Садовская Алёна
"Кавказ.Реалиино" Къилбаседа Кавказерчу хьехархошца а, лоьрашца а къамел дира церан алапех а, Навальныйс кхоьллинчу профессионалийн юкъараллех" а лаьцна. Юкъарлонах лаьцна-м хезна а ца хилла дукхахболучарна…
Шеран юьххьехь Навальный Алексейс хаам баржийра, ша керла проф-юкъаралла юкъайоккху, цо къовсам гIаттор бу бюджетехь болчу белхахойн алапаш лакхадахийтарехьа, аьлла.
"Путинан Стигалкъекъа-беттан омранаш" кхочушдеш, шаьш беджетхойн алапаш къастийна бохуш, хамаш бо министрша. Хьехархошна, берийн бошмийн белхахошна, лахарчу тIегIанерчу лоьрашна кхачош ду дала регионехь юкъара ларалучух цхьа алапа. Лакхара дешар чекхдаьккхинчу лоьрашна а, институтийн хьехархошна а беттан алапе дуьллу регионехь лучу юкъарчу алапан шина бараме ца кхоччуш ахча.
Навальныйс кхайкхам бина, кIезиг алапа оьцучу бюджетхоша арз дойла шен "Проф-юкъаралле" ("Профсоюз Навального"), аьлла. Оппозиционеро керла хьукмат юкъаяьккхинчу шина бетта чохь цига арз дахьийтинарш дукха бац: Дагестанера – 70, Къилбаседа ХIирийчуьра – 24.
"Хьашташа хьийзорна а доцуш, тхешна лаарна"
"Суна карало, класс лелорах а, стимулна а луш долу ахча ца лерича, 13-14 эзар сом", боху БуьрийтIерачу хIирийн меттан хьехархочо Жаннас.
"Вуно чолхе ю хьехархойн алапийн система. Стимулна луш ду алапах цхьа дакъа, иза ло ахь бераш цхьацца меттигашка дуьгуш хилахь, семинараш, "йиллина урокаш" луш елахь… Амма дала а, цадала а тарло и дакъа. Школе алапана хьажочу ахчан барам даима а цхьаъ бу, иза хийцалуш а бац. Цундела массо а белхахошна юкъахь доькъу и ахча", дуьйцу педагого.
"Класс ахь лелош елахь, 2000 сом гергга тIекхета алапана – хьалха 1000 бен дацара и ахча. ХIирийчохь класс лелорна луш долу и ахча а ду цхьанхьа лахаро, кхечунхьа – лакхаро", билгалдоккху хьехархочо.
Цунна, цо ша дийцарехь, стохка баттахь кхочура 18 000 сом: кIиранах 27 сахьтехь хьехарна а, класс лелорна а, стимулна а.
"Навальныйн Проф-юкъараллах" лаьцна хезна а дац Жаннина. "Аш бахарехь, Iедална лучу йолаца цхьаьна хьехархочунна кхочург 26 555 сом ду-кх? Деккъа цхьана хьехарна, 18 сахьтанна, тхаьшна диллина 15 эзар луш хилча, оха хаза а хеташ ма бийр бара хIара болх! ТIеоьцур яра лелон класс, кхиболу белхаш. Хьашташа хьийзорна а доцуш, тхешна лаарна", элира Жаннас.
"Тхуна и 40 000 а ца догIуш санна"
Буйнакскерчу поликлиникан терапевтна баттахь 25-26 эзар сом ло кара. Амма ло, нагахь санна белхан шераш 20 шарал совдовлуш делахь. Ткъа къоначу лоьрашна ло 22-23 эзар. Иштта хаам бира "Кавказ.Реалиига" шен цIе къайлаяхьар дехначу поликлиникерчу цхьана белхахочо. "Ткъа суна гIодечу медйишина ло, со гал ца яьллехь, 14 эзар", элира цо.
Лоьро дуьйцучу алапашна юкъадогIу стимулна луш долу дакъа а. "И дакъа ду луш коьртачу лоьро къастийча, цундела алапа тIех сов а ца долу", боху лоьро.
"Цхьа геннара" хезна Буйнакскерчу лоьранна "Навальный проф-юкъаралла" юьйцуш: "Цхьа политик вуй-м хаьа суна и Навальный, амма ца хаьа цо ша хIун пайда бийр бу боху".
"Коллегаша дийцира дукха хан йоццуш, тхан алапаш лакхаро хила деза "Путинан омранаш" юкъадовларца бохуш. Амма Навальныйца доьзна дацара иза.
Массех бутт хьалха хьаькамаша чоьхьара гIуллакхаш дийца кхайкхинера тхо. Тхуна массарна а лерина алапа схьадогIу, иза белхахошна доькъу, цхьа коэффициент юкъа а ялош, бохура, иза хIун коффициент ю-м ца хаьа суна. Тхан алапаш 40 эзарне а ца кхочу, бохура. Тхуна и 40 000 а ца догIуш санна", леткъа лор.
Цо дийцарехь, алапа 1,5 баттана тIаьхьадуьсу Буйнакскерчу поликлиникехь. Ши кIира хьалха шеран юьххьарчу беттан алапа деана, массех лоьранна доггIучул а ца делла иза – чусацийна 2-3 эзарнаш.
"Луш дерг а ду цициган дакъа"
"Ткъа Навальный мила ву алийша?" – хаьттира "Кавказ.Реалига" ГIебарта-Балкхаройчуьрчу республикан клиникерчу медицинан йишас. Шен цIе ца яккхар а доьхуш, тIетуьйхира: "Суна ца хаьа иза мила ву, со сайн гIайгIанашца еха. Аш алийша, цо хIун боху, ас тIаккха жоп лур ду шуна сайна хетачух лаьцна!"
Зудчо дийцарехь, цунна ах алапа бен дац луш – 10 эзар сом.
"Дуьззина алапа лучарна кхочу 20-22 эзар. Ткъа тхуна буса бечу белхашна а, болх дегIанна зене хиларна а лург ду иза. Сан накъост ю терапияхь, цо кIиранах 5 дийнахь болх бо, аьлча а, баттахь буьззинчу барамехь, оьцу 12-15 эзар", элира медйишас.
"Навальныйн Проф-юкъараллица" а елира "Кавказ.Реалии" зIене. "Медицинан белхахошна регионехь лучу юккъерчу алапан ши барам бала беза, лоьран говзалле хьажжина кхочу алапа ду иза. И къастош долу низам а ду цхьацца меттигашкахь талхош, къаьсттина Къилбаседа Кавказехь", элира "Проф-юкъараллан" векало Екатеринас.