цуьнгахь вон хьал дуйла-м хьаькамийн къамелашкара суна набахтехь со воллуш а хиира – сан камера Павелчунна уллехь яра".

Сулейманов деккъа дIа къамел дан веана вацара – цо официалехь дIахьедар дира. Гончаровас, низамо ма-бохху, дIаяздира тоьшалла. ДIадахьийтира арз набахтийн урхалле – иштта бу Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексо юристна нийсо толош бан хьоьху некъ.

Сулейманов Руслан, Омскерчу набахтера мукъаваьлла дагестанхо
Сулейманов Руслан, Омскерчу набахтера мукъаваьлла дагестанхо

Сулейманов Руслана Омскречу №7 набахтин хьокъехь динчу тоьшаллера:

Ас ма-хуьллу духьало йора, амма суна тIехьа, гарашна юккъе, хударан кад боьттира, со алссам пайдабоцчу ваккха. ТIаккха "цига чу" аннаш дуьлучун гIаж Iитта йолийра.

“...Соьца цхьаьна балийначу керлачу тутмакхийн, 17-та вара тхо, цхьана Iайгара худар даа дезара. Леррина цунна кечбина Iайг хуьлу. ЦIанналла йохош до иза №1 СИЗО-хь, керла тутмакх дакъазваккха. Ткъа цхьана Iайгара худар даа резавоцург, лоций, гоьна тIекхуссу, бат тIеIайо IатI диттинчу гIайбанах.

Со реза ца хилира цхьана Iайгара худар даа. ТIера спортан хеча а яьккхина, гоьнна тIеластийра со, худар Iитта долийра тIехьа.

Ас ма-хуьллу духьало йора, амма суна тIехьа, гарашна юккъе, хударан кад боьттира, со алссам пайдабоцчу ваккхархьама. ТIаккха "цига чу" аннаш дуьлучун гIаж Iитта йолийра. Ас цундела, сайна ен гIело сацаяйта, хадийра сайн гай, лаг. СИЗО-н веа белхахочо со сецавора, цхьаъ сан чевнашна тIе IатI детта волавелира, ша дезинфекци йо, аьлла".

Сулеймановс дина тоьшалла
Сулеймановс дина тоьшалла

​– ТаIзар сацийна Руслана ша-шена чевнаш йича – декъий ца оьшу набахтина. Ас хаьттира, хIун дарба лелийра дараш дерзош, еккъа цхьа "зеленка" хьекхна. Арз яздира Руслана сан гIоьнца. Жоп ши кIира даьлча деара – бехказа бехира СИЗО-н белхахой. Ша-шен межеш цо Омскехь хан такха ца лууш хедийна, цундела ала дац иза хьийзийна, яздинера. КхидIа аьрзнаш дан маьIна ца карийра Русланна – дуьйцу Гончаровас Верас.

Дагестанехь ву хIинца Сулейманов Руслан, зIене а ца ваьлла цкъачунна. Гончаровас доьшу цо шега яздинарг:

“IадIе хьо воллучохь, вист а ма хила, жоьпаллехь цхьа вац. ТIаьххьарчу шера чохь набахте дуккхаза а баьхкина прокуратурера тIехьожурш. Церан дика юкъаметтигаш ю набахтин хьаькамашца, цхьана чай а молий, оьшуче куьйгаш а яздой, дIабоьлху".

Руслана шеггара хьехам а бира адвокатна. Ша набахте яхана меттиг нислахь, тидаме эца чоьнаш чохь, тхевна бухахь хуьлу биргIанаш – уьш яийна, къегаш хир ю, элира цо.

Билгалделира, "стаканна чуволлар" № 7 набахтехь лелачу таIзаран кеп юйла

– Билгалделира, "стаканна чуволлар" № 7 набахтехь лелачу таIзаран кеп юйла. "Стака" – иза чохь ирахIоттал бен боцу гур бу, - дуьйцу Гончаровас. – Набахтин муьлххачу а хьаькаме ла ца доьгIначунна кхочу "стака". Руслане "кIуккъари-къукъ" ала баьхна цунна тIехиина Iачу шина белхахочо. Иза цунна дика дагадогIу – 2017-чу шеран Мангал-беттан 6-чохь дара иза, 16.45 хан йолуш. Такхийна, ваьхьира иза юьстахлаьттачу камери чу, коьртах телатан тIоьрмин боьллира… Цо доьхура шен аьрру пханарх цаеттар, лазийна яра цигахь белш. Амма йиттира. ЗаьIап а хилла иза бахьана долуш - Омскерчу №11 дарбан цIийно деллла тоьшалла (цига буьгу набахтера цомгушнаш).

- Йеттарца стаг дакъазавоккхий ца Iа, боху Руслана. Цхьана белхахочо, кхунна бетах тIара а детташ, Къоранна тIе когаш хьекхна. И белхахо ша а вара бусалбанех, боху Руслана – Мохтамбеков Шадубек Хаджибекович. Бетах диттинчу тIарано лар ца юьту… Ас хаьттира Руслане, муха ю ток етта аппарат. Амма цунна дахкарлахь санна бен дага ца догIу, деккъа серий бен ца гина. Ток етта ца кхиина набахтин белхахо – чувьаллачу хьаькамо, Тиде Ивана, ца оьшу, тоийта ницкъбар, аьлла. Ток лан вуно хала ду, серий некхах, я Iовратах тийсича.

"Кхетош-кхиоран" белхан кепаш набахтехь кхин а шорта ю. Масала, "корпус 90": даиманенна чубоьхкинарш санна, букара бен ца дIаса цалелийтар. Карантине балийнарш, берзина а бохий, шишша хелхабуьйлуьйту. Луьйчийле хьо валийча, арахь санна шийла йолчу чоьнехула верзина лоьлуьйту – ткъа Сибрех -50 градус шело лаьтта Iай дукха хьолехь.

Чохьбохкучаралахь хуьлу хьаькамашна "болхбийраш". Иштаниг т1екхойкху, цо хеча йосту, хьакамо олу тIаккха ша хьийзочу тутмакхе, аьлларг ца дахь, "там бийр бу хьуна". Ткъа хьаькамо ша бохург дина карадайтахь, доккха эхь ду тутмакхна - иза массарел а декъазаниг ву набахтехь, - довзуьйту Гончаровас Сулеймановс шега дийцинарг.

Ткъа стенна ца гина Омскерчу адвокатна Павел Ф.-на еш лаьтта гIело? Иза Гончарова Верас иштта туьду:

​– Меттигерчу адвокаташна, гарехь, ца лаьа системица эгIа, церан болх бозу цунах. Павел Омске хьажийча, сан дехха дийзира цигахь шен лаамехь волу, тешаме адвокат леха. Уггаре хьалха дагадеанарг дара – цигарчу Юкъараллин цIарх терго ечу комиссица зIене ялар. Амма суна хиира, оцу комиссин куьйгалхойх цхьаъ наха вон юьйцучу Омскерчу №1 СИЗО-н коьртехь лаьттина вуйла. ТIаьххьарчу харжамашкахь оцу комиссин декъабахана хьалха Iедалан ницкъахошлахь лелла нах. Кхеташ ду, система къевлина хилийта деш ду иза, набахтешкара хьал нахала цадалийта. Система системано Iалашйо. Мордовехь, со "Потьма" станцера дIаэцна воьдучу таксисто гойтура суна, "дIогарниг – божарийн набахти ю, дIогарниг – зударийн, хIара – луьра хьелаш латториг". Кхин баха меттигаш а йоцуш, гIалин бахархой кхобу болх бу набахтехь къахьегар.

2013-чу шарахь YouTube видео йиллира Омскерчу оццу набахтехь хан текхначу Губанов Руслана. ТIехьажархоша тутмакхашна етташ гайтира цо. Ехира таIзар дечийн цIерш, набахтин коьрта хьаькам а вара къизалла гойтучаралахь – Михайлищев Михаил. Иза тахана ву шен меттехь болх беш. Губанов Москох веха. Цо дуьйцу:

– Юьхьанца и акхарой севцира зуламаш дечуьра. Юха а шен метта деара дерриг а. Суна ца хаьа хIун дан деза хийцамаш хилийта. Тешна ву, уьш кест-кеста гайта-м беза. Гайта, дийца баьхьарш кIезиг бу. Ткъа ца гайтахь – лаьттар ю къизалла. Оцу чалташа шаьш а олу, шайга къизалла лалайойтург Москох а ю, Путин а ву. Амма со ца теша, хьал хийцадала тарлуш ду, дуьхьаллаьттича…

Сулейманов Руслана дина тоьшаллаш Гончарова Верас хьовсийна Оьрсийчоьнан Талламан комитете а, Инарла прокуратуре а. Кеста яха дагахь ю Омске, Павел Ф.-на гIодан, иза хьийзораш жоьпе кхайкха.

- Къовса деза, къиза хьийза цхьа-шиъ мукъане а сацо веза. Иза а ца дахь, хьал кхин а эрчадолу. Еккъа цхьа фашизм ю-кх… Набахтино стаг кхетамчу валаво бохург бакъ дац. Адвокатна хаьа, бехк боцург кхеле кхачавой, дIадаьлла, иза цига кхачиний, "ву бехке". Кхелахойх бехкбиллархой хилла. ТаIзарх хьалхавериг ванне а воцчу кхаьчна цигара хьал. 2017-чу шарахь 0,01 процент бен бацара Оьрсийчохь йинчу кхелех хьалхабевлларш. Ткъа бакъвинарг а, дов "юха а толлий", бехкево лакхарчу инстанцеша. Системано "бехкаш" кхуллу ша машено санна, ишта а муьтIахь долу халкъ, кхин а мутIахь дан, охьатаIо, цуьнгахь цхьа а бакъо а, маршо а ца йита, - боху адвокато Гончарова Верас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG