ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехкан дена новкъарло йо кхайкхаза баьхкинчу хьешаша


Идрисова Барият

Стенна йоьжна Дагестанан куьйгалхочун рейтинг?

Дагестанан куьйгалхо Васильев Владимир Оьрсийчоьнан регионийн лидершлахь уггаре ледарчу иттаннах ву – иштта боху президенте Путин Владимире статисташа (РБК-но) кховдинчу рейтинго.

Бинчу талламо гайтарехь, уггаре сиха рейтинг йоьжначу итт губернаторх ялхалгIаниг ву Васильев.

Даржера дIаваккха веза аьлла уггаре дукха наха цунна а, ишта ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна Евкуровна Юнус-Бекна а – нахана цавезачу итт куьйгалхочун могIарахь гойту рейтинго и ши хьаькам.

Мелхо а, массарел а дукха наха, "хийца хьашт дац, мегаш ву" аьллачийн декъахь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Ша аьлча, стенна йоьжна Дагестанан куьйгалхочун рейтинг оццул сиха боху хаттар "Кавказ.Реалиино" делира эксперташка.

ГIезалойчуьра кхайкхаза хьеший

Васильевн рейтинг талхориг хила мега цо шегара даларе ерриг а Дагестано сатийсина хьуьнар далийтина цахилар, керла проблемаш гучуйовлар, аьлла хета политологна, хьалхалерчу куьйгалхочун Абдулатипов Рамазанан хьехамча лаьттинчу Халидов Денгана.

Цунна гарехь, цхьацца кег-мерсаниг доцург, тоделла хIума дац махкахь – ткъа наха чIогIа сатийсира Васильевс хьал тодаре. Бахархошна уггаре цатайнарг ду Iедало шега стохка Оьрсийчоьнан бюджетера Дагестанна даийтина 10 миллард сом гIуллакхашка цадерзор – ахчан цхьа дакъа Москох юхахьажо дийзира.

"Бехкеван стаг карийра – финансашна тIехьожуш волу вице-премьер. Мухха а делахь а, иза мехкан куьйгалхочун бехк бу. Хьал зийча, суна хетарехь, ледарлонаш дуккха а карор ю. Социалан-экономикан таронаш Васильевс совйохур ю моьттура наханна. Ткъа уьш-м ю, Къилбаседа Кавказан регионашца юстича, уггаре ледарнаш. Кхиаман стратеги яц къастийна, меттигерчу говзанчех оьцуш бац тоъал пайда. Ледара кхочушйо федералан программаш, бизнес ю лекъаш. Цу тIе, ГIезалойчуьра совдегарш а баьржина Дагестанехь дукха, ца теша нах, уьш шайн дуьхьа кхаьчна кхуза бохучух", - элира Халидовс.

Делахь а цхьа дика даьлла Васильевгара – пачхьалкханна ял гулъяр лакхадаьлла, боху эксперто. Амма билгалбоху цо махкарчу совдегаршна хуьлу цатемаш. "Кхузахь социологин зераш дIадахьа деза – мел дукха нах дIабахана бизнесера, шайгара йоккхучу йолан барамаш а ца лайна. Шайна цхьа болх нисьархьама нахера юхалург ахчанаш доху дукхахболучара. Цхьаъ ду банкеташ хIитточаьргара, мехкдаьтта духкучаьргара лаккхара ял ехар - иза оха къобалдо, кхин ду, когахIоьттина а валале, стаг йолаца охьатаIор", аьлла го Дагестанера сурт Халидов Денгана.

Къамел дерзош йовзийтира цо кхин ши проблема а: реза бац нах Васильевна цо кхушара дуьйна доларчу клиникашна финансаш ялар сацорна а, ХIинжа-ГIалахь шайн машенашца нах дIасалелочийн бизнес кегаре яккхарна а.

Шира некъаш

Дагестанан куьйгалхочун рейтинг йожар юристо Кадиев Расула дузу экономикехь, меттигерчу говзанчашна некъ баккха лелош йолу политика халкъанна товш яцарца, хьаькамаш "арара чубалош хилар" наха емалдеш хиларца.

Цунна хетарехь, махка керла Iедалхой бахкийтича а лела ца яьлла нийсо. "Белхаш, даржаш доькъу аьлла "Сан Дагестан" цIе йолу къовсаман барам хIоттийра – иза театрехь гойту концерт санна барам бара. Даржаш доькъучу бахкинчу дагестанхойх 11 эзар дIавахара къовсамера эшна, и нах реза бац тахана. Цара шайн резабацар даржадо гергарчу нахехула – иштта 100 эар резавоцург хуьлий хьуна.

Мэраш, кIоштийн куьйгалхой хIиттош дIабаьхьина болх а яра моттаргIа. Хунзах, Избербаш протесташка евлира. Театрехь санна дара ХIинжа-ГIалин мэран гIант "кхоже диллар а", толамхо мила ву хьалххе хууш а долуш. Ца хийцаелла хьалхалера харц система. Экономика хьалха махкарчу тукхумашна тешош хиллехь, хIинца ГIезалойчуьрчу нахаца йийца еза, цаьрга къобалъяйта еза белхан Iалашонаш, проекташ", - дуьйцу Кадиевс.

Цо бахарехь, Васильевн сий ай ца до цхьацца даржаш доькъуш нислучу хIуманаша, масала, ХIинжа-ГIалин мэран даржера лаьцна дIавигинчу Амиров СаьIидан уллерчу гергарчех ву Оьрсийчоьнан президентан гоне Дагестанан векал хьажийна Гасанов Джамаладин.

Хаарш дац

Васильевн некъ тера бу юхьанца, хьалхарчу шарахь, 70%, амма рогIерчу шарахь 13% халкъалахь рейтинг латтийначу Абдулатиповнчух, билгалдаьккхира политолого, ННТ телеканалан редакторо Курбанов Ханжана.

Шена гонах белхахойн тоба гул ца ялаелла Васильевга – Iедале кхаьчна цул хьалхарчу куьйгалхошца болхбина "бесаза" нах, элира Курбановс. Цунна хетарехь, "Васильевна, ша дика милцо бен вацаре терра, ца хаьа экономикан Iалашонаш, некъаш къасто, стратеги кхолла, бахамах долу хаарш дац цуьнан. Дагестанхошна го цо дерриг а Казанерчу нехан аутсоринге [аутосоринг - бизнес, урхалла кхечу компанин карадалар – ред.] доккхуш. Иза иштта дуйла гойту хьесапаш а ду махкахь. Здунов Артем премьер-министр хIотторо вон гойту Васильев. Шена бевзаш боцу болх юьхьарлацарна, деккъа дIа цIарна инвест-проекташ (ангалин тIай, ХIинжа-ГIала гайта бина хIоз-атракцион) юкъаяхарна кхаьрда цунах эксперташ, бахархой. "Цахаарийн рейтинг" лакхайолуш ю, охьаюжучу метта. Республикан проблемаш евзаш а боцу нах аьхна шена гонах Васильевс".

Курбановна гарехь, Васильевн а, цуьнан накъостийн а сий дожадо нохчашца долчу дозанийн темано а - цара дагестанхошна гайтина, лулахошна муьлхха а латта дасадаларх васильевхошна бен-башха доцийла.

Эксперто бахарехь, Васильевн рейтинг охьайоккху цунна гонахарчу информаторийн тобано. Изза дара Абдулатиповца а, боху Курбановс. "Васильев ша дош ала говза вац, ткъа шайн лерса делош волу хьакам дукхавезачу къаьмнех бу дагестанхой. Шайца лараме а волуш, бегаш бан хуушверг тов царна".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG