ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровн Нохчийчоь – Путина кхоьллина бер"


Закаев Ахьмад: федералех нохчий къелхьарбаьхна волчу Кадыровца гома бу оьрсий

БIеннаш эзарнаш нохчий а санна, шина харц тIамо эшамбиначех ву ша Кадыров Рамзан а, боху "Кавказ.Реалиина" ша еллачу интервьюхь Ичкерин дозанал арахь куп тоьхначу Iедалан премьер-министро Закаев Ахьмада. Политик тешна ву, Кадыровна, иза шен халкъехьа латтар ца ловш, хаамийн гIирсаш дуьхьалбаьхна хьийзарш Оьрсийчоьнан инарлаш хиларх.

КадыровгIарна - Нохчийчоь, цаьргара - муьтIахьалла

Ахьмад, Соьлжа-ГIалина штурм йина 24 шо кхаьчна. Оьрсийчохь нехан дог-ойла кхуллуш болчу лидерша социалан машанашкарчу шайн посташкахь къинхетамца дагалоьцу кхелхина федералаш, амма наггахь волучо а ца хьахабо нохчашна хилла эшам. Стенна ду-те иза ишта?

​– Блогерш а, оппозици а (системехь ерг а, системехь йоцург а) цхьана даггара ю Нохчийчоь хьахочохь – нохчий я къарбан беза, я хIаллакбан беза, уьш хийра нах бу!

Нохчийчоь тахана Оьрсийчоьнна кIел яц боху ойла юкъара ю ницкъхойн а, политикийн а, бакъоларъярхойн а. Церан коьрта Iалашо ю Нохчийчоь куьйга кIел ялор.

ТIехула аьлча, Оьрсийчоь тоьлла – иштта дац иза? Оьрсийчоьнан Федерацино шен декъа юхаялийна Нохчийчоь.

– Эскархой а, къайлах сервисаш а тешна ю шайгара шаьш баккхина толам лачкъийна бохучух. Оцу территори тIехь луъург дан бакъо шайгахь йисар бу толам, церан кхетамехь. Амма новкъарло йо Путинца барт карийначу "кадыровхоша". Хилла барт иштта бу: цаьргара - мутIахьалла, царна – Нохчийчоь. Путина, лоллехь кхобу мохк санна, дIаелла Нохчийчоь.

Кхеташ ду, и хьал ца тов Оьрсийчуьрчу ницкъхошна, Нохчийчоь шайга лур ю моьттура царна, амма Путин шаьшна нохчашна тIетевжина.

- Аьлча а, Кадыровс Оьрсийчуьрчу ницкъаллин хьукматех къелхьарабаьхна-кх нохчий?

– Дукха бу Нохчийчохь Кадыровна баркалла олу нах. Республикехь 2000-лагIчу шарера 2010-чу шаре кхаччалц къиза хьийзинчу Оьрсийчоьнан эскархойн карара шаьш Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхоша даьхна лору цара.

Мухха а делахь а, оьрсашна нохчашначул а алссам кхерамзалла карайо Нохчийчохь. Оьрсех волчу, я, аьр вай, якутех волчу бакъоларъярхочунна, масала, нохчочунна Титиев Оюбна болчул кIезиг кхерам бу Нохчийчохь шен болх дIакхехьа. Шен режимна массарел а кхераме нохчий бу аьлла хета-те Кадыровна?

– Ишта ду аьлла ца хета суна. Нохчийчуьрчу режимна духьаллаьтташ бац цхьа а оппозицин болам тахана: я нохчийн агIор а, я Оьрсийчоьнан бакъоларъярхойн агIор а. Кадыровн режим Оьрсийчуьрчу режимах къаьсташ ца го суна.

Кадыровн Нохчийчоь – Путина кхоьллина бер ду, цуьнан политикан лард. Ша мел ву, Путина хийцамаш хуьлуьйтур бац цигахь. Кадыров – Путинан Къилбаседа Кавказера политика дIахьош йолу зеразакъ ю. Оьрсийчоьно шен Къилбаседа Кавказера политика хийццалц, цигахь цхьа а хIума хийцадалийталур дац я бакъоларъярхошка а, я юкъараллахошка а.

ХIоьттинчу хьоланна мила бехкево меттигерчу бахархоша – Кремл я Кадыров?

– Шайн ерриг а проблемаш и режим дIахIоттийначу Москохца юзу цара. Меттигера Iедал Оьрсийчохь политика кхуллучу куьйгалхойн лаамаш кхочушбеш хьийзийла хаьа.

КхоалгIачу тIамна тIера кад муьйлучу инарлех

–​ ТIаьмехь лайначу эшамах йолчу тезисах аьр вай мелла а (иза "Кавказ.Реалиина" ша интервью луш, хьехийра журналисто Кашин Олега). Йист яккхаза йисина нохчийн проблема Оьрсийчоьнан генералитето муха луьстур ю аьлла хета хьуна?

– Тхоьгахь йолчу информацица, шаьш шуьнехь Iаш, хьалхара кад "нохчашна духьал хинйолчу кхоалгIачу кампанина" тIера дIамолу оьрсийн инарлаша. ХIоттийна йолу лард еха цкъачунна Путина ларвеш кхобучу Кадыровна тIехь.

Эскархошна а, ФСБ-хошна а дерриг тов Путинехь, амма ца тов цуьнан нохчашка болу хьажам. Ас ма-аллара, республика Кадыровна дIаяларна реза бац уьш.

–​ Царна хIун кхочу рогIерчу тIамах? Сепаратизмца боьзна бехктакхам бахьанехь, хьахо а кхераме ю Оьрсийчохь тахана лела ойла. Мегачу кепехь аьр вай, наха шайна бале ду олу нохчашца долу луллахалла, "менталитет цхьаьна йогIуш яцарна".

– Кхузахь, хьо бакъ ю аьлла хета суна. Башхалла ян а ю тхуна юкъахь. Нохчий – ширачу заманера схьа демократин ламасташ шайца схьадохьуш догIу къам ду. Оьрсийчоь шен экспансица Кавказе яржале дуьйна а лаьттина Нохчийчохь массо а адам низамна гергахь цхьабосса лору демократин институташ.

Масала, Ингалсера Лордийн Палата ю нохчашна тIехь урхалла латтийначу Мехк-Кхелан аналог. Ткъа нах бацош йолу Оьрсийчоь муха хилла вайна хууш ма дуй! Цигара схьа ду бIешераш хьалха Оьрсийчоьнний, Нохчийчоьнний юкъадоьлла дов. Иза лаьттина, лаьтта, лаьттар ду Оьрсийчоьно Нохчийчоь маьрша ю аллалц.

Оьрсийчоьнан эскарна паччахьан заманахь дуьйна а ю Нохчийчоь трамплин. Нохчийчохь седарчий даьхна бу массо а цIеяххана болу инарлаш. Иза гойла ду тIаьххьара ши кампани схьаэцча а.

Нохчийчоь, ШаIамийн-Юьртанна гергахь оьрсийн беракема чудаийтира нохчийн бIаьхоша 1994-чу шеран ГIура-беттан 14-чу дийнахь
Нохчийчоь, ШаIамийн-Юьртанна гергахь оьрсийн беракема чудаийтира нохчийн бIаьхоша 1994-чу шеран ГIура-беттан 14-чу дийнахь

Цундела шайн де тIекхачаре сатуьйсуш Iа Оьрсийчуьра къона эпсарш. Кхечунхьа шаьш ца гайтало цаьрга – Шемахь, Украинехь куьйгех гIаж тоьхна царна. Жима, орцах вала да воцу Нохчийчоь уггаре атта тIеман майда ю царна.

Оьрсийчоьнан куьйгаллина а санна, хаамийн гIирсаша нохчий сисйсазбарца гIитточу могIарчу бахархошна а лаьа и сахьт тIехIуттийла.

Мел боцу бехк а Кадыровна тIехьарчабо. Массо а хаамийн гIирсаша Нохчийчоь юьйцу, ца хьехадо кхечу регионашкахь лела зуламаш, коррпуци!

Жима масал: 51 миллион сом долу цIанйийриг, аьлла, Кадыровн резиденцина коча бахана. Амма, стенна а делахь а, цхьа а ца хIутту Кремл а, Оьрсийчуьрчу Iедалан кхийолу гIишлош а кхаба оьшу ахча дагардан. Административан гIишлош латтор – иза хIумма а доцург ду, бюджето къастийна цунна ахча. Коррупци ма яц иза!

Со нийса кхеттий хьох – реванше сатуьйсучу эпсарша бахьана ло прессина, боху-кх ахь, Кадыровна дуьхьал йозанаш арахеца?

– Нохчийчохь дуьххьара тIом болабале хьалха нохчийн авизо йийца яьккхира. Шун ахча лечкъораш уьш бу шуна, бохуш, Оьрсийчоьнан бахархойн берриг а баланаш - къоьлла а, дакъазалла а – нохчашна тIеязйира.

Пачхьалкхан экономика кхиа ца юьтург нохчийн мафи ю, яздора Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша. Тахана билггал хууш ду: къайлахчу сервисна болхбеш бара нохчийн мафин баьччанаш бу баьхна нах. Аьр вай, "мафиози" Атлангиреев Руслан КГБ-н (тIаьхьо – ФСБ-н) штатехь воцу агент вара. И тайпа масалш бIеннашкахь даладойла ду сан.

ШолгIа кампани йолаялле вахIабхойн идеологи йохьуш нах бахкийтира Нохчийчу. Нах идон юьйлаелира Оьрсийчоьнан къайлах сервисаш. Дагалоцур вай ОРТ-н кхо журналист вар, зуламхой карийна бац хIинца а. Нохчийчоь – жима республика ю, мацца а йостий а, йосту цигахь къайле. Амма ца йосту иштаниг-м.

Ингалсхойн а, Керлачу Зеландин вахархочун а кортош бахарца гIарадаьлла зулам – иза юьххьера йистте кхаччалц Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисо вовшахтоьхна операци яра. Нах идош мохк бу, олий, Нохчийчоьнна тIеяздора Оьрсийчохь мел ден зулам.

Тахана Кадыровх йина "нохчийн авизо" – Оьрсийчоьнан бахархойн ахча лечкъориг ву боху иза. ТIом боло оьшу бахьанаш гулдеш ю Оьрсийчоьнан къайлах сервисаш. Ас юха а боху, Путин волчу юкъанна хир бац тIом, амма иза виллина лаьттар ма ваций. Ткъа инарлийн Iедал, къайлах сервисаш лаьттар ю даима а.

–​ Кадыровс ша а ло бахьанаш ша цавезачарна – оппоненташна кхерамаш туьйсу ("кто не понял, тот поймет" – "цакхеттарг кхетар ву"), тIех деза совгIаташ до бевзаш болчу наханна, зоопарк лелайо шен долахь, даккхий ахчанаш кхуьйсу дIаса.

– Навальныйн Фондо таппашкахь арахоьцу Путинан го толлуш карийна материалаш (хьо цец-акъ воккхуш ю и факташ), оццул даккхий ахчанаш Кадыровна гIенах а ца гина! Амма царех лаьцна ма ца яздо цхьаммо а, интернетхоший, блогершший доцург.

Кадыровс дукхахдерг ша вуьззина кхеташ вацарна леладо. Жималла а, тоьъал дешна вацар а тIедолу. Бакъдерг, ца эшош, ма-дарра аьлча, иза ша а ву, бIеннаш эзарнаш нохчий санна, харц тIемаша эшамбиначех.

КараIаьмна воцу, лелон хала хилла Кадыров Ахьмад а вийна, цуьнан меттиге Рамзан хIоттор – цинизман лаккхара кеп ю.

Кхечу къаьмнех мохк цIанбарх

Рамзан – иза юьззина хайп ю, аьлча а, интернетехь уггаре йоьшуш йолу, наха кар-кара а луш, яржош йолу материалаш. Масала, "Роснефтан" урхаллехь волчу Сечин Игорца дуьстича, дуккхаза а сов сиха доьшу, дийцаре доккху Кадыровх лаьцна хьахориг.

– Иза хийра стаг волундела. Тхо, нохчий, цкъа а хир дац Оьрсийчоьнан юкъараллина "шайнаш". Дагалоцург вай Хасбулатов Руслан, ала дашна, Оьрсийчоьнан Лакхарчу Советан куьйгалхо. Руцкойца цхьаьна набахте хьажийра иза. Руцкойх тIаьхьа губернатор хилира, ткъа нохчо Хасбулатов ур-атталла Пачхьалкхан Думе депутат а ца вахийтира.

Изза хуьлуш ду тахана Кадыровх а. Оьрсийн лаккхара-олаллин ("великодержавный") шовинизм ехаш ю, "нацкъарчу нахе" ("туземцашка") санна хьоьжу кавказхошка. МогIархошна, шайн Сечине я Золотовга [Виктор] хьожучул а йоккха интерес ю хийрачу Кадыровга хьажа. Шайнчара дийриг – иза хила мегашдерг ду. Ца тов Оьрсийчоьнан бахархошна Путина, ша нохчий нишкахь а хIаллакхбийр бу баьхннашехь, Кадыровна дика ваха бух латтош.

–​ "Оьрсий бойуш лелла Кадыров", олий, тIехтуху. "Нохчех боцу нах а бойъуш, Нохчийчоь цIанлуш яра кхечу къаьмнех ", чIагIдо шен блогехь суртдаккхархочо Варламов Ильяс.

– Аьшпаш, ша ма-ярра пропаганда! Оха иштаниг дийца даьккхича, йозуш йоцу комисси кхолла, дерг талла, бехира. Нохчийчоьно цкъа а ца латтийна оьрсашна тIехь геноцид. Мел дукха оьрсий бу, хаьий хьуна, хьалхара тIом баьлча бевдда, амма Оьрсийчохь баха аьтто а ца карийна, Нохчийчу юхабаьхкина?

Соьлж-ГIалина штурм еш, оьрсех а, оьрсийн мотт буьйцучу нахах а (уьш гIалахь бехара, доккхачу декъанна) 50 эзар гергга стаг вийна. Кхеташ ду, Оьрсийчоьно нохчашна тIехьоькху ша оьрсий хIаллакбарца дина тIеман зулам.

Оьрсийн оппозиционеро Яшин Ильяс, Кадыров Рамзана йохайо Оьрсийчоьнан кхерамзалла, аьлла дIахьедира ша Оьрсийчоьнан халкъе дан кечдинчу дIахьедарехь
Оьрсийн оппозиционеро Яшин Ильяс, Кадыров Рамзана йохайо Оьрсийчоьнан кхерамзалла, аьлла дIахьедира ша Оьрсийчоьнан халкъе дан кечдинчу дIахьедарехь

1994 шеран Лахьан-баттахь дуьйна Нохчийн Республикан Iедалехь ву со, нохчийн министрийн кабинетан коьртехь ву тахханалц. Ас жоп ло айса кху интервьюхь бечу массо а хаамех.

Нохчийн Ичкери Республикехь дина зуламаш толлучу муьлххачу а дуьненаюкъарчу хьукматна гIодан кийча ду тхо. Ала дашна, 2018 шеран Чиллан-беттан 23-чохь Гаагерчу Дуьненаюкъарчу бехктакхаман кхеле дов чуделла оха.

–​ Оьрсийчуьрчу губернаторша Кадыровсчул кIезиг ца лечкъайо, боху ахь, амма хьоьга ала тарло – лечкъайо, амма нах ца бойу цара (ган а гуш, масала).

– Кадыровна тахана луьйш болу нах - уьш хьалха, Нохчийчохь къизалла, "зачисткаш" лелачу муьрехь цунах турпалхо веш хьийзинарш бу. ХIетахь иза, церан кхетамехь, федералашкахьа а ваьлла, нохчех леташ вара. Цунна орденаш, мидалш лора, эскархочун даржехь лакхавохура.

Ткъа и мур чекхбаьлча, Кадыров нохчашна тIехIитта валар бахьана долуш (шен гонна тIехIуьттуш бен иза вацахь а), цунах Оьрсийчоьнан коьрта мостагI вина.

Оьфициалехь болчу хаамашца, 5 триллион доллар арадаьккхина Оьрсийчуьра! Суна хетарехь, кхин а оццул ду къайладаьккхина ахча. Оьрсийчуьрчу коррупционерийн доьзалш дозанал арахьа беха, яккхий гIопаш, яхтанаш, кхидерг оьцу цара. Амма иза ца хьехадо Кадыровн резиденци цIанъеш дойу ахча дийцадаьккинчара. ХIунда аьлча, уьш, нохчочуьнца Кадыровца дуьстича, оьрсий бу.

Адамийн бакъонаш Нохчийчохь

–​ Адамийн бакъонаш талхош юй Нохчийчохь, я Кадыров шайна хийра хетачара даржадо и хабарш?

– Талхош ю дера! Ерриг Оьрсийчохь а санна. Оьрсийчоьнан юрисдикцина кIел Нохчийчоь мел ю, талхош лаьттар ю и бакъонаш. Диканиг дархьама ца такхийна нохчий Оьрсийчоьнан Федераци юкъа ницкъаша, церан аьттонийн гIайре хIаллакъярхьама такхийна. 1991-чу шарера 93-чу шаре кхаччалц, экономикан блокадехь йоллушехь, сихачу боларца кхуьуш яра Нохчийчоь. ГIирс а, кхача а эца ерриг а Оьрсийчоьнан къилба агIо йогIура Нохчийчу пIераскан, шоьтан, кIиранан деношкахь.

Делахь а, Оьрсийчоьнан массо а регионех лаьцна ма ца до OSCE-но (ОБСЕ) шен дIахьедарш. Документо шен цхьана декъехь бехкедо гейш а, лесбо-зударий а Iазапехь латтор.

​ ФСБ-хоша Нохчийчохь эккхийтина провокаци ю иза. Ламастехь доцург (гомосексуалисташ – Г.А.) кавказхошна мел ца тов а хууш, Соьлж-ГIалахь а, Къилбаседа Кавказан кхечу гIаланашкахь а гей-парадаш хир ю аьлла, информаци чукхоьссира цара.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино а, ОБСЕ-но а, Европан Кхеташоно а резолюци тIеэцна Нохчийчоьнан хьокъехь. Массо а дуьненаюкъарчу хьукматаша боху Оьрсийчоьнан президенте, цигахь низам меттахIоттаде. Изза боху Путине Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхоша а, оппозиционераша а. Тхуна хаьа, муха меттахIоттадо Оьрсийчоьно низам, иза оха шозза лайна тхайна тIехь. Кадыровна духьал компани, шен куьйгаш дастархьама, Нохчийчохь тIом болорхьама айина Оьрсийчоьно.

–​Билгалдаккха вай, буй Нохчийчохь гейш а, лесбо-зударий а хьийзош, я бац?

– Ца хаьа, ца теллина ас. Цхьаъ-м эр ду ас – гергарчу 100 шера чохь хир яц-кх Къилбаседа Кавказехь гей-парадаш. Кавказхойн истори а, менталитет а сайна йовзаре терра боху ас хьоьга - гергарчу 100 шера чохь и болам [ЛГБТ] боккхур бац легитиме.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Европарламенто арахецначу резолюцино бакъдо, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хилар. Хьашт дуй Нохчийчоь хьехо и санначу инстанцеша?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG